Лаьцна латтош волу "Черновикан" журналист Гаджиев Iабдулмумин маьршаваккхар тIедожош цхьааллин пикеташ дIаяьхьна цуьнан коллегаша Магомедов Мохьмада а, Камалов Магдис а ХIинжа-гIалахь. Газетан редакцина хетарехь, бух боцуш ду цунна дохку бехкаш, ткъа гIуллакхан материлаш - фальсификаци ю.
Газета диллинчу Камалов Магдис шан пикетехь кхайкхам бина ницкъахошка, тоьшаллаш доцуш нах лецар сацаде аьлла, яздо "Кавказский узел" агенталло.
Кхин а цхьа пикет хIоттийра ХIинжа-ГIалахь Цунтинскан кIоштарчу Шаурин юьртан кхеташонан депутато Абдулкеримов Магомедрамазана. Цо кхайкхам бина Дагестанан куьйгалхочуьнга ярташкарчу школийн тишачу хьолан тергойе аьлла.
Дечкен-беттан 21-чохь дуьйна хатта долийна Гаджиев Iабдулмуминан дов Ростов гIаларчу тIеман кхелехь. Цуьнца цхьана луьстуш ду, терроризмна ахчанаш латтийна аьлла, бехкевинчу Тамбиев Кемалан а, Ризванов Абубакаран а дов. Бакъоларъяран "Мемориал" центро политикан тутмакх лору Гаджиев.
2019-чу шеран аьхка лецира Гаджиев цо терроризманна ахча латтийна аьлла.