Москварчу гIалин кхело экстремизмалле хиларх лаьцна шега чуделла арз листаллц йолчу ханна Оьрсийчуьра оппозиционеран Навальный Алексейн штабаш дIакъовла сацамбина Москван прокуратуро. Оьрсийчоьнан къилбехьарчу агIонехь и сацам хьакхало Краснодарерчу, ХIинжа-ГIаларчу, Ростоврчу штабех.
Охан-беттан 26-чохь Москван прокурора Попов Дениса арахецначу сацамо бахарехь, "Навальныйн штабаш" олучу юкъараллин боламо яржайо "сайташкахула экстремизмаллин материалаш, экстремизм лелорехьа, дуккха а наха дакъа а лоцуш, къепе йохорехьа кхойкху, Iедалан урхаллаша магош боцу барамаш дIакхехьар". Масал далош хьахийна "Навальныйна - маршо" цIе а йолуш, деношкахь Оьрсийчоьнан гIаланашкахула, къилбера гIаланаш декъахь а йолуш, алссам наха дIабаьхьина барамаш.
"Массо а штабаша а санна, оха сацабо болх, дIакъовлу тхайн штаб – белхахошна баккъал а набахте хьийсорна кхерам бу, болх цара хIинцачул тIаьхьа дIабахбахь", – хаам бира Кавказ.Реалиига Краснодарерчу Навальныйн штабан координатора Панченко Анастасияс.
ХIинжа-ГIаларчу штабан координатора Атаев Эдуарда ша дагахь ву дистаницонан кепехь болх бан, Гезгмашин-баттахь хинболчу парламентан харжамашна тIехьовсу тергамчаш кечбан, элира тхоьга.
- Коррупцица къийсам латторан фонд а (арахьарчу агентийн реестре язйина ю и цхьаьнакхетаралла), оппозиционеран Навальный Алексейн штабаш а экстремизман тобанийн декъа язъяр тIедожийна прокуратуро Охан-беттан 16-чохь. Коррупцина дуьхьаллаьттачу фондо дIахьедина, "ма-дарра аьлча, шена реза мел воцург экстремистийн декъаваккха боху Кремло", аьлла.
- Краснодарехь Охан-беттан 21-чохь магийна йоцчу митинге гулвелира мехкан администрацина хьалха ши бIе сов стаг. Лецарш долийра дукхахберш дIасабевлча.
- Ростовхь гуламхошна дуьхьалбевлира ОМОН-хой. Нах дIасабовлучу юкъанна лецарш долийра.
- Шайца масех журналист а волуш, нах лийцира Навальныйн агIолоцучу дийнахь ХIинжа-ГIалахь.