ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат- сила!" а олуш, йоккха топ кхоьссина Нохчийчохь жимачу кIанта


Къона кадыровхой
Къона кадыровхой

Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча волчу Турлаев ШаIин кIанта шен инстаграмерчу пена тIехь видео хIоттийна, цхьана беро танкана дуьхьал туху гранатомет кхусуш, яздо Кавказ.Реалиино. Ролика тIехь гуш ду, шен дегIа тIехь тегначу Росгвардин белхахочун духарца волчу 7-8 шо долчу кIанта лаьмнашкахьа топ кхусуш. Цул тIаьхьа граната эккхаш гойту. "Ахмат-сила! АллахIа акбар!" олий, мохь туху кIанта.

Кхоссархочун некха тIерачу асана тIехь яздина ду "Межидов" аьлла. Оьрсийчоьнан Къилбаседа Кавказан гонашкарчу къоман гвардин къаьстинчу бригадехь оцу фамилица стаг ву.
249-чу къаьстинчу "Юг" батальонан командир Межидов Хьусайн ву иза. Батальонан 15 шо кхочуш хIоттийначу барамехь Кадыровс мидал а елира цунна, белхан декхарш дика кхочушдарна.

ШолгIачу дийнахь герз детташ видео зорбане яьккхира Межидов Хьусайна ша а. Оцу кIантана тIерачух духар ду цунна тIехь а. Межидовс дийцарехь, "Юг" батальонан территори тIехь ду и сурт.

Дахначу оршотан дийнахь Путина низам къобалдира, ша Iалашван лаамца герз эца бакъо 21 шо кхаьчначул тIаьхьа бен ца луш. Ишта герз лелон лицензи кхачор яц герзах, лоьлхуьйтчу гIирсех пайда а оьцуш, къиза я юккъерчу барамехь лелийначу зуламашна тIехула, я терроран, экстремистийн башхаллехь зуламаш лелийна аьлла, таIзарш динчарна а.

Герз оьцучу заманчохь 2I шо кхачаза а волуш, амма тIеман декхарш кхочушдеш я кхочушдина иза велахь, пачхьалкхан тIеман организацешкахь болх беш, я тIеман чин, я лерина юстицин цIе лелош иза велахь, бехкам цунах хьакхалур бац.

Дагадоуьйту, Турлаев хьалха Нохчийчоь сепаратистийн гIаттамхойн могIанашлахь тIом бина ву. 2004-чу шарахь, чов хиллачул тIаьхьа, иза Оьрсийчоьнан Iедалшна тIевахара, Кадыровс юкъарло а лелийна. Амнисти йинчул тIаьхьа Турлаевх хилира Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча.

"Новая" газето яздарехь, 2010-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураша лоьхучу нахана юкъатоьхна вара Турлаев. Цунна бехке дуьллуш дара цхьамогIа нахана дина тIелатарш вовшахтохар. Цуьнан цIе хьехош яра, масала, Пачхьалкхан Думин депутат хилла Ямадаев Руслан а, Кадыровн гIаролхо лаьттина Исраилов Iумар а вер хьокъехь бинчу талламашкахь.

Иштта бехкедуьллу, мел лахара а, кхин а кхаа стагана кIелояр: Кадыровн мостагIчунна Ямадаев Iийсана а, Дагестанерчу Хасу-Юьртан мэрна Умаханов Сайгидпашина а, Норвегехь вехачу Очерхджиев Мохьмадна а.

Турлаев бахьана долуш, "бIеннаш эзарнаш нах дийна бисна", цундела цуьнах баьлла пайда алсам бу, цо динчу зуламал а, аьллера Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG