ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIолламна "еттарна" чубохка тарло Нохчийчуьра а, Дагестанера а эскаре баханарш


Оьрсийчохь гIеххьа гIовгIа а оьккхуьйтуш, бехктакхаман гIуллакх а гIаттош дирзина эскаре гIуллакхдан вахначу Къилбаседа Кавказерчу къаьмнех волчу цхьана салтичо Краснодарна гергахь ТIеман Талламийн Коьртачу урхаллин (ГРУ) шакъаьстинчу 10-чу бригадин бIаьхошна биллинчу хIолламна тIехь оьзда боцу бегаш бар. Турпалхой ша аьшнашбеш яьккхина видео бахьана долуш, цунна тоха тарло доккха гIуда, мега набахте хьажо а. Амма салтичо динарг доккха зулам дац, къаьмнаш сийсаздеш вац иза, гушдерг цхьаъ ду - тоьлла ларалучу эскаре вигинчу жимчу стагна Оьрсийчоь хийра хетаррий, иза шеца оьздангалла йоцуш хиларрий, аьлла хета эксперташна.

ТIеман министралла кху тIаьххьарчу заманахь хьалхачул а чIогIа йозуш йоцчу прессех къовлаелла хилар а, ткъа "Оьрсийчоьнан Федерацин тIеман а, тIеман техникан а хьокъехь информаци гулъярна" журналист я могIара вахархо бехктакхаме озо тарлуш хилар а бахьана долуш эскаран бригадин кертахь хилларг ца девзина машанашка даллалц. Иза довзийтинарш бу шаьш хиламехь дакъалаьцнарш. Дуьххьара видео яржийра @dobriy.623 инстаграм аккаунто (хьахош яра цIе "Ибрагимов", аккаунте язвелла ву 482 стаг, арахецна автора 7 пост – карарчу хенахь елла ца ло агIо).

Жима стаг, эскархо, ву видео чохь тIемалочун скульптурина го туьйсуш, ластадой тIара туху цо цунна, легаш Iовдуш санна кеп хIоттайо. Боьлу гонахберш. ШолгIа скульптура а – куьйга лаьцна автомат а йолуш, горахIоьттина Iен салти - "легаш Iуьйдуш", тIехьа мийра бетташ, хьийзайо цо. Видео йоккхуш волчо кхидIа гойту гонах парггIат лаьтта могIара экархой.

"Охьатоха иза, вуьллур вац, къовсий ахь? " – боху цхьамма, скультура ю юьйцург.

Хиламах лаьцна Reverse side of the medal телеграм-канал ду дуьххьара инцидент хьахийнарг. Цо иштта яздо:

"2022 шеран Дечкен-беттан 6-чохь эскаран декъехь салтийн резабацар даьржира ракетийн бригадехь гIуллакх деш волчу Нохчийчуьра эскаре валийначу салтичо тIемашкахь эгначу лерринчу ницкъийн бIаьхошна хIоттийна хIоллам сийсазбарца доьзна. ТIара тоьхна, тIехьа мийра балийтина, легаш Iовду кеп хIиттийна, ткъа гонах лаьтта и санна болу, орьсех боцу националаш, боьлуш, самукъадаьлла хьийзина. Гарехь иза схьавеъначу церан респбликехь турпалхой беза ларарца проблемаш ю –масала, дукха хан яц Оьрсийчоьнан Росгвардин Нохчийчуьрчу эскархочуьнца изза скандал иккхина, оцу стага а бехира оьрсашна хьакхарчий, нийса лелла Ичкерин тIемалой, бохура".

Бригадин хьаькамаша ша аьлла салташка хиллачух лаций бала хьала ма гIаттае

Эскархойн инстаграм-пабликан авторна хетарехь, белла болчу эскархойн сий цаларар ду бригадин куьйгалло инцидент йижош шен декъехь салташна хьехнарг:

"ХIинца волчу бригадин хьаькама ша аьлла салташка хиллачух лаций бала хьала ма гIаттае. Муха мега нийсо иштта кхетош волу, эгначу салтийн сийдеш воцу стаг лерринчу ницкъашна коьртехь вита? Жоп лойша аш шаьш оцу хаттарна… Иза куьйгалле хIоттийчхьана схьа йоха йолаелла бригада – балхара дIаваьлла 900 гергга, кхаамо шаьш-шайн байъина".

ТIеман урхалло журналисташка информаци кхачош яцарна, хала ду телеграм-хьостано дуьйцург мел бакъ ду талла.

Нохчийчоь, Гуьржийчоь, Шема, "Вагнер"

Скульптураш "хьйзийна" меттиг – ГРУ-н шаяьккхина йолу 10-гIа бригада. Краснодарна гергахь лаьтта иза. Юхьанца, 1962 шарахь, ша кхуллучу хенахь, Одессерчу тIеман гонна юкъа а йогIуш, ГIирмехь яра иза. 1985 шарахь, 186-чу лерринчу ницкъийн тобанна юкъа а йогIуш, ОвхIанистанехь тIемаш бина цо. Советан Iедал доьхча дIасаяьржина хилла бригада 2003 шарахь бен метта а ца хIоттийра Оьрсийчохь, иштта кхечира цунна ша куп тоьхна меттиг – Краснодарна 40 километр юьстахлаьтта Молькино кIотар.

2004 шарахь оцу бригадерчу бIаьхоша дакъалецира Нохчийчурчу контртерроран операцехь, 2008 шарахь хилира Къилба ХIирийчуьрчу тIеман кофликтехь. Гуьржийчохь лаьттина "пхеа динан тIом" бирзин кхо шо кхочуш Молькино вахара Оьрсийчоьнан президент Медведев Дмитрий, бригадина елира Жуковн орден "Гуьржийчоь машар тIеэца хIотторна". 76 бIаьхочунна елира орденаш, мидалш, Оьрсийчоьнан турпалхо вира тIамехь кхелхина волу Абдуллин Раушан.

20 шо долчу салтичо Абдуллина шо сов гIуллакх дина бригадехь ша валале, контрактца цуьнан декъахь а сецна. 2008 шеран Гезгмашин-баттахь танкан хIоьан гериг кхетта цунна, амма ца сацийна ша танканна тIедетта герз, цIий дIаихина валлалц. ДIавоьллина иза Тюменерчу Нариманов юьртахь, цуьнан цIе лелайо Тюменерчу урамо а, цхьана юьртарчу маьждиго а.

Оцу бIаьхочун а, цуьнан накъостийн а синна хIиттийна бу нохчочо-эскархочо "йиттина" хIолламаш.

Хаамийн гIирсаша дийцарехь, Молькино кIотарарчу оцу бригадин полигонехь Iаморашка лелла Оьрсийчоьнан куьйгалло яцаре еш йолу тIеман компани "Вагнер". Оьрсийчуьрчу а, дозанал арахьарчу а прессо билгалдаьккхина, лаамехь тIемаш бен нах 20I5 шарахь дуьйна цигахь Iамош хилар. Украинехь, Шемахь, Африкерчу пачхьалкхашкахь тIемаш бина ю "Вагнер". Шаьш оцу декъехь гIуллакх дарх лаьцна къайленаш йовзийтира цуьнан декъашхоша Радио Свободина шаьш интервью луш а.

"Прессина эскарех лаьцна боьха мел дерг яздеш хазахета"

Эскархочо скульптураш сийсазъеш яьккхина видео яьржича, Kub Mash телеграм-канална дийцира Къилберчу тIеман гонан пресс-векалтан куьйгалхочо Астафьев Вадима йовзийтира къайле: видео яьккхина Дагестанерчу а, Нохчийчуьра а эскаре бигинчара, скульптурех "леттарг ву" Агарагимов фамили йолу салти.

Дагестанера а, Нохчийчуьра а къаной бевр бу аьлла хета кхетам бала зуламхошна

"Низам дохийна эскархоша. Видео яржийна. Иза прессе кхаьчна, Прессина эскарех лаьцна боьха мел дерг яздеш хазахета. Эскархошна таIзар ду хир долуш …административан кепехь. Уллехь лаьттинчарна а дийр ду изза таIзар. Дагестанера а, Нохчийчуьра а къаной бевр бу аьлла хета кхетам бала зуламхошна. Тхуна чIогIа новкъадеъна хилларг", – аьлла комментари елла ТIеман министарллин векало.

Оьрсийчоьнан Талламан комитетехь кIезиг хета административан таIзар а дина эскархой битар – айдина бехктакхаман гIуллакх, Оьрсийчоьнан тIеман сийлаллин васт сийсаздарна. Нагахь санна динарг, видео а яьккхина, даржийна ца хиллехь, дуьсур дара таIзар ца деш.

Хила мшен тидаме эцна Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс, цо бехк цабиллар дехна Къилберчу тIеман гонан буьйранче Дворников Александре.

* **

2020 шеран Гезгмашин-баттахь Балтикан хIордан эскарерчу салташа – Дагстанера гIуллакх дан бигинчу эскархоша – мачаш йилинера Калининградерчу килсан дезачу хьостанна чохь, "царна хIара деза хи ду, вай кху чохь эткаш юьлу", бохуш, бела а боьлуш. Уьш битира гIуда а тоьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG