Динна дуьхьал цо аьллачу дешнашна тIехула "аракхоса" Оьрсийчоьнан парламентан депутат Матвеев Михаил аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цхьа сахьт ахсахьт даьллачул тIаьхьа парламентхочо къинтIера валар дехна цуьнга, ша буьйцурш радикалан дин лелораш бара аьлла.
Шен телеграм-каналехь Кадыровс йаздина, Матвеевс аьллачун мах хадон беза "компетенте органаша". Политик эргIад вахийтинера, тылехь волчу депутато, ша "ойланаш йо, СВО (ишта олу Оьрсийчоьнан Iедалхоша Украинерчу тIамах.- Редакцин билгалдаккхар) йирзинчул тIаьхьа муха къастор бара-те тIеман декъашхой "бусалба боцчех а, бусалбанех а, тIаьххьарнаш дIабаха безара питанаш ца хилийта". "ГIолехь ду цхьа Матвеев аратесча, питанаш тIаккха кIезиг хир дара", - аьлла Нохчийчоьнан урхалхочо.
"Грозный-Информ" пачхьалкхан агенталлин хаамашца, дуьйцург ду дечкен-беттан йуьххьехь видеоблогеран Иванов Павелан каналехь Матвеевс дина къамел. Хетарехь, йуьйцург йу дечкен-беттан 3-чохь эфирехь депутата йовзийтина мигранташна дуьхьал а, ксенофобин а риторика
"Ислам – дикка ницкъ болу дин ду. Баккъал а Делах тешаш болчу наха, фанатикаша хIуъа а дийр ду, дуьне муха латта деза аьлла болу шайн кхетам баржорхьама. Цундела вайна хаа деза ши цивилизаци вовшахкхетар йолуш йуй", - дIахьедина Матвеевс. Цунна хетарехь, "СВО чекхйаьлла, цхьа миллион ахмиллион, йа кхин а сов долу вайн бераш цIа дирзича – тIаккха коьрта тасадалар нислур ду, шаьш пачхьалкхан дай бу бохучеран а, билггал цуьнан бакъ болчу дайн а".
Кадыровс публикаци йина цхьа сахьт ахсахьт даьллачу заманчохь Матвеевс шен телеграм-каналехь гечдар доьхуш дIайазбина видеокхайкхам хIоттийра.
"Хьоьга, Рамзан Ахматович, ала лаьа суна, аса буьйцурш, ахь ма бохху, хьайн махкахь а, Къилбаседа Кавказехь а ахьа къийсам латтийна террорхой, шайтIанаш дара", - боху Матвеевс.
"Нагахь санна, сан вежарех цхьаннах, бусалба сан белхан накъостех и хьакхалуш ду аьлла хеттехь, суна эхь ца хета, сайна гечдар деха. ХIунда аьлча, аса буьйцурш президента а, Кадыров Рамзана а къийсам латтон радикалаш бара", - аьлла тIетоьхна цо.
Матвеев Михаил – Самаран кIоштан цIарах депутат ву, КПРФ фракцин декъашхо, регионалан политикан куьйгалхочун гIовс а ву.
- Нохчийчуьра пропагандо Кадыров гойту "дезачу КъорIанна вецаш верг санна, исламан турпалхо санна, Мухьаммад пайхамаран суннаташ кхочушдийриг санна". Цо шога критика йо динехьа цабезам болчарна, къаьсттина дозанал арахьа болчарна, делахь а кест-кеста тергамза дуьту цо Оьрсийчуьра бусалбанийн бакъонаш хьешар, иштта набахтешкахь а. Нохчийчохь лоьцу мехкан урхалло магийна доцу динан гара лелош берш.
- Кавказ.Реалии сайтан зерашца, Кадыровна гергахь къурд алийтар йукъадаьккхина 2005-чу шарахь дуьйна, цу тIе Нохчийчоьнел арахьа а. Къилбаседа Кавказехь нахана хьалха дIахIиттийна гечдарх дехийтарх хронологи дIахьочу "Кавказский узел" ресурсан лараршца, 2016-чу шарахь пхоьазза нисбелла ишта меттиг, 2017-чу шарахь – 15, 2019-чу шарахь – 33, 2020 - 70 гергга. Украинана дуьхьал тIом болийначу шарахь журналисташна къаьстина 26-зза гечдар дехна гIуллакх. ТIаьхьо къурд алийтар даьржира кхечу регионашкахь а. Масала, 2023-чу шеран товбеца-баттахь тIаман дуьхьал волчу мел лахара а 94 жигархочуьнга гечдар дехийтина камерана хьалха.
- Нацизм къобалйарна а, Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна а бехкевечу иллиалархочо Шарлот Эдуарда шена гечдар дийхира дечкен-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзанна хьалха. Цо бахарехь, "цхьана хIумана йуккъехула хьахош аьшнашвинера" цо иза.