ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь Мусаева Заремин кхелехь суьдхо реза ца хилла гIуллакх листа


Мусаева Зарема, доьзалан архивера сурт
Мусаева Зарема, доьзалан архивера сурт

Соьлжа-ГIалин Ленинскан кIоштан кхелехь Мусаева Заремин хьокъехь йолчу кхеташонехь суьдхо Башуев Ахьмад реза ца хилла кхин дIа и гIуллакх листа - хьалхо цуьнан административан гIуллакх ша теллинера, аьлла бух балийна цо. Прокуратурано, адвокаташ а къобалбина цуьнан сацам. Делахь а, кхело Гезгмашин-беттан 12-чу дийне кхачалц яхйина цуьнан чохь яккха тоьхна хан.

Федералан кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин зуда, бакъоларъярхойн Янгулбаев Абубакаран, ИбрахIиман нана бехкейо полисхочунна тIелатар дарна, ша Нижний Новгородера лачкъа а йина, нуьцкъаха Соьлжа-ГIада схьаялийча.

Кхелан кхеташо йолалуш Мусаева Заремин вон хиллера, суьдхочо цхьана ханна кхеташо юкъахяьккхира, дийцина "Iазапашна дуьхьало латточу Тобано". Янгулбаев Абубакара хаам бина, шен нанас цкъа бен кхелехь дакъа ца лаьцна – цунна 15 дей-буьйсий чохь яккха административан гIуллакхехула хан тухучу хенахь. Чохь латтор, йа дIахецар кхело луьстучу кхеташонашкахь Мусаевас видеозIенехула дакъа лецна.

"Тахана кхелехь цунна вон хиллера, верриг зал чуьра ара ваьккхира. Ненехь чIогIа вон хьал ду, ур-атталла оьрсийн низамашца а цуьнан хьал кхайкхийначу таIзарца догIуш дац", - тIетоьхна Янгулбаевс.

Бакъоларъяран "Iазапашна дуьхьало латторан Тобано" Мусаевана адвокаташ белла: Караваев Александр, Добронравова Наталья, Немов Александр а. Цара массара а гIуллакх листарехь дакъа лецира.

Хаам хийцина бу 16:30 мск. сахьт даьлча: суьдхо гIуллакхах дIакъастарх лаьцна хаам бу тIетоьхнарг.

  • Дечкен беттан 20-хь Нохчийчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттина волчу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. ДIалоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетам чуьра а йоккхуш, иза дIаюьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
  • Кадыров Рамзана ца лечкъадо Мусаева Зарема дIалацаран бахьанаш – цо бахарехь, ЯнгулбаевгIеран доьзал оппозицин 1ADAT боламца боьзна бу. Дечкен-беттан 21-чу дийнера 24-че кхаччалц Нохчийн Республикан куьйгалхочо оцу темина лерина 10 текст а, видео а арахийцира шен телеграм-каналехь. Чиллан-беттан 1-хь пачхьалкхан думан депутата Делимханов Адама дIахьедира, "дийнахь, буьйсанна, ницкъ, хьал, тIаьхье ца кхоош" ЯнгулбаевгIарна тIаьхьбевлла хьийзар ву ша.
  • Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехке а йина, цул тIехьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIекхетта аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "цуьнан бIаьрг боккхуш лаьттара цо". Лачкъийна ши кIира даьлча бен дуьххьара Мусаева Заремина тIекхача аьтто ца белира адвокатан. Чохь латто сацам беш кхел йоьдучу юкъанна Мусаева кхетамчуьра яьлла яра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG