ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шелтерера ша дIайигийта дуьхьал хилла Тарамова. ВИДЕО


Тарамова Хьалимат
Тарамова Хьалимат

Бакъоларъярхойн Дагестанерчу гIелонах бевдда зударий дIалечкъинчу хIусамера лачкъийна йигина Тарамова, ша сецочу полицин белхахошна дуьхьалтийсаелла. Шелтеран координаторо шен аккаунтехь Iораяьккхинчу ницкъхоша тIелатар деш дIаязйинчу видео тIехь гуш ду и.

Арахьа лаьттачаьрца шайна бевзачу нахаца санна къамелаш а деш, петар чохь болчу зударша неI схьайоьллуш гуш ду видео тIехь. Масех секунд яьлча бевзаш боцучу наха цхьахйолчу йоIах катуху, тийсало уьш вовшех, видео тIехь хезаш ду хьоькху маьхьарий а. Зударий боцурш а, кадрехь нисло кхо стаг, царех цхьаъ полисхо ву, шолгIаниг - Тарамован да, видеон чакхенехь камера дIайойу цо.

Хаамийн гIирсашкахь яздарехь, ХIинжа-ГIалахь карарчу беттан 10-чохь тIелатар дина шелтерна. Дуьйцура, оцу тIелатарехь нохчийн а, дагестанхойн а ницкъхой хилла бохуш. Чохь хилла бакъоларъярхой-зударий ницкъхоша нуцкъала дIабигинера полицин декъе.

Хьалхо Тарамова Хьалимата видео яржийра ша лехамашка цаялар доьхуш. Ша шен лаамехь араяьлла цIера, шена еттарх, гIелоярх кIелхьарйолуш, бохура цо. Едда лелларг цIакхаьчча юьйр ю, "доьзалан сийн дайъина" аьлла, орца дохура бакъоларъярхочо, журналиста Анохина Светланас – Кавказерчу зударшна леринчу "Даптар" порталан коьртачу редактора.

Дагестанерчу кризисан центрехь карийна Нохчийчу дIайигинчу Тарамова Хьалимата пачхьалкхан "Грозный" телехьожийлана еллачу интервьюхь бакъ ца дина, ша ЛГБТ-машанца йоьзна ю бохург. Иштта цо дIахьедина, доьзалехь шен бакъонаш хьоьшуш цахиларх лаьцна а.

Мехкан куьйгаллина хетарг довзийтина "Грозный" телеканалехула республикан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министра Дудаев Ахьмада. Хиллачунна цо бехкебина зудчунна Кавказера яда аьтто бан гIиртина бакъоларъярхой.

ХIинжа-ГIаларчу шелтерехь динчу тIелатаран хьокъехь Талламан комитете арз дина бакъоларъярхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG