ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меликов я Кадыров: хьаьнгахьа хир ю Кремль дозанаш къасточу хенахь?


Дагестанна, Нохчийчоьнна юкъара доза къастош тIеэца беза сацамаш шина а агIонна товш хир бу ала вуно хала ду – яц пачхьалкхехь ишта барамаш дIакхехьа кхоьллина политикан кепаш.

Дагестанан Iедалхоша хаийтина шайн республикан а, Нохчийчоьнан а юкъара доза цхьаццайолчу меттигашкахь билгало йоцуш дисина хиларх лаьцна. Мангал-беттан 2-чохь Дагестанан лаьттанийн а, бахаман а юкъаметтигийн министран гIовса Джанаев Хьабиба шен пресс-конференцехь дIахьедира, Дагестанан тIех яккхий претензеш яц Ставропол-махкаца а, ГIалмакхойчоьнца а долчу дозанашка, аьлла. Амма баккхий цакхетамаш бу, бохура цо, Нохчийчоьнца лаьттачу дозанашца.

Оццу дийнахь цуьнан куьйгалхочо, министра Эминов Заура а элира, Дагестано а, Нохчийчоьно а, юридикан кепаш а ларъяеш, даредан деза шайна юкъара дозанаш ханна хьесапаш дина лаьтташ бен дацар. Дагестанан хьаькамаша чIагIдарехь, шина а республикан векалш кийча бу къовсаме йолу агIонаш а, хьалхо Оьрсийчоьнан Федерацин пачхьалкхан латтанийн реестре йиллина информаци а листа.

Дозанаш а, къийсамаш а

Оьрсичоьнан Федерацин чоьхьара, административан, дозанаш чIагIдан долийра 20I9-чу шеран Дечкен-баттахь. 202I-чу шарале регионийн, гIаланийн, яртийн дозанаш къастаделла довла дезаш дара. Оцу балхо аттачу доккхур ду гIишлош, латтанаш кадастран къастамашка дерзор, бахамаллин бакъонаш документашка яхкар, меттигаш, къовсамех мукъаевлча, инвесторийн тергамна кIел гIур ю, субъекташа ял ялар шерачу новкъа дер ду, лелош доцу латтанаш пайда бала дуьйлалур ду аьлла хетара.

Оцу юкъанна Къилбаседа Кавказехь дозанашца доьзна иккхира масех конфликт. Уггар кхерамениг яра Нохчийчоьнанний, ГIалгIайчоьнанний дозанаш къасторца доьзна иккхинарг. Къовсам лаьтта Дагестананний, Нохчийчоьнанний дозанехь а. 20I9-чу шеран Зазадоккху-баттахь Нохчийчоьнан кадастре ехира хьалха Дагестанан долаевлла ларало исс меттиг – Дагестанерчу ГIизларан кIоштарчу Новомонастировское юьрта уллера 80 гектар латта. 20I9-чу шеран Охан-беттан 2-чохь Дагестанан парламенто протестан кехат хьажийра Нохчийчоьнан парламенте а, Оьрсийчоьнан федералан решистрацийн урхалле а, президентан Къилбаседа Кавказерчу векале а, "цхьана агIоно шеггара" доза къастош тIеэцна сацам юхабаккхар доьхуш.

20I9-чу шеран Охан-беттан I6-чохь (ГIалгIайчохь оцу хенахь дозанаш бахьанехь къисамаш бара лаьтташ бахархошний, ницкъхошний юкъахь) нохчийнний, дагестанхойнний праламентийн спикерша Даудов Мохьмада а, Шихсаидов Хизрис а (даржах мукъаваьлла карарчу шеран Мангал-баттахь) официалехь дIахьедира дозанах йолу информаци пачхаьлкхан реестре яккхар шаьш сацадо, аьлла.

Дукха а болчу Дагестанерчу иергамчашна хетарехь, Нохчийчоьнца дозанаш къасторах долу гIуллакх юьстахдиллира хIетахьлерчу мехкан куьйгалхочо Васильев Владимира, тIевеана стаг ша хиларе терра, иза кхоьрура дагестанхошна хьалха шен авторитет йожарна. Ткъа хIинца ханна махках жоп лучу Меликов Сергейн аьтто бу дозанах долу къамелаш, экама а хуьлуш, долон. Бакъду, оцу тIехь регионан бахархойн резабоцуш меттиг ягIахь, хаъал южур ю цуьнан цIе.

Дозанашца дерг къасточохь тоьлур ю Москвано озабезамбина агIо

Нохчийчуьрчу эксперташна хетарехь, дозанашца дерг къасточохь тоьлур ю Москвано озабезамбина агIо. Кавказан къаьмнийн Ассамблеян куьйгалхочо Кутаев Руслана а, политолога Магомадов Iелас а бахарехь, агIонаш ешаш а йолуш, дIадахьалур дац дийцарш – Москвано, цхьаъ делахь, берта къамелаш дан ир-карахIиттайо агIонаш, ткъа, шиъ делахь, ша юьстахсеца, административан дозанаш билгалдахар шена тIехь доллушехь.

Меликов а, Кадыров а, Кремль а

Кремло Дагестанера куьйгалхо хийцира 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь. ДIавахана Васильев шатайпа вара дуьххьара арахьара тIеваийтина хьаькам хиларца, Дагестанехь хьовха, ерриг а Къилбаседа Кавказехь. Кхаа шарахь латтийра шо шегахь дарж, дитира иза махко коронавирусан пандеми вуно хала лар бахьана долуш.

Васильев Владимир
Васильев Владимир

Васильев цалараваро гайтира, Москвано шен хьежамашца а дустуш, Къилбаседа Кавказан республикашка хьийсочу "кхайкхазчу хьешашка" болх цхьана хьелашкахь бен балуш боцийла – халонаш кIезиг дуьхьал а хIуттуш, федералан бюджетера ахча шайн кара алссам кхочуш хилча. Бакъйолу халонаш тIе ма-хIитти, архаш карара йовлу "кхайкхазчу хьешийн". Кхеташ ду, пандеми шатайпа мур бу, амма, масала, дозанашца йолу проблемаш листа а дац атта, цара а бо тIеIаткъам тIевеъначу хьаькаман кхолламна.

Меликов Сергей, шел хьалха лаьттинчу куьйгалхочунца дуьстича, гIеххьачул зIе йолуш ву Дагестанца – да ву цуьнан лезги. Амма иза керста дин лелош ву, оцо куьйгалхо дIасакъаставо дукхахболчу лезгех а, кхечу дагестанхойх а - бусалба бу уьш.

Мел кийча ву Меликов, нийса накъост а хилла, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца къамел дан, хала ду ала. Бакъду, бу Москвахь а Кадыровна новкъарлонаш ян лаам болу куьйгалхой а. Иза хила тарло 20I8–20I9 шерашкахь ГIалгIайчохь лаьттина протесташ цхьана ханна Iедалан ницкъийн агIор сов йоккха дуьхьало йоцуш дIаяхьна хиларан бахьана. Вукху агIор аьлча, Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира тIекарло латтош волчу Кадыровн ницкъ а бу цкъачунна онда.

ХIиттийна болчу (цхьана а тIегIанахь нийсонца харжамаш дIахьош бацаре терра) Дагестанан а, Нохчийчоьнан а лидерша шина республикан дозанах долу дийцарш, нахана а гойтуш, парггIат дIахьор ду бохучух а ду теша хала. Массо а хуманал хьалха гуш дерг ду ший а республика Кремло дозанаш къасторе а, чIагIдаре а хьоьжуш Iаш хилар. Амма Москварчу Iедало, цхьа хIума оцу дийцаршкахь галдаьлла нислахь, хуьлуш ма-хиллара, жоьпалла тIедожор ду шайна регионашна.

Кремлна хьалха хIоьттина хаттар аттачех дац. Даима а санна, Iедал Кадыровгахьа далахь, южур ю Меликовн цIе, хала хир ду Дагестаах урхалла дан, ткъа Меликовгахьа далахь, кхерам бу Кадыров дарвала. Мухха а делахь а, Москва дозанех долу гIуллакх кханене дилла гIерта, я беш белахь хийцамаш, тийна-таьIIина байта гIерта. Амма йоккха йоцчу шина республикехь дозанаш тийна-таьIIина хийца аьтто бер бу бохург бакъ дац – тахана вуно сиха а, ма-дарра а даьржа керланаш.

Конфликт йоцуш дозанашца дерг дижийна кхаба йиш ю уьш къастор ма-хуьллу гена тIехьататтар. Дагестананний, Нохчийчоьнанний административан дозанаш къастонза дуьсуш хиларо гойту мел ледара ю Оьрсийчуьра политикан институташ, мел яккхий новкъарлонаш йо цара регионийн экономика кхиорехь. Билггал гуш ду, Iедал шен лаамехь административан дозанаш билгалдаха гIортахь, социалан а, политикан а кегари оьккхур буйла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG