Гуьржийчоьнан хилла президент Саакашвили Михаил набахтин дарбан хIусамера дехьаваьккхина Гори гIаларчу тIеман госпитале, цигахь цо дош делла мацаллахь хьегар сацор ду ша аьлла.
"Рустави 2" телеканало хаам барехь, Саакашвили дIакхачийна тIеман госпитале реанимобилана тIехь, цуьнца ю цуьнан нана а, цуьнан адвокаташ а, цуьнан дарба лело лор а.
Саакашвили Михаил лецира Гуьржийчохь ГIадужу-беттан 1-хь, тIаьххьарчу 8 шарахь дуьххьара иза шен даймахка цIавеъча, дуьхьал а воцуш, шина бехктакхаман гIуллакхехула шозза чуволла кхел йинчу. Хилла президент лацаран бахьана дара низамца догIуш доцуш доза хадор.
Лахьан-беттан 8-хь Саакашвили дехьаваьккхира набахтин дарбан хIусаме, ткъа Лахьан-беттан 18-хь иза кхетам чуьра ваьллера мацалла хьоьгучу 49-чу дийнахь. Саакашвили Михаил дехьаваьккхира реанимаце, набахтин дарбан хIусамехь адвокташца цхьаьнакхеттачу хенахь догмалделла кхетам чуьра ваьллачул тIаьхьа.
Саакашвили лацар бахьана долуш Гуьржийчохь хилира цуьнан агIончийн дуьхьалонан акцеш. Лахьан-беттан 15-хь оппозицино дIакъевлира транспорт дIасалелар Тбилисерчу коьртачу магистралашкахь. Дуьхьалонан акцийн декъашхоша доьхург дара экс-президент могIарерчу дарбанан хIусаме дехьаваккхар.