ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дарбанан цIийне кхачийна лаьцна латтош йолу нохчийн жигархойн нана Мусаева Зарема


Мусаева Зарема Соьлжа-ГIалара кхелехь йу, 2023 шеран чиллин-беттан 2-гIа де
Мусаева Зарема Соьлжа-ГIалара кхелехь йу, 2023 шеран чиллин-беттан 2-гIа де

Нохчийчохь полисхочунна тIелетта аьлла, бехкейен Мусаева Зарема дарбанан цIийне кхачийна. Хьалхо кхелахочо дуьхьало йинера нохчийн жигархойн ЯнгулбаевгIеран Абубакаран а, ИбрехIиман а, Байсануран а ненан могушалла зен – цуьнан шеконаш йацара лаьцначун хьолах.

Мусаева дарбанан хIусаме йигарх хаамбира Янгулбаев Абубакара. Цо дагадаийтира, шен нана СИЗО-хь латточу цхьана шарахь эхашарахь а цуьнан могушалла эшна хиларх – шолгIачу барамехь йолу диабет йоцург а, бIаьрса гIелделла догIу цуьнан, букъца лазар а тIетаьIна. Мусаева ара ца йалало йолайала, гIудалкх чохь дIасайуьгу иза.

Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь Къилбаседа Кавказера "Iазапашна дуьхьал Командин" офисан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас карладаьккхира, хьалхо Мусаеван адвокаташа кхеле дехар дарх, рогIера могушаллин талламбан хьажор стационаре.

"Суьдхойн тIаьххьарчу кхеташонехь кхело пренешка ладогIар марсхьокху-беттан 15-чохь хир ду аьллера. Тхуна хетарехь, оццул йоккха хан йукъа йитарна, цо дехар динчу дарбанан цIийне хьажийна иза. Амма билггал иштта ду бохийла дац тхан, тIекхочийла дац цунна тхан", - аьлла Вансловас.

Хьалхо Мусаеван адвокато тIедожийра цуьнан могушалина экспертиза йар, иза дарба дан охьайилла оьшу йа ца оьшу хьажа. ХIунда аьлча, гипертонин кризаш бахьана долуш кхетамчуьра йуьйлура иза. Кхело дуьхьало йира, формалехь бахьана дара – стационарехь дарба дан оьшу аьлла, адвокаташа документаш чу ца далар.

Чиллин-баттахь Мусаева Заремас ша дийцира шен бIаьрса СИЗО-хь талхарх – 2022-чу шеран дечкен-баттера схьа дуьйна лаьцна латтош йу иза. Цул совнах, цо билгалдаьккхира, глюкоза хьала-охьа идарна а, даим а дегIера гIора дарна а "дика хьал дац" шегахь аьлла. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь тоххара цуьнан кIанта Янгулбаев Абубакара а бакъдира, СИЗО-хь латточу шен нанна кхечу наха латтош ду инсулин, цигарчу лоьраша луш дац аьлла. Цундела, масала, чохь латтош йолчу цуьнан аьтто ца хуьлу арахула йолайала. Адвокато Немов Александра а дийцира иштта, СИЗО-хь Мусаеван могушалла мел а телхина – инсулинах кхин а чIогIа йоьзна йу иза, цамгар чIагIлуш йу аьлла.

  • Дечкен-беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира. Лоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIайуьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
  • Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара.
  • Кавказ.Реалиис ма-дарра дийцира Мусаева Заремин гIуллакхех лаьцна а, оцу гIуллакхех дуккха а цхьаьна цадогIурш хиларх а.
  • Бакъоларйаран "Поддержка политзеков. Мемориал" проекто политикан тутмакх лерина Мусаева Зарема.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG