Оьрсийчохь электронан бараме доккхур ду, бахархоша шаьш бехачу меттигехь регистраци яр, олуш ма хиллара, "пропиcка" яр. Оцу процедурица документашка хьажа оьшуш йолу хан яцйийр ю. Бахархойн аьтто хир бу учёт еш ша вехачу гIалара я кIоштара муьлхха а орган харжа.
И хийцамаш ницкъ болуш хир бу тIедогIучу шарахь Мангал-баттахь дуьйна, хаам бо Радио Свободано, Iедалан зорбан сервисна тIе а тевжаш.
Премьер-министро Мишустин Михаила тIе куьг таIийначу сацамца а догIуш, регистраци ян кехаташ дахьийта мегар ду пачхьалкхан гIоленехула йолчу сайтехула я почтехула. Кхиазхой учёте эцна хиларан тоьшалла аьтто хир бу схьаэца почтехула я электронан документан кепехь. Баккхийчарна мухIар таIор ду хьалха санна паспорта тIехь.
Цуьнца цхьаьна, Iедалан планашца а догIуш, кехатан паспорташ далар сацо мега Оьрсийчохь 2022-чу шарахь, церан метта электронан картанаш юкъа а даьхна. Иза дахь регистрацех лаьцна хаам а хир бу латтош электронан кепехь.
Бакъонашларъярхоша дуккхазза а кхайкхамаш бинера Оьрсийчохь, регистрацин институт хийца я дIаяккха бохуш, делахь а иза данза дисинера.