ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн бакъоларйархо Янгулбаев Абубакар террорхойн а, экстремистийн а тептаре ваьккхина


Янгулбаев Абубакар
Янгулбаев Абубакар

Нохчийн бакъоларйархо Янгулбаев Абубакар Росфинмониторинго экстремистийн а, террорхойн а тептаре йазвина. Муьлхачу Iедалан къепенан буха тIехь и нисвелла цигахь, билгалдаьккхина дац. Марсхьокху-беттан 23-чохь Кавказ.Реалиин сайто хаамбира жигархо федералан лехамашка валарх – карточки тIехь иштта йаздина дац, мича буха тIехь айдина гIуллакх.

Ша бакъоларйархочо дийцйира, тептаре ша йазвина аьлла редакцин журналисташца хиллачу къамелехь бен хиина дац шена.

"ХIаъ, йуханехьа дийцарш дуьсу, терроризм лелош йолчу наха террористаш бу бохуш, кхин нах бехбо – оцу стага цхьаъ аьллера аьлла. Иштта дIанисйина система йу, хьан ойла бIостане йелахь, цунах терроризм олу", - аьлла Янгулбаевс.

Марсхьокху-баттахь дийца даьккхира, Янгулбаевна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхарх, терроран гIуллакхаш дар хьоьхуш, интернетехь кхайкхамаш барна. Бахьана ду, стохкалера Янгулбаевн телеграм-каналера публикаци: "2022-чу шеран стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь тротил эккхар ду, 2004-чу шеран стигалкъекъа-беттан 9-чохь а санна" аьлла, цо йазйина хилла. Соьлжа-ГIаларчу стадионехь Нохчийчоьнан президент Кадыров Ахьмад кхалхар ду дуьйцург. Карарчу хенахь публикаци дIайаьккхира.

Жигархочунна дуьхьал айдина шолгIа гIуллакх ду хIара. Мангал-баттахь цунах шеко хилира, цо экстремистийн гIуллакх лелор вовшахтоьхна аьлла. Бахьана дара, цуьнан вежарша ИбрахIима а, Байсангура а лелочу оппозицин 1АДАТ боламан эфирашкахь дакъалацар. Оцу йукъанна ша бакъоларйархочо масийттазза дIахьедира, шен телеграм-каналаца гIуллакх дац, йа цара лелочунна реза а вац ша аьлла.

  • Товбеца-беттан 4-чохь Соьлжа-ГIалара кхело колонихь даккхийта пхи шой ахшой туьйхира Мусаевана – оццул хан йоьхура прокуратуро а. 52 шо долчу зудчунна тIаьхьабовлар политикан бух болуш лору бакъоларйархошна, адвокаташа масийттазза дIахьедира цуьнан гIуллакхехь харцонаш лелийна хиларх. Мусаева лачкъийча дуьйна, цуьнан могушалла дика йоццушехь, изоляторехь латтийра иза. "Уггар коьртаниг – со цIена йу", - дIахьедира цо шена таIзар кхайкхийначул тIаьхьа.
  • Мусаевана кхело вердикт кхайкхочу дийнахь Соьлжа- ГIалахь герзашца тIелетира цуьнан адвокатана Немов Александрна а, "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а. Москвара шога оцу зуламна реакци йинчул тIаьхьа, Кадыровс дош делира "йист йаккха" гIуллакхан, амма хIетте а бехкехетарш хIинца а лецна бац.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо диллина дIахьедира, ЯнгулбаевгIеран доьзале хьоьжуш "набахтехь, йа лаьтта бухахь меттиг бу". Мехкан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адама массарна а хезаш дIакхайкхийра,"коьртеш дохур ду" ЯнгулбаевгIеран доьзалан аьлла, иштта Соьлжа-ГIалахь дуккха а бIенашкахь нах арабевлла митинг хIоттийра, декъашхоша когашца хьоьшура церан суьрташ, дагадора.
  • Марсхьокху-баттахь Нохчийчуьра ЯнгулбаевгIеран виъ герагра стаг Украинерчу тIаме хьажийра бертаза – деваша а, кхо шича а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG