ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сийсазбина, махках бехкира: Кадыровн Нохчийчуьра ламасташ


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Бегашен хамааш, хи ца хиларна аьрзнаш дар, дарбан хIусамашкахь ахчанаш дахарх далхор, лахарчу тIегIанара хьаькамийн балхана критика яр ца дийцича а – оцу доллучунна а тIехула махкара араваккха тарло. И хуьлуш ду, ламасташна тIетийжачу регионан Iедалхойн пурбанца, цара гIо а деш. Оцу кепара гIиллакхаш лелла бIе шо хьалха, хIетахьлерачу заманца мегаш хила а тарлора уьш, амма тахана Нохчийчохь хуьлуш дерг, цхьана а кепара ламастийн бакъонца догIуш дац. ХIун Iадаташ дуьйцур ду, республика цуьнан дакъа лоручу Оьрсийчохь, лелаш низамаш хилча? Лелон къизаллаш шен ма-хуьллу Кремль тергал ца ян гIертахь а.

Делан совгIат

Йохка-эцаран "Молл" центрехь хIоттийначу базана хьалха лаьттачу гIеметтахIоьттинчу шина стага маршалла ду дохьуьйтуш Европехь вехачу доттагIчуьнга. КхозлагIчо видеоца дIаязвеш ву и шиъ. Жимма воьхна хьийза и шиъ, операторо ир-карахIоттаво. Котар-Юьртара бахархой бу уьш – Мадаев Ширвани а, Устаев Абубакар а, видео язйийриг оццу юьртара, амма Бельгехь вехаш волу Дагиев Iалха ву.

Хетарехь, кхин хIуммаъ дац оцу видеоца, шайн гонашкахь доттагIаша дIаязйина ролик ю иза. Делахь а, шолгIачу дийнан сарахь Мадаев а, Устаев а лецира. Ницкъахоша дIабигира иштта видео дIаязъйинчун гергарнаш а, ша иза Бельги юхаваханера. Катоххий Нохчийчу юхаван тIедиллира цунна а.

Ассалам Iалайкум, шайн ирс ду-кх шун, кхузахь дехаш даций шу

ТIаьхьо къаьстира, уьш лецаран бахьана хиллера цхьахволчо аьлла дешнаш: "Ассаламу Iалайкум, шайн ирс ду-кх шун, кхузахь дехаш даций шу. Кхузахь йа дуккха а ахча хила деза, йа нана нахаца лелаш хила еза [таро йолуш ваха]. Шаьш цигахь мел дуьту, Дела дуьхьа, цIа ма гIерталаш".

ХIун новкъадеанера къаной лаца омра диначарна билггал хууш дац – йа "нана нахаца лелар", йа Нохчийчьура дIаваха таро хилар – "Делан совгIат" ду алар.

ТIаьхьо Котар-Юьртарчу маьждигехь вовшахтоьхначу гуламехь видео тIехь аьллачу дешнаша массо а Нохчийчуьра бахархой сийсазбича санна, сурт хIоттийра. Оцу гуламехь сацам тIеийцира, цу шиннах цхьахверг юьртах ваккха.

Мехала лору шира ламаст?

Юьртара стаг эккхор – набахтеш а, полисхой а боцуш, пачхьалкхца йоьзна йоцчу социалан системин шира ламаст ду. ХIетахь и практика маьIне яра. Массо а цхьатерра вара, бух боцуш, йа шайггара кхоьллинчу бахьанашца нах юьртах бохуш сацамаш хьалха ца тоьттура. Бертаза оцу ламастах пайдаэца пачхьалкхан аппарат хиларца и социнститутан маьIна дов, хIунда аьлча, цхьаъ даьлларг махках ваьккхина ца Iаш, Iедалхоша эккхо тарло шайна товш боцу нах а цхьана, дуьцу нохчийн историко, публицисто Сулейманов Джамбулата.

"Забарш ярна, осала дош аларна цкъа а цхьа а юьртах вьаккхина вац. Ларамза стаг вийначунна а ца бора бекхам, даккхий хIуманаш-м стенна хьехадора. Нохчий цхьа башхалла йолуш къам хилар дайъа Кадыровн Iедало Iалашо лаьцча санна хета. Юкъараллин дахаран кепаш йохош ю, бух кагбархьама. Тешна ву со, Кадыровн лаамца дац иза, лакхара динчу омраца ду", - аьлла хета Сулеймановна.

Нохчий цхьа башхалла йолуш къам хилар дайъа Кадыровн Iедало Iалашо лаьцча санна хета

Котар-Юьртахь хиллачо гойту, Iедалхойн тIедожорца стагана бекхам бина хилар, боллу нохчийн наной сийсазбина аьлла, доцург тIе а тоьхна.

"Боллу наной аьшнаш ца бина цо, цо къадийна, Iедалхойн фавориташ хилар, церан а, церан доьзалийн а цара дола деш хилар, царна тIе куьйг дахьа а йиш цахилар. И ду Iедалх хьакхаделларг, цундела оцу стагана кхел йина, цуьнан сий дойъуш, иза юьртах а воккхуш", - тIетуху эксперто.

КадыровгIеран кланан Iадаташ

"Бехкенаш" республикера арабахар Нохчийчохь долийна дуьххьара шо дац. Муьлххачу зуламашна Iедалхошна бехкехетачун гергарчарна а цхьана тIаьхьабовлу. Цхьа стаг бехкевина ца Iаш, цIийнах мел верг жоьпе озош могIарера гIуллакх хилла дIахIоьттина дуккха а хан ю Нохчийчохь.

ГIаттамхошлахь хиллачарна тIеIаткъам бархьама гергарчех закъалтхойх санна пайдаоьцуш, рогIаллехь, кеста-кеста схьадогIуш ду Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу заманара, билгалдоккху Бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчохь арахьара агент лерина, центр цунна реза яц) кхеташонан декъашхочо Орлов Олега.

Орлов Олег
Орлов Олег

"ХIунда? Нохчашлахь гергарлонан уьйраш чIогIа ю, Оьрсийчоьнан дуккхаъчу кхечу регионашкахьчул а ондох ю. Нохчийчохь стагана чIогIа хета, мел генарчу гергарчун дахарх а, кхерамзаллех а жоьпалла шена тIехь ду аьлла. Къаьсттина цундела КадыровгIеран клано цунах пайдаоьцура шаьш Iедале даьхкинчу юьххьехь дуьйна", - кхетадо бакъоларъярхочо.

Цо карладоккху, 2015-чу шарахь "Мемориало" "Новые" методы "контртеррора" аьлла, 2004-чу шархь хиллачух лаьцна рапорт арахецар. Цу тIехь дуьйцура, ша валале хьалха 2004-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь Гуьмсехь ЯмадаевгIеран (цхьана хенахь Кадыров Рамзанна оппозицехь лаьттинчех уугар а ницкъе йолу клан; оцу тайпанан лидерш тIаьхьо байира) тезетахь волчу Кадыров Ахьмада дIахьединера, гIаттамхойн боллу гергарчарна а, церан лулахошна а цхьаьна таIзар дийр ду аьлла.

Мангал-беттан 9-чохь цуьнан кIанта, Кадыров Рамзана, шн да вийначул тIаьхьа вице-премьер хиллачу, НТВ телеканалана интервью луш дIахьедира: "Оха низамашкахь бекхам бийр бу тIемалойн гергарчарна. Цара гIо до бандиташна, амма олу шаьш шайн гергарчарна гIо деш ду. Царна таIзар дийр ду. Иштта низам дацахь а, Оьрсийчоьнан думе а дахна, и низам тIеэцар тIедожор ду".

Кадыров Рамзанан куьйгаллица, цуьнан омраца закъалте леца болийра гIаттамхошлахь болчийн гергарнаш

Оцу тайпа низам тIеэцна дацара, амма цIийнах мел верг жоьпе озор шуьйра дара доладедира Нохчийчохь. Кадыровс масийттазза билгалдоккхура, тIемалойн гергарчара таIзар токхур ду шайн доьзалашкара дуьйлучух аьлла. Махкара лаккхара даржхой а цунна тIетовра. 2010-чу шарахь Соьлжа-ГIалин мэро Хучиев Муслима элира, тIейогIучу заманчохь герзашца лелачу тобанех дIакхеттачу нохчийн гергарчарна "массо а неIарш къовлур ю" аьлла.

"Къаьсттина Кадыров Рамзанан куьйгаллица, цуьнан омраца закъалте леца болийра гIаттамхошлахь болчийн гергарнаш. Уьш маьршабаха тарлора, нагахь санна, тIемало хьуьнчуьра ара а ваьлла, церан караводахь", - аьлла хета Орловна.

2014-чу шеран ГIуран-беттан 5-чохь Кадыровс дIахьедира: "Нагахь санна тIемалочо полицин белхахо йа кхинверг вехь, гIаттамхочун доьзал хьем боцуш махкара арабоккхур бу, юхабахка бакъо а йоцуш, церан цIа шен бухца дIахьокхур ду". Иштта тIечIагIдира цо гергарчарна жоьпалла тIедожор а, товшбоцурш махкара бахар а.

ГIаттамхойн гергарнаш боцурш а…

ГIаттамхо ву аьлла хетачу Бахарчиев Зеламханан доьзална тIедожийра 2016-чу шарахь Нохчийчуьра дIабахар. Ницкъахоша меттигерчу бахархойх вовшахтоьхначу гуламехь дIакхайкхийра, БахарчиевгIеран доьзал, коьртехь цIе ца йоккху цамгар токхуш волу къано Бахарчиев Асланбек а волуш, кхаа дийнахь махкара дIабаха беза аьлла. Цхьа бутт ахбутт баьллачу хенахь доьзалан коьртехь верг ГIалмакхойчохь кхелхира. Даймахкахь дIа а ца воллийтира кхелхинарг. Къам махках даьккхинчу заманахь Казахстанехь вина хилла Бахарчиев Асланбек циггахь вала а велира.

2017-чу шарахь Нохчийчуьра дIабаха декхаре бира йоьдучу спецоперацехь лаьцначу Мускиев Махьмин гергаран нах. БахарчиевгIаьрца а санна, Цоци-Юьртахь вовшахтуьйхира меттигера нах, цигахь Iедалхоша дIакхайкхийра, шайн стагах даьллачунна жоьпалла массарна а тIехь ду аьлла. МускиевгIеран доьзал дIабахара республикера. Цул тIаьхьа биъ бутт баьлча Дагестанерчу Хасу-Юьртахь велира Мускиев Турпал-Iела. Доьзална бакъо елира иза винчу эвлахь дIаволла, амма кхачам боллуш дIа ца верзавайтира.

ГIаттамхойн гергарчех хьакхаелла ца Iаш нах махках бохуш йолаелла практика, яьржира дуккхаъчу кхинболчу нахалахь а, дуьйцу бакъоларъярхочо Орлов Олега.

2016-чу шеран Лахьан-баттахь ТIехьа-Мартанара вахархочун Ходжаев Аламан бехках некъан хьовзам белира ворхI стаг а вьуйш, иза ша а цхьаьна кхелхира. Полицин хаамашца, къаьркъа мелла а волуш, урхалла деш хиллера цо машенан. И бохам хилале бутт хьалха Кадыровс массарна а хазош бехкбаьккхира, корта бахон малар а мелла, машенна урхалла дан хуучаьргара, уьш террорхошца а нисбеш. ХоджаевгIеран доьзалера масех иттаннашкхаь божарий балийра кIоштан полицин декъе, цигахь мехкан урхалхочун дешнашна тIе а тевжаш, Нохчийчуьра дIагIо аьлла, тIедожийра царна. ДIа ца бахча ца бевлира ХоджаевгIар, царна тIаьххье махках бевлира церан доьзалш а. Оьрсийчоьнан кхечу регионашка дIабахара цхьаберш, вуьйжаш Оьрсийчуьра а цхьаьна дIабахара, цхьа хан яьллачул тIаьахьа юхабахка аьтто хилира цхьаболчийн.

"ХIаъ, цIийнах мел волчунна таIзар даран, жоьпалле озоран масал ду иза, тIемалой а бац, могIарера нах, цаьргара даьлла зулам а доцушшехь. Оцу кепара масалш Нохчийчохь бIеннашкахь ду, эзарнашкахь хила а тарло", - дуьйцу Орловс.

Кадыровна ял яккха елла Нохчийчоь?

Кхузаманарчу Нохчийчохь шуьйра пайдаэца долийна юкъара жоьпалла тIедожор догIуш дац нохчийн гIиллакхашца, Iадат ду бохуш, кеп а лелош, тIеэцна керла хIума ду иза. Доьзалхочуьнгара даьллачу зуламах чуьрчара, тайпанах волчо жоп луш хилла дац йа нохчийн а, йа кавказхойн а юкъараллехь, боху нохчийн политолого Кутаев Руслана.

Кутаев Руслан
Кутаев Руслан

"Ма-дарра аьлча, исламехь оцу тайпаниг цахиларал совнах, мелхо а емал деш хIума ду, хIунда аьлча, шегара даьллачу гIуллакхах, зуламах, низамах валарх, гIалатах жоьпалла и шегара даьллачунна тIехь дуьсуш хиларна. Юкъара жоьпалла дац. Билгалдоккху, цIийнах мел верг таIзаре хIоттор – нохчийн ламаст дац, йа иза динан дакъа а дац", - тIетуху къамел динчо.

ХIара низамехь доций хууш долу "ламаст" стенна ца го Оьрсийчоьнан Iедалхошна? Орловна хетарехь, оцу хеттаршна жоьпаш гуш ду.

"Кремло могуьйту Кадыровна нохчашна тIехь шена луъург дан, Нохчийчохь бехачарна тIехь лелийна ца Iаш, кхечу Оьрсийчоьнан регионашкахь, Оьрсийчоьнел арахьа а бехачу бахархошна тIехь а цхьаьна. Кадыровна ял эца дIаелла ю Нохчийчоь цуьнан бахархошца цхьаьна – боллу нохчашца шена луъург дан йиш ю цуьнан, Нохчийчоьнел а арахьа цуьнан критика ца яьлчхьана, цо лелочунна тIе а товш", - боху Орловс.

Орловс бохучунна тIетов Кутаев а: "Цхьаболчарна хета Нохчийчохь мел хуьлуш дерг – меттигерчу Iедалан импровизаци ю. Яц, иштта дац иза. Кремло де аьлларг ду иза, цуьнан тIедахкарш кхочушдан деза. Нагахь санна, меттигерчу Iедале къам буйнахь латта ца далахь, иштта Iедал Кремльна оьшуш дац, уьш хуьйцур бу. Кхеташ хила деза, и дерриге а къам муьтIахь хилийта, кхерон Iалашонца лелош хилар. Юкъара жоьпалла а, махкара нах лелхор а, оцу доллучух а пайдаэцар кхиаме ду. Нохчашлахь дуккха а бу, шайн са кхоор доцурш, шайн дахар дIалур дерш, ама уьш кийча бац шайн гергарчаьрга, шай безачу нахе бала хьегийта".

Республикан визитан карта

Шеца дог-ойла йоцу нах ца лов Нохчийчоьнан Iедало. Цхьа кега-мерса йолчу критико а системин а, мехкан урхалхочун а мостагI во стагах.

2016-чу шарахь Кенхи эвларчу Джаладинов Рамазана видеокхайкхам бира, Нохчийчохь хьалхара тIом болуш дуьйнна шайн юьртахь йисинчу проблемех, далхийра мехкан куьйгалло шайн терго цаяр а.

Видео зорбане яьккхинчул тIаьхьа Iедалхоша терго йира цуьнан дукха хьем ца беш. Нохчийчуьра дIаваха декхаре хилира Джалалдинов цунна кхерамаш тийсарна а, полисхоша Iаткъам барна а. Цуьнан цIа дагийра, зуда а, йоI а юьртара араяьккхина, Дагестанца лаьттачу дозанехь охьакхоьсира. ТIаьхьо цуьнан а, цуьнан доьзалан а аьтто хилира юхабахка, амма хIусам кхин метта ца хIоттийра, тIаьхьо юха а дIа ца вахча ца велира иза.

Муьлхха а ларамза аьлларг бахьана долуш боллу доьзална тIаьхьабовла тарло. Республикел а арахьа бехачу нохчийн а бакъо яц шайна хетачух диллина ала, нагахь санна, ойла Iедалхошца цхьаьна йогIуш яцахь.

2021-ра шо чекхдолуш, Оьрсийчоьнел арахьа бехачу оппозицин блогерийн иттанашкахь гергарнаш лецира нохчийн ницкъхоша Кадыровн рожана критика ечарна тIеIаткъам бан, уьш кхеро, дIалакъо Iалашонца. 2022-чу шеран Дечкен-баттахь Туркойчохь вехачу нохчийн блогеро Халитов Хьасана дIахьедира, стохкалера шо довш дуьйна лаьцначу йишин, иха йирзина яьккхина, сурт даийтина шена, мехкан куьйгаллина луьйчура саца аьлла. Суьрташца шена шантаж ярна бехкево Халитовс Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо Кудузов Ризван.

Нах лечкъор, массарна а хьалха дIа а хIиттош, гечдарш дехийтар, шайн доьзалхой шайх дIакъастош гергарчаьрга – вешин-йишин берашка, вежаршка видеош дIаязъяйтар, махках бахар – и дерриге а Кадыровн Нохчийчоьнан визитан карта хилла дIахIоьттина.

Со юьхьIаьржахIоьттинарг дара – вашас вешина тохар. ХIаъ, ледара хIума дара цо аьлларг, осала хила а там бара, амма нахана хьалха сийсазваро сий ца ойбу йа вешин а, йа и шоу хIоттийначийн а

Нах а гулбина, Котар-Юьртара бахархошкара бехк баккхарца а, уьш юьртара бахарца а цхьа тидам бан безаш кхин а цхьа хIума ду. Iедалехь болчарна оппозицехь латтачу 1АДАТ телеграм-канало хIоттийначу видео тIехь гуш ду, шегара даьллачунна къинтIера бовлар доьхучу стеган бетах хIума тухуш. 1ADAT-о чIагIдо, шен воккхахаволчу вешина тоьхнарг жимахволу ваша ву бохуш. "Ас вуьйр ву хьо. Суна бен-башха дац сайна цул тIаьхьа хIуъа дахь а, ас ишта а, вуьшта а вуьйр ву хьо" боху цо. Видео тIехь цхьаммо олу жимахволчу вешига: "Хьо чувуллур вац оцу тIехула".

"Йоллу юьртана хьалха жимахволчу вашас туху воккхахаволчунна. Тоххара иштаниг хила йиш яцара, вешина хьалхара лера тоххара, ткъа хIинца вокхачунна етта а мега, иза мага а могуьйту, - боху шен цIе яккха ца лиинчу Нохчийчуьрчу этнографо. - Со юьхьIаьржахIоьттинарг дара – вашас вешина тохар. ХIаъ, ледара хIума дара цо аьлларг, осала хила а там бара, амма нахана хьалха сийсазваро сий ца ойбу йа вешин а, йа и шоу хIоттийначийн а".

Яхначу заманахь нохчашлахь бехкбаккха, оьгIазбахийта тарлу хIуманаш, Кадыров Нохчийчоьнан урхалле веачхьана, къобалдеш ду. Забар ярна махках ваккхар, гергарчаьргара девллачу зуламашна тIехула юкъара жоьпалла тIе а дожош, махкара лелхор, жимахволчо воккхахаволчунна бетах тохар – Кремло Кадыровна еллачу бакъонийн жамI иштта ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG