Соьлжа-ГIалин кхело меттигерчу вахархочунна Саидов Мохьмад-Эмина гIуда тоьхна Оьрсийчоьнан армина "дискредитаци" йарна. 2022-чу шеран зазадокху-баттера схьа дуьйна оцу административан артиклца – хIара доьалгIа гIуллакх ду республикехь. Сацам бина хилла 2023-чу шеран гезгамашин-баттахь дуьйна, амма кхелан сайтехь хаам хIинцца бен гучубаьлла бац.
ГIуллакхан материалашца а догIуш, Саидовс "KaiserWilhelmII" никца телеграм-канале хIоттийна хилла "Республикан кхелан экспертизан центро" экстремистийн а, "Оьрсийчоьнан тIеман эскаршна дискредитаци йан" а хьажийна йу аьлла публикацеш. Говзанчан жамIаш а цхьаьна гIуллакхан материалашна йукъа дахийтина.
Кхело лерина, таIзаре хIоттийнарг къера хилар, иштта цуьнан бахаман хьал а, цундела 15 эзар соьмана гIуда тоьхна валийтина иза. Оцу артиклехула туху гIуда – 30 эзар сом ду.
Иштта Саидовн хьокъехь протокол хIоттийнера экстремистийн символика гайтина цо аьлла, амма Соьлжа-ГIаларчу Ахматовский кIоштан кхело процессулан бакъонаш йохийна аьлла, гIуллакх полицига йухахьажийра.
2023-чу шеран гIуран-баттахь Шела кIоштан кхело йукъахдаьккхира кхечу Нохчийчуьра вахархочун Дедеев Мохьмад-Салахьан хьокъехь гIаттийна хилла "дискредитаци" йарх гIуллакх. Бахьана дара зуламхо жоьпе озон магийна хан тIехйалар.
Хьалхо цхьахволчу адвокато дийцира Кавказ.Реалии сайте, "дискредитаци" йарх гIуллакхаш Нохчийчохь кIезиг хилар пайден ду Кадыровна, дуьхьалончаш бац, шен куьйгакIел болу нохчий тIамехьа бу аьлла, Москвана дIагайта.
- Соьлжа-ГIалара Заводской (карарчу хенахь Шейх-Мансуран кIошт) кIоштан кхело бехке лаьрра Арсаев Асланбек а, ткъа Ахматовский (Ленинский хилла) кIоштан кхело Идигов Хизир бехкевира "Оьрсийчоьнан эскарна дискредитаци" йарна аьлла.
- 2023-чу шарахь иттаннашкахь къилбан регионашкара бахархошна дуьхьал дехира Оьрсийчоьнан армина "дискредитаци" йарх административан гIуллакхаш. Царех цхьаболчарна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш дехира йуха а "дискредитаци" йарна а, эскархойх лаьцна "фейкаш" йаржорна а. Цхьаболчурна гIуданаш диттира, вукхарна стаг вийча санна хенаш йиттира, йа миллионашкахь кхаьънаш охьадахкийтира. Кавказ.Реалиин редакцино зийра репрессеш йар даржар.
- 2023-чу шарахь Оьрсийчоьнан кхелашка кхечира армина "дискредитаци" йарх 2870 административан гIуллакх. Краснодар-мохк орцу кепарчу гIуллакхашца пачхьалкхехь лидерийн тептарехь йуьсу. 2022-чу шарера схьа дуьйна кхузахь хIоттийна 398 протокол. Волгоградан кIоштара жигархо Дорожная Наталья бехкейира армина "дискредитаци" йарна, цо журналисташна йелла комментарий бахьана долуш. Астрахань-махкара Журавлев Виталий бехке лерира кхело Оьрсийчоьнан армина "дискредитаци", цо президентан Путин Владимиран сурт хIотторна оппозицин комментарий а йазйеш. 30 эзар сом гIуда хьарчийра цунах.