ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан, Къилбаседа ХIирийчоьнан дозанехь машенлелорхо вийна полисхоша


Несара йистехь ницкъхоша вийна Toyota Camry машенца хилла стаг. Цкъачунна йолчу информацица, вийнарг ву федералан лехамашкахь хилла ТIой-Юьртара (Кантышево) вахархо Кодзоев. ЦIе йоккхуш яц. Официало бахарехь, полисхошна тIе герз детта волавелларг иза ву.

Герзан кхийсарш лилхина Охан-беттан 28-чу сарахь ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозанашкахула чекхболучу некъа тIехь.

"Ницкъхой автотранспорт зен гIоьртича, машенлелорхочо герз детта долийна. Дуьхьалоеш иза хIаллаквина", - яздо "Интерфаксо", шен хьостанна тIе а тевжаш.

  • Охан-баттахь Федералан халкъан гвардин эскарийн буьранчас Золотов Виктора дIахьедира, тIаьххьарчу шерашкахь Къидлбаседа Кавказехь лахбелла терроран кхерам, регионехь юьсуш яц кегий гIеранаш бен, аьлла.
  • Зазадоккху-баттахь ФСБ-н директора Бортников Александра бохура, Къилбаседа Кавказехь "хIаллакбина терроризман жигараллин массо а коьрта бенаш а, массо а бандитийн куьйгалхой а".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG