Нохчийчоьнан кукьйгалхо Кадыров Рамзан тешна ву республикехь дуккха а белхан меттигаш йолуш ю бохучух. Амма нахана болх бан ца лаьа, аьлла цо. Ткъа белхазаллин рейтингехь Оьрсийчуьрчу субъекташлахь шолгIаниг ю Нохчийчоь.
"Болх бац" олуш хазахета вайн адамашна. Амма ца лаьа царна болх бан. 20-40 эзар алапа лучу балха баха а реза ца хуьлу дукха хьолехь. Болх бан луучунна болуш бу иза. Дуьйцурш малончаш бу", - дIахьедина Кадыровс хьаькамийн, ницкъхойн, динан дайн кхеташо йоьдуш.
Цо бахарехь, "нах биллина дIакхойкху белхашка, царна даккхий алапаш а хIиттош", амма уьш реза ца хуьлу.
"Сан йокхахйолу йиша ю юьртабахам лелош, шен фирма ю цуьнан. Цкъа иза хIоьттина шен шина белхахочунна (нанна а, йоIанна а) гIодан, хала бохкуш хилла уьш, хIусам йоцуш, кхидерг а доцуш. Ткъа шайна хIусам елча, болх дIа а тесна, цIахь Iаш бу", - аьлла ду пачхьалкхан хаамийн гIирсаша довзуьйту Кадыровн дешнаш.
Кадыровс чIагIдарехь, тахана Нохчийчохь "долуш ду хьаннал ваха хьелаш".
- В 2020-чу шарахь Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар йоккха белхазалла йолу мохк бара ГIалгIайчоь – 29,8%, шолгIачу меттехь яра Нохчийчоь - 18,5%.
- Банкашкахь наха ахча латторца Оьрсийчохь массарел тIаьхьара субъект ю Нохчийчоь. Юккъерчу барамехь цхьана вахархочо гулдина ахча ду 11,8 эзар сом.
- Кегийчу а, юккъерчу барамехь йолчу а ярташкахь оьцучу алапийн барам массанхьачул лахара болу регионаш ю Зазадоккху-баттахь хIоттийначу рейтингехь Нохчийчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а.
- Жимчу а, юккъерчу хьесапан а бизнесе нах ийзорах лаьцна хIоттийначу рейтингехь массо а регионел тIаьхьа ю Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а.
- Нохчийчохь а, Забайкальски махкахь а беха массарел къен пенсионераш, 2019-чу шеран терахьаша гайтарехь.