ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхошна а, тIеман полицин белхахошна а йукъахь вовшахтасадалар хилла оккупаци йинчу Мелитополехь


Оккупаци йинчу Мелитополехь "Ахмат"СОБР-н декъашхо /Гайтаман сурт
Оккупаци йинчу Мелитополехь "Ахмат"СОБР-н декъашхо /Гайтаман сурт

Нохчийн "Восток-Ахмат" батальонан эскархой тIелетта оккупаци йинчу Мелитополехь кехаташ толлучу тIеман полицин белхахочунна. Дов далар видеорегистраторца дIайаздина, йахначу буса машанехь даржош.

Оьрсийчоьнан масех телеграм-каналаша а, социалан машанашкара тобанаша а йаржийначу, шина минотехь йинчу видео тIехь эскархочо сацайо йезачу машенийн ковра, царна йукъахь йу Москвара номерш йолу Iаьржа Mercedes а, документаш хоьтту цаьрга. Машенна урхалла дечо кехат дIакховдадо, цо бахарехь – доза доцу кехат ду иза. Талламбечо дIахьедо, документ бакъо йолуш дац, хIунда аьлча, цу тIехь йазйина цуьнан хан хила йеза аьлла.

"Суна бен-башха дац, шуна хетарг. Со батальонан командир ву. Полкан командиро делла и кехат – кхин дIа дийца оьшуш а дац", - жоп ло кадыровхочо, шогаллица боьха мотт а лебеш.

Машенашка хьожучо йуьстах йаккха машен аьлча, оцу машенчуьра арабевллачу эскархоша масийттазза туху цунна. Оцу йукъанна видео тIехь гуш ду, царех цхьаболчара герз дулуш. Йетташ татанаш хеза, нохчийн мотт буьйцу. Оцу тIехь хедаш йу видео.

ВЧК-ОГПУ телеграм-каналан хаамашца, видео тIехь ву "Восток-Ахмат" батальонан командир Хамбулатов. "Донбасс а, тхо а" пабликан авторо чIагIдо, оккупаци йинчу Мелитополь гIалин йуккъехь, "Квартал" йохк-эцаран центрна уллохь, хилла йу инцидент аьлла. Ролика тIехь нисделла иштта Хамбулатовс гойтучу кехатан дакъа а. Цу тIехь къаьсташ хIоттийна номер йу, Борзойхь куп тоьхначу 291-чу полкан декъан.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана масийттаза йаздира шен каналехь "Восток-Батальон" командирах Хамбулатов Вахех лаьцна шен каналехь. 2023-чу шеран гIадужу-баттахь республикин лаккхара совгIат дира цунна – Кадыров Ахьмадан цIарах орден.

Официалан структураша, Оьрсийчоьнан тIеман министралло а, оккупаци йинчу Мелитополян администрацино а цхьаьна даьллачу девнах лаьцна карарчу хенахь йаздина дац.

  • Донецкан кIоштара Урзуф эвлахь 2023-чу шеран аьхка герзаш деттар нисделлера кадыровхошна а, оккупаци йинчу оьрсийн тIеман комендатурин а белхахошна йукъахь. Цунах лаьцна дIахьедира Мариуполян мэран хьехамчас Андрющенко Петра. Мариуполь гIалина 45 чакхарма дехьа йолу и эвла а йу Оьрсийчоьно дIалаьцна. Оцу конфликта йукъахь хилла кхелхина виъ эскархо воцург а, ворхI маьрша вахархо а вийна цигахь, чIагIдора украинхойн агоIно.
  • Нохчийчохь куьйгалхо лаьттинчу Кадыров Ахьмадан цIарах нохчийн дакъон терахь 14-не даьлла. Царех ах бохург санна вовшахтуьйхира Украинехь тIом болийначул тIаьхьа, дисина дакъош терроризмаца къийсам латтон аьлла кхоьллира. Кавказ.Реалии редакцино дуьйцу, маца, муха вовшахтоьхна и дакъош, хIун башхалла йу царна йукъахь.
  • 2022-чу шеран охан-баттахь Украинан тIеман министралло хаамбира, оьрсийн эскарша гоне йерзийначу Украинерчу Херсонан кIоштарчу Киселевка эвлахь вовшашна тIе герзаш деттарх Бурятерчу а, Нохчийчуьрчу а эскархоша. Украинхойн агIоно бахарехь, дов даларан бахьанаш дара буряташ тIелата дуьхьал хилар а, нохчашца долчу хьелашкахь "бакъонаш цхьабосса цахилар" а, лачкъийнарг нийса йоькъуш йацар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG