Алуна тIехь жижиг даттаран рогIера фестивал хилла Соьлж-ГIалахь
"Шашлык-Машлык" олу туризман а, жигара садаIаран а йоьалгIа фестивал дIаяьхьна Соьлжа-ГIалахь шотдийнахь. Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийчура а, Къилбаседа Кавказерчу республикашкара а, кхийолчу регионашкара а алуна тIехь жижиг датта говзалла йолу кхачанчаш. Къоман кхача а баош, нохчийн эшарш, хелхарш довзийтина махка баьхкинчу туристашна. Фестивале баьхкинчеран къаьсттина тидам тIе баханарш дара говзанчаша куьйга дина истангаш а, пхьегIаш а.