Гуьржийчохь ГIадужу беттан 31-хь Iуьйранна сатоссуш дIадирзина кхаьжнаш дагар дар муниципала харжамийн шолгIачу мурехь. Кхажтасар дIадахара шот дийнахь 30-хь. "Немцойн тулгIено бинчу хаамца, Iедалехь йолчу "Гуьржийн сатийсам" партин кандитаташа толам баьккхина 20 муниципалитетех 19-хьа, ша аьлча Тбилисехь а, Кутаисехь а, Батумехь а, Потихь а, Руставехь а.
Цаленджихан муниципалитетехь, Гуьржийн малхбузехь, толам баьккхина оппозицин "Цхьааллин къоман болам" партин кандидата Харчилава Гиоргийс.
Харжамийн коьртачу комиссино далочу терахьшца, карарчу хенахь Тбилисин волчу мэра Каладце Кахас гулдина 55,6% кхаьжнаш, ткъа цуьнан конкурента оппозицин "Цхьааллин къоман болам" партин кандидата Никанор Мелия – 44,4%.
Руставехь тоьлла Лацабидзе Нино, Батумехь – Чиковани Арчила, Кутаисехь – Хахалеишвили Иосеб, Потехь – Вачарадзе Бекас. Кхажтасаран каппашка харжамхой шолгIачу муьрехь бахкар хилла 49%.
Гуьржийчоьнан оппозицино дIахьедина харцонаш лелийна хиларх лаьцна, иза реза ца хилла муниципалитетийн харжамийн шолгIачу муьран жамIаш къобул дан. "Цхьааллин къоман болам" партин хьалханча а, Саакашвили Михаилан накъост а волчу Мелия Никанора кхайкхина махкахой "маслаIат доцучу къийсаме".