Сталин Иосифна бюст хIоттийна Дагестанские Огни гIалахь. Оцо боккха къовсамаш лелхийтина социалан машанашкахь.
ХIоллам биллина Охан-беттан 29-чохь меттигерчу Оьрсийчоьнан Компартин декъо гIаларчу Сталинан майданарчу автобусан сойийлина гергахь. Бюст юьллуш яьккхина видео а гойтуш, политолога Курбанов Руслана яздина цунах лаьцна: "Иза репрессеш йинчу халкъийн дегнашна хьу яр ду ".
БIеннашкахь комментареш йина бюст хIотторан хьокъехь социалан машанашкахь наха. Цхьаберш леткъа хIоллам билла къастийна меттиг йогIуш яцарна: "Нехаш юхкучу меттигна юххехь, автобус соцучохь бу Сталинан меттиг… Ган дезара цунна иза, могIабинна набахте хьийсор бара цо массо а "сийлахь архитекторш", – яздина цхьамма инстаграмехь.
Кхечарна хетарехь, Сталинна бюст хIотточул, тоьлура гIалин бахархойн вуно дукха долу хьашташ кхочушдар: "Цул хи кхачаде нахана, и хIолламаш хIитточул", – яздина ramazanov1156 ник йолчо.
"Иза, кхеташ ду, цхьана нехан лаам бу иза. Со кхерориг и тайпа нах дукха хилар ду. Каспийскехь Сталинан цIе тилла гIоьртира урамна, ХIинжа-ГIалахь некъан техникум лаьттинчу гIишлонна тIе сурт тоьхна. Рекламин суьрташ тIехь мехкарий гайтича, уьш берзина бацахь а, моллалла доьссинчу наха тIе басарш детта, ткъа генералиссимусан суьрташна цхьамма а ца детта тIе басарш, детта-м догIура", – аьлла йира Сталинна бюст хIоттарх лаьцна комментари Дагестанерчу журналиста Анохина Светланас.
Инарла прокуратурехь лаккхара тергам болу гIуллакхаш луьстучу талламхочун даржехь Iийна Степанов Игорь массийтта шо ду Оьрсийчуьрчу гIаланийн урамийн Сталинца цхьаьна зуламаш динчийн цIерш, шайлахь къаьмнийн депортацеш а йолуш, хийцийта гIерта. Амма цхьаццайолу Къилбаседа Кавказера республикаш сиха яц и цIерш хийца, шайн луларчу кхечу мехкашкарчу къаьмнаша хIора шарахь Сталинан депортацино шайна дина зулам тезетан бармашкахь далхадешшехь.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана социалан машанашкахь дуккхаза а неIалташ хьежийна Сталин Иосифна нохчийн къоманна депортаци ярна.