Дагестанехь зударий къайлабохучу хIусамера меттигерчу полисхойн гIоьнца гергарчара дIайигина 22 шо долу Тарамова Хьалимат бахьана долуш иккхина скандал хIинца а ерзанза ю Нохчийчохь. Ша дIайига баьхкинчарна Тарамовас дуьхьало еш видео Iораяьккхина бакъоларъярхоша. Делахь а, Соьлжа-ГIалахь хIинца а къар ца ло, йоI шен лаамехь цIа йигина, бохуш.
Нохчийчуьра едда йоI юха доьзале дIайига гIерташ меттигаш хьалха а нисбелла. Бакъду, бакъоларъярхочо, журналиста Анохина Светланас – Кавказерчу зударшна леринчу "Даптар" порталан коьртачу редактора бахарехь, Тарамоваца Iоттаделларг дуккха а хIуманашца уникале ду.
Доьзалехь ницкъбечу зударшкахьа йолчу "Марем" боламо, иза вовшахтоьхнарг Анохина ю, латтош хиллера и полисхоша тIелатарт дина петар.
Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Анохинас ма-дарра дийцира, йоI лачкъийна йигарх а, Кавказера зударий стенах уьду а, цхьайолчу меттигашкахь волонтераш царна гIо дан дуьхьал стенна хуьлу а.
- Кхечу гIуллакхашца дуьстича, стенца къаьсташ ду Тарамова лачкъор?
- Петар чу лелхар хиларх, со тешна яра. Полисхоша гIо дийриг хиларх а цхьана. 18 шаре даьллачу адамах жоп лург ша ву бохуш, дIахьеден божарий а гина ю со. Амма, вайн ницкъхоша, оцу йоIера масийттазза, шайна а гуш, "ма йигахьара" ша да-нана долчу юха аьлча... "Ма йигахьара" бохучу оцу дешнаша вон до суна. Доккха хилла адам схьа а эцна, юха муха дуьгур ду? ХIун, церан долахь яра иза? Ца моьттура суна ишта и доьрзур ду, пусар ца деш, хIусам чу уьш лелхар бу, оцу стага дуьххьал дIа шена кхерам бу аьллашехь.
Коьртана чу ца дулуш, цхьа тамашийна хIума дара и: вайн полисхоша маса некъ а баьккхина, оцу некъатIехула луларчу республикера веанчу дас йоI дIаюьгуш. Оцу петар чохь яра оха Iалашъеш хилла нана а, йоI а, царна адвокат а лехнера оха. Йиттина, тIе куьйгаш дахьа гIерташ хIуманаш лелийначул тIаьхьа кхаьчнера иза тхо долочу. Оцу хIумсамчу гIерта нах гича, кхеташ хир ду-кх шу, мича хьолехь хилла хир ю и йоI а, цуьнан нана а.
Оцу йоьIан ден а ма ю Нохчийчохь уьйраш. МостагIчун васт хIоттон гIертар дац иза, уьйраш ю уьш, массо а хIумана хьо сема хила везаш. Тхуна массарна а хетара, тхо дерш дойъур ду аьлла.
- Нохчийчохь чIагIдо хIинца, шаьш ца лачкъийна, шу дара йоI лачкъийнарш бохуш.
- Муха? Цига веанчу оперца йоIа ша ма дира къамел, цуьнца селфи йира, ша ма леха, ша паргIат йита аьлла, кхозлагIа дIахьедар ма дира цо. ЙоI лачкъийнера аьлла, гIуллакх доло хьовзахь, дикка къахьега дезар ду церан. Бакъоларъяран органашца цхьана гIуллакх айдан гIортахь а, тамаш бу церан аьтто хилахь, хIунда аьлча, йоI ша когаш а бохуш, еана ю оцу петаре.
- Иза дехьаяккха хIунда ца кхиира шу?
- Цуьнан кехаташ дацара. Дикка кхеташ хила дезара тхо, оцу хоьттинчу хьолехь кхин дIа дан дезачух. Цуьнан ситуаци аттачех йоцийла хиъначул тIаьхьа, оха барт бира, адвокаташ а лецна, цуьнан гIуллакх дIадахьа дезаш хиларх. Хан оьшура тхуна.
Оцу кепара гIуллакхаш лелош болу адвокаташ а бацара тхан тIеозон. Дика накъостий бу уьш, мах а ца оьцуш, Церетилова Нина санначу, бераш дIадаьхначу зударшца болх беш бу уьш. Амма цIера еддачу йоьIан гIуллакх тIелоцур долу адвокаташ бацара тхан. Ша цхьа лерина специализаци ю и.
- Дуккхаъчу наха емал дора шу...
- Со кхеташ яц, ас хIун дича наха бехкаш ца дохкуш юьтур яра со. "ХIун, килс йохийнарг а со ву?" бохучу тайпана ю хIара истори. ХIаъ, кхин тIе со ду и, цхьаммо диъна, цул тIаьхьа коронавирус яржийна бирдолаг.
- Доцца аьлча, керла хIуммаъ а дац-кх?
- Суна дагахь доцург дара, хIокху пачхьалкхехь ша тайпа бакъонаш йолу нохчийн ницкъхой юкъабалор. Цхьа сакхо йолуш тIеоьцу оха церан кхерамаш, хIунда аьлча, Дагестанера нах байна Нохчийчохь. Вушта аьлча, керла хIуммаъ а дац.
- Хьалиматана гIо дан кхин цхьа а аьтто буй хьан?
"И гIуллках гIара ца даьккхинехь, со хууш яц хIара муха нислур дара
- Со журналист хиларе терра, сайна кхераме хета, сайн сагатден факташ Iорайохийла ду сан. Кхузахь цунах гIо хилла аьлла хета суна. Петаре йоьдучу хенахь а дуьйна, ас видео дIаязйинера. Цхьаъ хир долуш санна хетара суна, эрна, хенал а хьалха хIуманна сагатдар дезаш йоцушшехь. Оцу хиллачех оха нахаладаккхар бахьана долуш, тхуна цунах доккха гIо хилира аьлла, тешна ю со. И гIуллках гIара ца даьккхинехь, со хууш яц хIара муха нислур дара. Оцу хIусаме со йоьдучу хенахь, ас масаьрга а телефонаш йиттира. ОНК а, халахеташ делахь а, процессехь нисъеллачу, тхайн дог майрачу адвокате Магомедова Сапияте а. Шен гIуллакх и доцушшехь схьакхаьчначу адвокате Нурадинова ПатIимате а. Халкъан гуламан депутате Гусаев Тимуре а, "Альтернатива" (нах лоллера боху болам)боламера Исмаилов Закире а, журналисташ боцчаьрга масаьрга а.
- Массо а орцах бевлирий?
- Гусаевна со хезира, суна хетарехь, амма цхьа а хIума ца дира цо. ПатIимат оцу сохьта схьакхечира. Сан коллегаш-журналисташ а баьхкира. Амма, оцу гIо оьшучу меттигехь со а, ПатIимат а, и зудабераш а доцург, цхьа а вацара петарехь. ТIаьхьо тIебаьхкира вуьйш, тхо полицин декъера дарбан цIийне, тоьшаллаш дан дигича.
Цигахь доттагIийн тоба гича, ца елха хала сатуьйхиар ас. ХIун дийр дара цара? ХIун дара церан карахь? Тхо ган а, тхоьга куьйгаш лестон а бен. Амма суна гIора делира цара. Тхуна хи а кховдийра цара. Ца йиъча а, ца мелча а мегар дара тхо-м. Амма тхоьца бер дара. Декъачу гIенташ тIехь хиъна Iен дийзира цуьнан сахиллалц. Цул тIаьхьа, зудабераша тIетаса цхьа юргIанаш дийхира цаьрга.
- Оцу петар чохь хиллачех кхин дIа хIун хир ду?
- Шен йоIаца талламан барамаш берзор бу Ираидас, цул тIаьхьа Москва дIагIур ю и шиъ. Кхин дIа йолчу заманчохь а цунна и петар латтон тхайн аьтто хир бу аьлла, тешна ду тхо. Муьлххачу хенахь а иза кхуза еача, оха цуьнан а, цуьнан йоьIан а дола дийр ду. ХIинца кхин варианташ лоьхур ю оха. Машанехь иза гIо доцуш йисина аьлла, хаам бича, маса гIо дира цунна. 80 эзар сом гергга ахча даьккхира цуьнан карти тIе. Оцу ахчанах цунна доккха гIо хир ду. Кхин цхьа а вацара петар чохь.
- Шайн цIера веддарг гергарчара юхавига гIерташ, дукха меттигаш нислой?
- Ираидан йоI оха дIаюьгучу заманчохь, цуьнан майрчо яздора соьга. Дагадоуьйту, еттарна а, хьийзо гIертарна а бехкзуламан гIуллакх дуьхьал долийна стаг ву иза. Цо дIахьедира, со шен доьзална юкъагIоьртина, ас шен доьзал хIаллакбина, ас ламасташ дохийна аьлла. "Тхан доьзалан юкъара" гIуллакх ду олий, претензеш хуьлу дукха хьолахь. Амма ца хуьлу "доьзалан юкъара гIуллакх", нагахь санна ницкъбарца доьзна и делахь. Суна ишта хета. ГIо доьхуш, ша Iалашвар доьхуш, соьга цхьа дехар деш хилахь, ас сайх доьзнарг дерриг а до.
Цхьана стеган дахар а, могушалла а Iалашдаран гIуллакх ду иза. Хьенан зуда ю ю, хьенан хIусамда ву, хьенан йоI, кIант ву бохург - шозлагIа гIуллакх ду. Кхиазхойн гIуллакхаш луьсту оха, Дагестанерчу берийн омбудсменаца Ежова Мариница дага а довлуш. Оха куьйгаш ца кегдо оцу шантаж лелочийн. Динца доьзна хеттарш луьстуш, оцу зудчунна коьрта хиларе терра, оха юкъабалабо динан векалш.
- Цхьа диалог дIадахьа гIерташ гергарнаш нислой?
- Диалогаш хила а ца хуьлу, кхерамаш, кочаэхар хуьлу. Я хуьлу хIун, мичахь ду хаа гIертар. Эха шерал а сов дуьхьал латта аьтто хилира тхан. Оцу хIусамехула дуккха а зударий чекхбевллашехь. ХIора зудчун гIуллакх дIахьош адвокаташ а, кризисан центран белхахой а бара. Тхан хIусам яра иза, тхуна езаш, оцу чохь арахь карийна цицигаш а цхьана латтадора оха. Оцу зударшна тхан ма-хуьллу кхерамзалла латтон гIиртира тхо. Тхан цIа дохийна. ГIо оьшу нах чубита хIусам ю вайн боху тешам а байина тхан. Цхьана а кепара низамашца, дехаршца царна тIеIаткъам ца бало. Пачхьалкхо гайтина, доьзалехь ницкъбечаьрца, абьюзершца, церна дахарна кхерам латточу нехан агIор шаьш хила кийча хилар.
-Оцу петаран адрес муха хиъна хиллера полицина?
- Тхуна цхьанна а хууш дацара, и мел чолхе кейс ю. "Тхан жоьпаллин зоне" кхаьчнера мехкарий, уьш новкъабевлча дуьйна. Ас цаьрга элира, масаьрга а оллург: телефонаш ма йита шайгахь, сим-картанаш а дIакхийса. Амма цара кхочуш ца динера шаьш новкъабевллачу заманчохь шайга аьлларг. Туьканчу бахча, видеокамераша гучубаьхнера уьш. Шаьш лоьхуш боккха болх бина бохуш, тхо тешон гIертара, бакъ дац иза.
- Хьалимат хьуна евза дукха хан ярий?
"Хьалиматан дас яздинера, шегахь йолчу информацица, оцу петар чохь йоI йийна шен аьлла. Оцо куьйгаш даьстира
– Ас цуьнца кIезиг къамелаш динера. Доккхачу декъанна, тIаьхьо тхуна ямартваьлла, тхох лаьцна дIахаийтина полисхо веанчу юкъанна. Иза чу ца вита йиш яра тхан, хIунда аьлча, цуьнгахь документаш дацара. ХIинца а хууш дац суна, билггал федералан лехамашка еллерий-те цара Хьалимат? Суна хетарехь, цхьа а дIахьедар дацара, Хьалиматан доьзалан векална а, полисхочунна а юкъахь хилла барт бара. Иза чу ца вита бакъо яра тхан, амма суна гуш дара, цIенна бухахь Iаьржа куьзганаш долчу машенаш чохь наха бара, дIахIиттина.
ЦIенна вукху агIор кхин а царех тера цхьа машен яра. Со кхийтира, иза чу ца витахь, уьш дIагIуриг цахиларх. Я кехаташ а кечдина, юха богIур хиларх. ТIаьхьо гучудаларца, петаран неIаран догIа дина хиллера цара. Оцу хIусаман долахочуьнга бевлла а хиллера уьш. Ткъа вайн нах муха бу хьуна аьлча, полицино бохий, дIадала деза, бухе диллинарг хIун ду а ца хоьттуш.
Оха уьш чу ца битинехь, корах, я луларчу балконаш тIехула чубевр бара. Хьалиматан дас яздинера, шегахь йолчу информацица, оцу петар чохь йоI йийна шен аьлла. Оцо куьйгаш даьстира вайн сийлахьчу полисхойн. ЧIогIа сайна бехкаш дохкура ас, Хьалимат дийна ю я яц ца хуучу хенахь. И нах чулелхале хьалха ас дош деллера цунна, сайх доьзнарг дерриг а дийр ду ас, аьлла. Ткъа сан ницкъ ца тоьира иза Iалашъян, кIелхьараяккха.
Чакхе хир ю