ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодар-махкахь беракема чудоьжна, пилот велла. Дов айдина оцу хьокъехь


Краснодар-махкахь кхерамзаллин низам талхор толлуш, бехктакхаман гIуллакх айдина Краснодарна гергарчу юьртабахамехь белхаш беш Ми-2 беракема чудожарца доьзна.

Бохам хилла Охан-беттан 17-чохь, Москван 14:00 хенаца мехкан Северный къоштахь. 1960 шарахь вина хилла пилот велла йинчу чевнех.

"Карарчу хенахь беракема а, иза чудоьжна меттиг а толлуш ю, ягочух йисина ларш, техникан документаци ю зен дIалахьош, экспертиза йийр ю", - аьлла Талламан комитетан Москварчу регионашна юкъарчу урхаллин пресс-векалто, боху "Интерфаксо".

Агенталлин хьасташа дийцарехь, и беракема 2013-чу шарахь а хилла чудоьжна: аренан белхаш дIахьош, тIам хьакхабелла хилла электросерех. ХIетахь аьтту агIо боьхна, тодина хилла иза.

  • 2018-чу шарахь Нохчийчохь, боккха мох баьлча, дозанан эскархошца цхьаьна Iинах дахара Ми-8 беракема. Шиъ кхианера чуьра охьаэккха, ворхI чохь висира. Пхиъ велла, шиъ дийна карийра. Амма хиллачу чевнех тIаьхьо дIавелира оцу шиннах цхьаъ а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG