ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ДНР-хь" шен таронаш хилийтархьама, цигара эскархой гулбо Нохчийчоьнан куьйгалхочо – ВСУ


Оьрсийн эскархой бу шех "ДНР" олучу меттехь. Гайтаман сурт
Оьрсийн эскархой бу шех "ДНР" олучу меттехь. Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхо шех "ДНР" олучу кIоштехь меттигера эскархой гулош хьийза, цигахь шен таронаш хилийтархьама, дуьйцу ВСУ-н леррина операцеш йаран ницкъаша кхоьллина йолчу украинхойн дуьхьало йаран къоман Центро.

Сепаратистийн республикан куьйгалхо Пушилин Денис зазадоккху-баттахь Нохчийчу кхачарна тIехула бина эксперташа ишта сацам. Оьрсийн спецназан университетехь хилла иза – тIом болабелчхьана йолахой кечбеш йу иза – иштта дIахьедира, кхузахь Iамора бу "ДНР-ра" инструкторхой а аьлла.

Дуьхьало йаран Центран хаамашца, Соьлжа-ГIалахь кечбийр бу оьрсийн лаккхарчу хьаькамийн "ДНР-ра" хадархой а, нохчийн тIеман тобанашна лерина ницкъахой а. Сепаратистийн регионехь Кадыров шен таронаш шорйан гIерташ хилар гойту, аналитикашна хетарехь, республикехь 300 имамаш а, къедаш а тIамна кечбеш хиларо.

Кадыровхойн эскарша дIалаьцначу Украинан латтанаш тIехь шайн ницкъ чIагIбо бохучух лаьцна Кавказ.Реалиин сайте дийцира пачхьалкхан йоцу "Евромайдан SOS" цхьанакхетарийн дакъашхочо Савва Михаила – Украинан дозанехь лелош долу зуламаш дIайаздеш лела иза. Цо бахарехь, "ЛНР", "ДНР" шех олучу меттигашкахь нохчий тобанаша, доккхачу декъанна, вовшах а йохуш, меттигерчу индустрин объектийн техника республике хьежайо. Боьдуш тIом а болуш, и хаамаш бакъхилар талла йиш йац.

  • ГIадужу-баттахь Кадыровс иштта хаамбира, "ДНР" аьлла шаьш дIакхайкхийначу республикехь шен "векал" хIотторах – иза ву цул хьалха вевзаш ца хилла Ростовра бизнесхо Мударов Рамзан. Алап а ца луш бийр бу цо бохура шен болх.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан бIанакъостах волчу 25 шо долчу бизнесхочунна Корчагин Валидана Украинехь тIом болабеллачул тIаьхьа оккупаци йинчу Мариуполера металлургин комбинат а, Оьрсийчуьра арайаьккхинчу кхечу пачхьалкхера йоккхачу бизнесан активаш а кхаьчна. Цунах лаьцна йаздина "Би-би-си-н оьрсийн сервисо". Дуьйцург ду "Арена" компанин дакъа а – цо эцнера америкахойн Starbucks кофейнеш, Оьрсийчуьра дIабахначул тIаьхьа. Кадыровн бIанакъостах партнер хилла рэперан Юнусов Тимуран (Тимати), рестораторан Пинский Антонан а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG