ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гечдар доьхуш сийсазен видеош гайтар ламаст ду аьлла кхетийна нохчийн министро


Дудаев Ахьмад
Дудаев Ахьмад

Нахана хьалха стаг дIа а хIоттийна, цуьнга гечдар дехийтар халкъан ламасташца доьзна ду аьлла Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин министро Дудаев Ахьмада. Цунах лаьцна пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь дIахьедина цо.

"Цхьаболчара бехкаш доху тхоьгара, нохчашлахь тоххара хилла дац иштаниг бохуш. Амма, хууш ма-хиллара, вайн даим а хилла ду: нагахь оцу стагера вониг даьллехь, церан тайп-тукхам, йоллу йурт гуллуш хилла, дукха хьолахь, маьждигехь. Цигахь дIакхайкхош хилла, хьенехан минехо хIара-важа дина олий…И бохург ду, оцу кепара ламаст хилла хилар", - далийна Дудаевн дешнаш "Грозный-информ" сайто.

Министрана хетарехь, массарна хьалха дIахIоттийна, гечдар дехийтар "пайден" ду, цо ма- аллара, махкара арабевлла, нохчийн гIиллакхийн гурашкара бовлучу кегийрхошка диллича.

  • Нохчийн пачхьалкхан телехьожийлехь а, меттигерчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кестагучуюьйлу къурд олуьйтуш видеорепртажаш. Бахархой "сийсазбечу видеон" терго йира Американ дуьнеанюкъарчу динан маршонан Комиссино шен 2021-чу шарахь арахецначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, Нохчийчоьнан зорбан а, информацин а министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш йахар.
  • Камерана хьалха "къурд" аларо пайда бохьу элира нохчийн вице-премьеро Умаров Джамбулата а. Цунна хетарехь, нахана хьалха дIа а хIоьттина гечдар дехар эхье хIума дац, мелхо а, шен сица оьздангалла а, гIиллакх а хилар ду. И практика йоллу Оьрсийчохь яржо еза бохура цо.
  • Украинана дуьхьал тIом болийчхьана Оьрсийчохь бIе гергга меттиг нисбелира камера хьалха а хIиттош, тIамна дуьхьал болчу жигархошка къурд олуьйтуш. Царех ши дакъа сов нисделла аннекси йинчу ГIирмехь, иштта инциденташ хилира Кубанехь а, Дагестанехь а. Кавказ.Реалиин сайто къастийра, Нохчийчохь йаьржинчу сийсазен практикех ницкъахоша кхечу пачхьалкхан регионашкахь пайда стенна оьцу хьожуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG