ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Смоленск-махкарчу набахтехь мацалла кхайкхийна дагестанхоша


Дагестанера волчу кхаа тутмакхо кхечу махкарчу ворхIанца цхьаьна кхача а, хи а тIе ца оьцу мацалла кхайкхийна Смоленсканна гергарчу цхьана набахтехь, хаам бо "Кавказский узело". Шайна тIехь набахтин белхахоша диллина таIзар латтадо, чIагIдо цара, йоху бехкечийн цIерш.

Эсреталиев Акима, Расулов Хьаьжамурда, Нурмагомедов Шемала батош дIатегна шайн, хаам бина цара шайн гергарчаьрга. Тутмакхийн цIерачара дIахьедар хьажийна Оьрсийчоьнан президенте, Инарла прокуроре, Федералан набахтийн урхалле, адамийн бакъонаш тергалъечу Оьрсийчоьнан хьалханче, Смоленск-макхарчу бакъоларъярхошка, "Тутмакхийн бакъонаш Iалашъечу" фонде.

ДIахьедар дахьийтинчара цIерш йоху тутмакхашна тIехь гIело латточу набахтерчу белхахойн.

"Цара диллина ШИЗО (тутмакх, таIзар деш, ша къастийна чувуллу камера) хьийсо, етта кхерамаш туьйсу чохьбохкучарна, леррина талхайо юург, - боху дIахьедарехь. – Масала, Охан-беттан 9-чохь Iуьранна кхача дIасалуш [колонин белхахочо], боьха гIаж Iоьттина юург чохь йолчу яйна чу, "шу хьакхарчий ю, аш юуур ю ишта а", бохуш. Охан-беттан 21-чу а, 22-чу а Iуьйранна, 06.30 хенахь, кхерамаш тийсина видеокамараш йоцчу чоьнаш чу а бигина, етта – кест-кеста етта набахтехь. Оьшуш доццушехь, аьчка чъорийн дуьхьалонаш хIиттийна СУС-ерчу (тутмакхаш халчу хьелашкахь кхобу зона) чоьнаш чу, чуьра меттиг гатъеш, оцо биллина цомгуш болчарна, шайлахь иммунитетан дефицит ерш а болуш, шело латточу меттехь кхобучу молханашна тIекхача хало йо, ламаз дан меттиг яц. Цул сов, бусалбанашкара ламазан кузаш дIадаьхна, чохь довха хи дац", - яздина гергарчара шайн дIахьедарехь.

Низамо магошшехь, шайн нах даймахкарчу набахтешка дехьабаха ца боху, яздо тутмакхийн доьзалхоша.

"Кавказский узело" бахарехь, шайх лаьцна аьрзнаш динчу набахтин белхахоша, журналисташа хаттар дича, жоп делла, шайна хууш дац мацалла кхайкхинийла, аьлла.

  • ГIалгIайн протестан лидерша а кхайкхийра Зазадоккху-беттан 16-чохь Саутиева Зарифа шозлагIа а изоляторе хьажорна дуьхьал мацалла. Цул кIира хьалха цIахь лаьцна кхобу кеп хаьржинера цунна. ГIалгIайчуьрчу тайпанийн Кхеташонан а, муфтиятан а дехарца юхаяьккхира цара шаьш лаьцна мацалла.
  • ДIадахначу шеран Лахьан-баттахь Дагестанерчу "Лоьрийн альянсан" цхьаьнакхетараллин декъан куьйгалхо Халитов Салим мацалла кхайкхийна Iийра пхеа дийнахь. Механа еза йолу мультиспиралан томограф чохь латтош йолу Республикерчу травматологин а, ортопедин а центран чоьнаш санитаран хьелашка ялор доьхура цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG