Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа, цуьнца уьйрехь йолчу пачхьалкхаша Оьрсийчоьнца бертан къамелаш долон сахьташ дуьсуш Америкерчу прессо довзийтина, нагахь санна Москва Украинана тIелатахь, юкъадаккха тарлучу санкцийн тептар – КIайчу ЦIийнан векалшкара ю, боху, и информаци.
Хаам баржийначех ю New York Times, Reuters, AP, Bloomberg, кхийолу агенталлаш. Массара а гойтучу оцу тептаран варианташ цхьаьнайогIу доккхачу декъанна, амма билгал ца даьлла, маца юкъайохур санкцеш.
New York Times-ан хаамца, дехка тарло Оьрсийчу Америкера электроника кхачор – телефонаш, компьютераш, электронан прогаммаш, хIусамехь оьшу гIирс – нагахь санна уьш Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь йинчу компонентех лаьтташ нислахь. Газето билгалдаккхарца, дийцаредо Американ куьйгаллехь:мел пайде хир ю оцу гIулчан эвсаралла, санкцеш юкъйовларна мила бехкевийр ву Оьрсийчоьнан бахархоша – Путин я Америка а, цуьнан гонера пачхьалкхаш а?
Хьехайо хьостанаша санкцешна кIел нисъяла тарлуш йолу ОЬрсиIйчуьра финансийн институташ. Амма кхеташ дац, хьакхалур ю уьш я яц дуьненехула ахча дIасалелочу банкийн SWIFT системех.
Технологийн санкцеш а ю йийцарееш. The New York Times бахарехь, "Путинна дукха езачу индустрина" дуьхьалонаш хIитто а тарло цара – аэрокосмосна, герзаш кхуллучу компанешна. Оьрсийчоьно тIеман кеманаш, ракеташ, спутникашна духьалоен техника арахоьцу, инновацеш кхуллу компанеш хила мега царалахь.
Reuters бечу хаамца, Оьрсийчоь уггаре луьра санцеш шайна дуьхьаллатточу пачхьалкхийн могIара яккхар дийцаредо Американ куьйгаллехь. Таханенна оцу пачхьалкхашлахь ю Куба, ГIажаройчоь, Къилбаседа Корея, Шема. Цкъачунна хууш дац, эмбарго хIоттор ю я яц Оьрсийчуьра арайолучу ягочунна, иза муха тIеоьцур ду Американ Европерчу партнераша.
Американ Цхьанатоьхначу Штаташа дуккхаза а дина дIахьедарш, нагахь санна Оьрсийчоьно тIамца Украина хьаяхь, цкъа а ца хилла шога санкцеш цунна дуьхьал йохург хиларх лаьцна. Ткъа официалехь хаийтина дац билггал хIун санкцеш ю хьехораш.
Ишта а еха Оьрсийчоь санкцийн дуккха а кепаша тIеIаткъам беш – секторшна а, хьаькамашна а, Путинан гонерчу бизнесхошна а. Бахьанаш – ГIирмина аннекси яр, Америкерчу харжамашна юкъагIортар, кибер-тIелетарш дар, химин герзашца зуламаш дар (масала, СкрыпальгIарна, Навальный Алексейна дIовш далар). Делахь а Американ Цхьанатоьхначу Штатийн куьйгалла ца хIоьттира "Къилбаседа аса – 2" газан биргIанийн проектна дуьхьало ян.
The New York Times хаам бо: Американ дипломаташ богу Женеверчу дийцаршкахь а, цул тIаьхьа хиндолчу «Оьрсийчоь-НАТО» дийцаршкахь а пайде жамIаш гучудевриг цахиларх, ткъа Оьрсийчоь, жамI дацарна Малхбузе бехке а йина, шен кхерамзалла ларйо ша аьлла, Украинана тIелатарна.
"Цхьа а цецвийла ца оьшу Оьрсийчоьно цхьа провокаци яхь, цхьа вон инцидент эккхийтахь, юха цунах бахьана а дина, ша тIамца араялар бехказдаккхахь", – дI]ахьедина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретара Блинкен Энтонис.
Америка шеконе кхачориг ду Оьрсийчоьно Украинан дозане сов дукха эскарш озар. 2021 шеран ГIуран-баттахь, шена "кхерамзаллин гаранти" йоьхуш, НАТО-н мехкашка цара Украинаца лелош долу юкъарло Москвано дита алар, Блинкенна хетарехь, Украинанна ша ден долу тохар бакъдан некъ лехар ду. И тайпа тIедахкарш аьттехьа а кхочушдойла дац, аьлла Пачхьалкхан секретара.
The New York Times-о дийцарехь, Америка дийцарадеш Iа, муха, муьлха гIо дIакхачор тоьлу Украинерчу "гIаттамхошна", нагахь санна Оьрсийчоьно иза я цуьнан дакъа дIалацахь. Амма Американ а, НАТО-н а векалша украинахошна дIахаийтина, Оьрсийчоь цунна тIелетча, Малхбале тIеман ницкъашца юкъагIоьртар йоцийла.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа догдоху дуьйлалуш долчу цхьаьнакхетарша, гIеххьачул беана а, пайда баре, Оьрсийчоь агресси ца еш, юхаяларе – иштта нислахь, юьйццучохь Iадъюьсур ю керла санкцеш а.