ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу хьаькамах шеконаш ю, цо ахча дайина аьлла


Кавказан къаьмнийн культуран а, спортан а Фестиваль дIаяхьа делла ахча, цо шена дитина аьлла, шеконаш кхоллаелла талламчийн ГIалгIайчуьрчу спортан министраллан белхахочух. "Кавказский узел" агенталло яздарца, 2015-чу шарахь Дагестанехь дIаяхьа леринчу фестивальна хьажийна хилла 930 эзар сов сом ду дуьйцург. Ахча дайина хилар гучудаьалла ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн экономикан кхерамзаллан коррупцица къийсам латточу урхаллан а, къайлахчу сервисийн белхахошна а.

Спортан министраллан белхахочо фестивална леринчу финансех кехаташ хIиттийна хилла, 1,5 миллион сом ахча ша дайрах харц хаамаш тIе а язбина. Ишта яздо мехкан чохьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь.

932 эзар сом 45 шо долчу хьаькамо шен кисана диллина аьлла, хета полисхошна. Болийна таллам бу оцу бехктакхаман гIуллакхна тIехула, хаам бина "Новости" агенталло.

Спортан урхаллан белхахо лацарх а, цуьнан хьокъехь бинчу сацамах а полисхойн информацехь хоуьйтуш дац.

Бехк тIечIагIбахь, цунна кхачадо набахтехь даккха 6 шаре гергга хан.

Москварчу кхело шогачу рожан колонехь даккха 12 шо хан кхайкхийна Халкъан гуламан депутат хиллачу Абдулатипов Раджабна. Иза бехкевина баккхийчу барамашкахь кхаьънаш эцарна а, хьарамлонаш лелорна а.

Цул совнах, Абдулатипов декхаре ву бархI миллион сом гIуда такха а. Иштта, кхелахоша дихкина цунна пхеа шарана финансийн-бахамца доьзна пачхьалкхан белхашкахь даржаш дIалеца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG