ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламан комитето бехктакхаман гIуллакх доладе аьлла Алаудиновна дIовш даларна тIехула


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Алаудинов Апти а. Архивера сурт
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Алаудинов Апти а. Архивера сурт

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан хьалханчас Бастрыкин Александра Коьртачу тIеман талламан урхаллина тIедиллина, нохчийн спецназан буьйранчана дIовш дала гIортарна тIехула бехктакхаман гIуллакх долор, дуьйцу оцу хьукматан телеграмерчу каналехь. Алаудиновн адвоката Шапиро Дениса арз диначул тIаьхьа цхьа де-буьйса йаьлча долийна гIуллакх.

Юристо бахарехь, Оьрсийчоьнан даржашкахь болу зуламна "шайн лаамехь гIо дина болу", йа ледарло йалийтина болу нах а жоьпалле озо беза.

Дагадоуьйту, Алаудиновна Украинехь чиллан-беттан йуккъехь дIовш даларх лаьцна дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, чиллан-беттан 8-хь Алаудиновга "дIовш тIехь долу" кехат кхаьчна хиллера. Регионерчу хьаькамо бахарехь, хIетахь таллам болийнера, йуьхьанца жамIаш хилира – царах лаьцна хIумма а ца дийцина.

Ша Алаудинjв Кадыровца зIене велира дарбан хIусаман палати чуьра, хетарехь, Москвахь вара иза – тIаьхьо цунна хьошалла дан вахара "ЧВК Вагнера" кхоьллина волу Пригожин Евгений. Хаам бора, Алаудинов Украине йухавеара зазадоккху-беттан 7-хь. Алаудиновна хиллачу зенех лаьцна хаамаш бац, амма цо ша бохура, шена хIинца а кхоччуш дарба ца хилла.

  • Оьрсийчуьра дIавахначу оппозицин жигархочо Янгулбаев Абубакара хьалхо дIахьедира, Кадыров Рамзанна уллерчу стагна дIовш делла бохург цуьнан пиар йар хета шена аьлла.
  • Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хилла гIовс, "Ахмат" лерринчу декъан командир Алаудинов Апти сепаратистийн "ЛНР-н" халкъан милицин 2-чу армин корпусан буьйранчан гIовс хIоттийра дайначу шеран лахьан-баттахь. Цул а масех де хьалха иза Нохчийчоьнан йукъараллин, экономикан кхерамазаллин кхеташонан даржера дIаваьккхира.
  • Американ пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре ваьккхира Алаудинов. Т1аьхьо Латвин дозане кхачар дихкира цунна. 2020-чу шарахь Великробританино а йехира нохчийн эскархочунна дуьхьал санкцеш. Украинан кхерамазаллин Сервисо Алаудинов шеконашка лецира Украинан цхьаалла йохо гIертарна бехкашна тIехула.
  • Краснодарехь талламхой дуьхьал хилира меттигерчу бахархоша Байгузин Евгенийс а, Пупкова Надеждас а бинчу латкъамашна тIехула гIуллакх долон – 2020-чу шарахь полисхоша аьчкан кевнашна тIе дIабихкинера уьш.
  • Краснодаран махкахь полицин декъехь Iазапехь латторна тIехула йалхалгIа гIуллакх долон дуьхьал хилира талламхой. Меттигерчу вахархочо Скиданов Евгенийс бахарехь, полисхоша дIа а вихкина, хьала уллура иза, коган пIелгех серий а доьхкий, ток йеттара, телатан тIоьрмигца садукъош, бетах хIума йетташ хьийзийнера иза полисхоша.
  • Полисхоша дIа а лаьцна, йетта а йиттина, цул тIаьхьа кхелхина волчу 45 шо долчу Кавелидзе Георгийн историна тIехула гIуллакх долон реза ца хилира Краснодаран махкахула йолчу Талламан комитетан урхалла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG