Контртерроран операци дIахьочу заманчохь Нальчик гIалин йистехь байина нах тIемалой бара аьлла, дIакхайкхийна Къоман антитерроран комитето (НАК).
ТАСС агенталло яздора, сатосуш регионерчу оперативан штабо контртерроран операцин (КТО)раж кхайкхорах Нальчикехь. Баксанехь а цхьана юкъаялийра КТО-н раж сатесначул тIаьхьа.
Операци дIахьочу зонехь тIемалой бу лоьхуш аьлла, дIахьедира оперативан штабо. Меттигерчу бахархоша дийцира, спецопераци дIахьочу меттигашкахь хезаш ду дуьйлу герзаш, тIехула хьийзаш вертолеташ а ду аьлла.
Маьршачу бахархошлахь а, шайн ницкъхошлахь а вийна а, лазийна а стаг вац аьлла, хаам бина НАК-н урхалло.
"Тахана Iуьйранна кхо сахьт долучу хенахь зуламхой юкъаберзийнера Нальчикан йистерчу цхьана цIа чохь. Герз охьа а диллий шайна тIе дуьйла аьлла, тIедиллинера царна. Дехарна дуьхьал герз детта буьйлабеллера уьш бакъоларъяран органийн белхахошна. Оцу кхийсаршкахь вийна пхи зуламхо", - аьлла бу НАК-ан хаам.