Сепаратистийн "ДНР" латтанаш тIехь хиндолчух нохчийн батальонаша жоп лург хиларх дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Хьалхо кадыровхой дукхахьолахь "ЛНР" олучу меттехь лаьтташ хуьлура. Кадыровна шен тIеIаткъам луларчу сеператистийн "республикехь" чIагIбан лаарах хьалха а дIахьедира масех эксперто.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграм-каналехь дийцира, нохчийн батальонийн кхечанхьа дехьабовлар тIеман министралло къобалдина хиларах - политико массийтуза йемалйинера и министралла, амма кхушеран бIаьста президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхетар ма хилланехь, цо шен хьежамаш дукха сиха хийцира.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча, "Ахмат" батальонан буьйранча волчу Алаудинов Аптис бахарехь, нохчийн батальонаш украинхойн Марьинка гIалана улло дIайигна - Оьрсийчоьно оккупаци йинчу Херсон, Запорожьен мехкашкахь а, сепаратистийн ДНР латтанаш тIехь а хиндолчу тIелатарна кечамбарах дийцира цо. Iалашонаш йу "цхьа могIа" меттигаш дIалаца олуш - билггал муьлхарш, хууш дац.
Стигалкъекъа-беттан 31-хь Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьедина, лерринчу Iалашонийн батальон "Марьионо агIора дикка кхиамаш беш йу" аьлла. Цу хаамна кхин тоьшаллаш дац.
- Чиллан-беттан 24-хь дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочо "Киев схьайаккха" ша кийча хилар дIахьедеш кхерамаш цкъа тийсина ца Iара. Ткъа цуьнан уллорчу накъосташа шаьш "Берлине кхача" лерина ду бехира. Оьрсийчоьнан эскарш зазадоккху-беттан чакхенгахь Киев-мохк буьтуш, йухабевлира. Иза украинхойн эскаран дуьхьало хиларан тоьшалла дара.
- Украинехь тIом болабелчахьана, "тикток - эскарш" аьлла цIе дIайахна кадыровхойн: тIеман эксперташа а, гиначара а дийцарехь, нохчийн эскархой Оьрсийчоьно дIалаьцначу латтанаш тIехь лаьтташ бу. ISW институто нохчийн эскархой тIамехь дакъалоцуш бац, дукхахьолахь оккупаци йинчу меттигашкахь лаьтташ хуьлу аьлла, дIахьедира. Иззадуьйцура Украинин агIонехь тIом бечу Къилбаседа Кавказера тIемалоша а.
- Совет Iедалан эскарш Германера ара ца девллехьара, дика хир дара бехира Кадыровс. Украинера тIом дIабаьлча, Польшина демилитаризаци а, денацификаци а йан йогIу бохуш, къамелаш дира, Санкт-Петербургехь хиллачу экономикин форумехь Казахстанан президенто Токаев Касым-Жомарта динчу дIахьедаршна резавоцуш кхийссарш йира. Токаевс шаьш "ДНР", ЛНР" кхоллараш къобал ца до аьлча.
- Стигалкъекъа-беттан 5-хь ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо Пригожин Евгенийс Бахмут гIалана уллохь шен йолахой баларна бехкебира Оьрсийчоьнан тIеман министраллин куьйгалхо Шойгу Сергей, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу штабан куьйгалхо Герасимов Валерий а. Уьш баларан бахьана дара, цо дийцарехь, царна 70% тIеман гIирс цатоар. ТIаьхьо Пригожина ша шен нах цигара дIабуьгу элира. Кадыровс "Ахмат" батальон Бахмуте дехьайаккха ша реза вуйла хаийтира. ЧВК"Вагнеран" куьйгалхо цо аьллачунна тIетайра. Амма цу дийннахь хиира, ТIеман министралло Пригожинна оьшу тIеман гIирс лур бу аьллийла.