ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тбилисехь радикалаш тIелетта Маршо Радион журналисташна


Мандария Торнике а, Коридзе Дато а
Мандария Торнике а, Коридзе Дато а

Тбилисехь, Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан гIишлонна уллехь тIелатар дина Маршо Радион Гуьржийн сервисан журналисташна Мандария Торникена а, Коридзе Датона а, хаам бо Свобода Радионо. И шиъ хилла шаьшшинна белхан декхарш кхочушдеш. ТIелатар динчара йохийна журналистийн белхан техника.

Гуьржийчоьнан коьртачу гIалахь, Тбилисехь оршотан дийнахь къепедацарш хилла, суьйранна хила езачу ЛГБТ-н акцин дуьхьалончаша дакъа а лоцуш. Цкъачунна лаьцна стаг ву аьлла хаам кхаьчна бац. Хьалхо зорбанан гIирсаша хаам бира, журналисташна тIелатар дина хиларх лаьцна Гуьржийчоьнан парламентана гергахь.

Цхьацца зорбанан хьастанаша яздо тасадаларш хиларх лаьцна радикалан боламийн декъашхой юкъахь а болуш.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаам бина, репортёрашна тIелатар дар бахьана долуш таллам болийна хиларх лаьцна, журналисташна болх бан новкъарло ярна а, царна ницкъбарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG