Russia Today телеканалан коьртачу редакторо Симоньян Маргаритас шен Телеграм-каналехь дийцина, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шега телефон а тоьхна, Тарамова Хьалиматца шен зIе ярх.
"ХIинцца Кадыров Рамзана телефон туьйхира соьга. Иза а, цуьнан кхелхина да а суна вевза дуккха а шераш ду. Ас Хьалиматах лаьцна хIоттйина пост йийшира ша, цуьнга йистхила лаьий хьуна а хаьттина, зIе хилийтира сан", - аьллачу Симоньян дешнаш далийна "Чечня Сегодня" агенталло.
Цо дийцарехь, йоIаца дерриг а дика ду. "ПаргIат, бIобулуш дара цуьнан аз а. Юкъа-кара ела а лора. ХIаъ, со цунна уллeхь хилла яц, суна иза гина а яц, хIунда аьлча, иза Нохчийчохь ю, со Москвахь ю", - аьлла, дерзийна журналиста шен къамел.
Карладоккху, Симоньян Маргаритас шен телеграм-каналехь пост хIоттийнера, Тарамова Хьалиматан бакъонаш Нохчийчохь ларъеш хиларх шеконаш ю шен, цо тIедожийра, бозуш боцучу бакъоларъярхошна иза гайта аьлла.
Хаамийн гIирсашкахь яздарехь, ХIинжа-ГIалахь карарчу беттан 10-чохь тIелатар дина шелтерна. Дуьйцура, оцу тIелатарехь нохчийн а, дагестанхойн а ницкъхой хилла бохуш. Чохь хилла бакъоларъярхой-зударий ницкъхоша нуцкъала дIабигинера полицин декъе.
Хьалхо Тарамова Хьалимата видео яржийра ша лехамашка цаялар доьхуш. Ша шен лаамехь араяьлла цIера, шена еттарх, гIелоярх кIелхьарйолуш, бохура цо. Едда лелларг цIакхаьчча юьйр ю, "доьзалан сийн дайъина" аьлла, орца дохура бакъоларъярхочо, журналиста Анохина Светланас – Кавказерчу зударшна леринчу "Даптар" порталан коьртачу редактора.
Дагестанерчу кризисан центрехь карийна Нохчийчу дIайигинчу Тарамова Хьалимата пачхьалкхан "Грозный" телехьожийлана еллачу интервьюхь бакъ ца дина, ша ЛГБТ-машанца йоьзна ю бохург. Иштта цо дIахьедина, доьзалехь шен бакъонаш хьоьшуш цахиларх лаьцна а.
Мехкан куьйгаллина хетарг довзийтина "Грозный" телеканалехула республикан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министра Дудаев Ахьмада. Хиллачунна цо бехкебина зудчунна Кавказера яда аьтто бан гIиртина бакъоларъярхой.
ХIинжа-ГIаларчу шелтерехь динчу тIелатаран хьокъехь Талламан комитете арз дина бакъоларъярхоша.