Дуьненан цхьацца дакъошкарчу 29 пачхьалкхо Оьрсийчоьнна дагадоуьйту цуьнга дуьненаюкъарчу хьукматаша Нохчийчохь Iедалан критикаш а, ЛГБТ-юкъараллера нах а хьийзош хилар таллар дехна хилар.
Хьехориг ду 2018-чу шарахь Европан кхерамзаллин а, цхьаьнаболхбаран а организацин (ОБСЕ) эксперто дина жамI. "Нохчийчохь, кхечу, дуккха а хаалучу адамийн бакъонаш хьешаран билгалонийн могIарахь, гуш ду ЛГБТ-нах дилллина дIабохуш хилар", аьлла жамI дира эксперто. Цо билгалдоккхура республикехь ЛГБТ-юкъараллин векалшна гIелонаш еш, лоьцуш, лечкъош, кхел а йоцуш хIаллакбеш хилар.
"Оха кхойкху Оьрсийчоь дIахьедархочун хьехамаш кхочушбарца сихо яре, къасттина Нохчийчохь ЛГБТ-нах ца хеддаш хьийзош хиларх долу факташ нийсонан буха тIехь талларе, бехкенаш таIзар доцуш битар дерзоре", - боху Охан-беттан 26-чохь Люксембурган Iедалан сайтехь арахецначу документо.
Текстехь билгалдоккху ОБСЕ-но эскпертан хьехамаш арахецначул тIаьхьа даьллачу шина шера чохь, уьш тидаме оьцуш, Оьрсийчоьно цхьана а кепара бина болх бацар. Ткъа оцу юкъанна керла-керла хаамаш баьржа Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш, бахархой, къаьсттина ЛГБТ-нах, Iедална критика ен адамаш лоьцуш, хьийзош хиларх лаьцна.
Люксембург йоцуш, кхайкхамна буха куьйгаш яздинчу пачхьалкхашлахь ю Австри, Австрали, Албани, Бельги, Британи, Германи, Греци, Дани, Исланди, Испани, Итали, Кабо-Верде, Канада, Коста-Рика, Литува, Мальта, Нидерланды, Норвеги, Португали, Словени, Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ, Финлянди, Франци, Чехи, Чили, Швейцари, Швеци, Эстони.
- Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхорах болу хаамаш дуьненаюкъарчу талламе бехкина 2018-чу шеран Лахьан-баттахь, шех ОБСЕ-н Москвара механизм олучу кепехь, и некъ схьабиллира, Оьрсийчоьно талламхойн декъа шен эксперт хьажо йиш йоллушехь, оцу бакъонах пайдаэцар юкъах а дуьтуш. Европерчу 15 пачхьалкхах а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатех а лаьттачу коалицино дIахьедира, шегахь тоьшаллаш ду нах лецар, хьийзор, байъар Нохчийчохь цигара Iедал декъахь а долуш лаьтташ хиларх, аьлла. Коалицино чIагIдарехь, Москвано магадо Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьеша.
- ТIебаьхьина бехк дIатоттуш, Нохчийчуьрчу омбудсмена Нухажиев Нурдис дIахьедира, ОБСЕ-рчу бакъоларъярхойн кIезиг бала бу республикерчу адамийн бакъонийн, аьлла. Цунна хетарехь, ОБСЕ-н къайлах Iалашо ю оцу кепехь Оьрсийчоьнна политикан а, экономикан а тIеIаткъам бан.
- Хьалха хаам баьржира, Европан Кхеташонан адамийн бакъонийн Комиссара Миятович Дуняс Оьрсийчоь декхарейо Нохчийчохь кхел а йоцуш нах хIаллакбарх лаьцна "Новая газето" бина хаамаш "сихонца а, нийсонца а талла", аьлла. "Инзаре" бу журналисташа бен хаамаш, элира Миятовича.