ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьмсахь Шейх Мансуран цIарх батальонан база йелларх дийцина Кадыровс


Гуьмсара тIеман база схьайоьллучехь ву Кадыров Рамзан / Цуьнан телеграм-каналерчу видеон стоп-сурт
Гуьмсара тIеман база схьайоьллучехь ву Кадыров Рамзан / Цуьнан телеграм-каналерчу видеон стоп-сурт

Нохчийн Гуьмсехь керла эскархойн база йиллина – гIадужу-беттан 12-хь дуьйна Шейх Мансуран цIарх герз кхийсаран батальон хир йу цигахь куп тоьхна. Цунах лаьцна шен телеграм-каналехь дийцина Кадыров Рамзана.

Батальон дуьххьара дIахIотточу хенахь Шейх Мансур "Кавказан къаьмний бакъволу хьалханча" ву аьлла Кадыровс, "бакъо йаккха гIерташ, верриг машарехь вахийта лууш, иштта … паргIат цаьрга шайн дин леладайта лууш" вара аьлла цо иза.

Шейх Мансур – иза Къилбаседа Кавказан къаьмнийн гIаттман боламан хьалханча вара 1785-1791 шерашкахь – оьрсийн эскархоша йийсаре а лаьцна, валлалц Петербургерчу Шлиссельбургскан гIап чохь йаккха хан туьйхира цунна.

ТIеман министраллехь критика йира, керлачу батальонна Кавказан гIаттамхойн хьалханчан цIе тилларна. Пачхьалкхан думин цхьайолчу комитетан декъашхочо Соболев Виктора талла элира, Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бинчу стеган цIе стенна тиллина керлачу Нохчийчуьрчу батальонна. Цунна жоп луш думин Нохчийчуьрчу депутата Делимханов Адама шога критика йира Соболевна, цуьнаца "къасто" дагахь ву ша элира.

  • Шейх Мансуран цIарх долчу кадыровхойн декъан командир хIоттийна, оппозицин политик Немцов Борис верца воьзна хила тарлуш волу Геремеев Руслан. Оцу кепара Геремеевна "реабилитаци" йан гIерта Кадыров, элира Кавказ.Реалиин редакцица къамел динчу эксперташа.
  • Украинин эскарехь а йу Шейх Мансуран цIарх нохчех лаьтта эскархойн тоба.
  • Шейх Мансуран цIарх йолчу украинхойн батальонерчу эскархоша масийттаза дIахьедира, Украинерчу тIамехь Оьрсийчоь эшначул тIаьхьа, Кавказна "деоккупаци" йан дагахь ду шаьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG