Дог цIена къона блогер Абубакар
Чӏулга-Юьртара Мадуев Абубакар дика вевза блогер ву Нохчийчохь а, махкал арахьа а. Могашалла дика яц аьлла кIелтаьIна ца Iаш, ша санна цамгарца болчу нахана, къаьсттина берашна гIо дан гIерта иза. Абубакаран философи адамаллин а, къинхетаме а хиларна адамаша вуно боккхачу ларамца а, сий дарца а тIеоьцу цо дуьйцург а, деш дерг а. Маршо Радион корреспондент хилира къона блогеран хьошалгIахь.