ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна критика йийраш бойъур бу, боху "Грозный" телеканалан директора


Ахмадов Чингис
Ахмадов Чингис

Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан директора Ахмадов Чингиса къамел дина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн а , мостагIий а хьокъехь.

Инстаграмехула яьржинчу видео чохь Ахмадовс боху, ша - "Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIентаца Кадыров Рамзанца ву", "нагахь санна цхьаъ вен эшахь, вен вогIуш иза велахь, вуьйр ву. Етта езахь, еттар а ю цунна, дош ала эшахь, дош а эр ду цуьнга".

"Кадыров Рамзанан мостагI нохчийн къоман мостагI ву", иштта шен мостагI а ву, боху телекомпанин директора.

  • Шен керланийн цхьа сюжетерчу жимчу кийсаках пайда эцарна, Кадыров Рамзанан зударех лаьцна дийцинчу Оьрсийчуьрчу "Проект" портале арбитражан кхелехула жоп дийхира "Грозный" телеканало, амма кхело тIе ца ийцира и арз, яздора прессехь.
  • "Грозный" телекомпанино Охан-баттахь Ютьюбан куьйгалле арз хьажийра оццу "Проектна" дуьхьал. Къовсамах къаста баллац йолчу ханна къевлина ду цуьнан ютьюб-канал. Телеканалан директора декхаре йо "Проект" шен сюжет массо а меттера дIаяккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG