ТIаьххьарчу деношкахь тохарш дечу Белгородан кIошта нохчийн дакъош хьовсор хьехна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Кадыровхойн шатайпа говзалла а, зеделларг а ду аьлла, дIахьедина цо - хьалхо бакъонашларйархоша дийцира, официалан дакъошка Нохчийчохь ницкъахоша лечкъийна нах дIайазбеш бу аьлла.
Шен телеграм-каналехь Кадыровс мах хадийна нохчийн тIеман дакъойн терахьаллин 70 эзар стаг ву аьлла – цо аьлларг бен кхин тоьшалла дац цунна. Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьедина, антитерроран зеделларг а ду шайн, керла йукъадаьлла герз а, тIеман гIирс а бу, Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" кечамаш бина а бу уьш аьлла. Цигахула чекхбуьйлу Оьрсийчуьра боллу лаамхой олурш – шина кIиранал сов дац Iамораш.
Украинана дуьхьал тIом болийчхьана бакъонашларйархоша а, Кавказ.Реалиин сайтан хьасташа а масийттазза дийцира, тIелатарехь дакъалоцуш ницкъахоша махкахь лечкъон бахархой бу бохуш. Царех цхьаболчарна ультиматумаш хIиттайора йа тIаме доьлху шу, йа тIехь гIело латтор йу шаьш, цул тIаьхьа шайггара дуьхьал даьхначу гIуллакхашкахула хенаш кхачор йу бохуш. Иштта Нохчийчохь салтий хуьлу, масала, нохчийн оппозиционерийн гергарнаш. Бертаза Нохчийчуьра бахархой тIамтIе хьийсабо бохуш, хаамаш кхочура Оьрсийчоьнан Iедалхоша мобилизаци йирзина аьллачул тIаьхьа а.
Кадыровхой Украинехь гIарабевлира "тикток-эскарш" аьлла: тIеман эксперташна а, тешашна а хетарехь, нохчийн салтий Оьрсийчоьно схьайаьхначу территореш тIехь бу. Америкахойн "ТIом зуьйчу Институто"(Institute for the Study of War) чIагIдора, нохчийн дакъош тIемашкахь дакъалоцуш дац, царех тылехь пайдаоьцу бохуш. Цунах лаьцна дийцира, Украинехьа тIемаш бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша а цхьаьна.
- Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь Кадыровс хьийхира нохчийн тIеман дакъош ЧВК "Вагнеран" метта Бахмутна герга хьийсаде аьлла. Компанин долахочо Пригожин Евгенийс къобалбира и сацам – цул хьалха цо дIакхайкхийнера шен йолахойх дуккха а хIаллакхиларна а, тIеман министралло оьшу гIирс ца латторна а цигара уьш арабохуш хиларх. Делахь а, оццу дийннехь къаьстира, тIеман министралло Пригожинна оьшу тIеман гIирс латтор бу шаьш аьлла, дош деллийла.
- Стигалкъекъа-бутт бовш сепаратистийн "ДНР" латтанаш тIе кадыровхой дехьабахарх дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамазан. Iалашонаш йу "цхьа могIа" меттигаш дIалеца олуш - билггал муьлхарш, хууш дац. Оцу тIехула нохчийн командирийн а, Пригожинан а дов иккхира. ЧВК-н куьйгалхочо аьллера, кадыровхойн хIун Iалашо йу ша хууш вац аьлла – цунна жоп лучу парламентан спикеро Даудов Мохьмада а, Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама а, "Ахматан" командиро Алаудинов Аптис а массарна а гергахь бехкевира Пригожин, Бахмут йолчахь дуккха а эскархой баларна а, тIеман гIирсан къоьлла йу бохуш, даздина дийцарна а. Кхерамаш тесира цунна тIеман куьйгаллера цо шога бехкаш дахарна.
- Чиллан-беттан 24-хь дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочо "Киев схьайаккха" ша кийча хилар дIахьедеш кхерамаш цкъа тийсина ца Iара. Ткъа цуьнан уллорчу накъосташа шаьш "Берлине кхача" лерина ду бехира. Оьрсийчоьнан эскарш зазадоккху-беттан чакхенгахь Киев-мохк буьтуш, йухабевлира. Иза украинхойн эскаран дуьхьало хиларан тоьшалла дара.
- ТIаьххьарчу деношкахь меттигерчу Iедалхоша дIахьедо, Шебекино гIалина а, Шебекинан кIоштара эвлашна а ВСУ-н агIор болчара денна бохург санна тохарш до аьлла. Украино цунна йеш комментари йац. Хьалхо губернаторо Гладков Вячеслава тIечIагIдира, Новая Таволжанкехь тIемаш хиларх – Украинаца дозанехь лаьттачу Белгородан кIоштара эвла йу иза.