ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Экстремистийн организацешца" боьзначарна дихкина Путина харжамашкахь дакъалаца


Оьрсийчохь экстремистийн я террорхойн леринчу организацешца боьзначарна харжамашкахь дакъалаца доьхкучу низамна куьйгъяздина президенто Путин Влдаимира. Бакъонан информацина порталан сайтехь зорбане даьккхина документ.

Билгалъяьхначу организацийн куьйгалхойн пхеа шарахь бакъо хир яц массо а тIегIанашкарчу харжамашкахь дакъалаца, ткъа церан белхахойн - организаци дIасайоккхуш, я цунна болх бан доьхкуш кхело сацам арахецначул тIаьхьа кхо шо даллалц.

Цул совнах, могуьйтур дац харжамашкахь дакъалаца экстремистийн леринчу организацешна ахчанашца а, консультативан а гIо латтийначарна а. Иштта, доноршна а дихкина кхаа шарна харжамашка кхача.

Экстремистийн организацешца боьзна лору интернетехь цаьргахьа хилларш а.

Байначув беттан 4-чохь - нийса бутт хьалха Пачхьалкхан Думе кховдийнера низаман проект, ткъа цул а диъ де хьалха Росфинмониторинго экстремистех а, террористех а дIатуьйхира оппозицин политикан Навальный Алексейн штабаш.
И сацам тIеийцира, кхелахоша шен сацам бовзийтале хьалха.

Москварчу прокуратурано Навальныйн штабийн болх сацийра кхело вердикт яле, цул тIаьхьа дIакъевлира штабаш.
Политикца йоьзна организацеш, коррупцица къийсам латтош хилла Фонд (ФБК) а, бахархойн бакъонаш Iалашъен Фонд а, ишта политикан штабаш а экстремистийн лоруш прокуратурано чуелла иск ю кхелехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG