Шуьйтан кIоштан кхело Нохчийчохь бехке лаьрра меттигера бахархой Пайхаев Илес а, Юсупов Беслан а экстремистийн материалаш йаржорна, цара Ичкерин иллиалархочун Муцураев Тимуран илли социалан машанашкахь даржорна. Дуьйцург ду "12 эзар муджахIид" цIе йолу илли.
Иштта махкара вахархочо Юсупов Беслана "Одноклассники" олучу машане а цхьавна хIоттийнера. Кхелехь цо дIахъедира, ша дохковаларх, тIейогIучу заманчохь оцу кепара материалаш ца йаржон а. Оцу артиклеухула дуьхьал йоху санкцеша цхьа эзар соьмана тIера кхаа эзаре гергга гIуда тоха бакъо ло, йа 15 дийнахь-бусий лаьцна вуьту. Шуьйтан кIоштан кхело Пайхаевна а, Юсуповна а лаххара гIуданаш диттина.
"ТаьIна цIен хуьлу малх дIабузуш…" ("12 эзар муджахIид") илли Кемеровон а Калининградан а кIошташкара кхелийн сацамашца экстрмизме лерина, шозза реестре даьккхина и 2010-чу а, 2017-чу а шерашкахь. илли
Экстремистийн леринчу итт материала йукъахь ду Муцураевн иллеш, уьш даржадахь Оьрсийчохь административан жоьпалла тIедожадо кест-кеста. Оьрсийчохь цамагийначех ичкерихойн илланчин 30 илли ду. Шайн сацамашкахь кхелаша билгалдоккху, уьш "къаьмнашлахь питана даржош, сепаратизм, терроризм йаржош" ду олий. Муцураевн иллешка ладогIарна Оьрсийчохь сих-сиха жоьпе узу социалан машанех пайда оьцурш, иштта Нохчийчуьра бахархой а.
- Муцураев Тимур хьалхарчу а, шоллагIчу а тIемашкахь дакъалаьцна ву Ичкерин агIонехь. Цул тIахьа Парижехь ваьхна, йуха 2007-чу шарахь Нохчийчу вирзина. ХIетахь дуьйна цунах лаьцна девзаш дукха дац.
- Гуьмса гIалин кхело бехкевина меттигера вахархо Манаев Наиб экстремистийн материалаш йаржорна, цо социалан машанахь Ичкерин заманара бардан Муцураев Тимуран "12 эзар муджахIид" илли зорбане хIотторна.
- Цу цамагийначу иллешна йукъахь доцчу иллига ладоьгIча а, нахана гIуданаш тухуш нисделла. Масала, Гуьмсерчу кхело экстремистхойн материалаш йаржорехь бехке лерира меттигера вахархо Саиев Адам, "ВКонтакте" социалан машанехь "Хадис Пророка" илли хIотторна.
- Буьри-ГIаларчу кхело гIуда тоьхнера меттигерчу йахархочунна Зинкина Ольгина. Иза бехке лерина, цо шен "ВКонтакте" агIонехь ичкерихойн илланчан Муцураев Тимуран илли хIотторна. Экстремистийн материалаш йаржорехь зудчун болу бехк тIечIагIбина, иза декхарийлахь йу эзар сом гIуда такха - оцу административан артиклехь уггаре лахара таIзар ду иза.
- Кхарачой-Чергазийчохь бехкевира меттигера вахархо Долаев Равиль экстремистийн материалаш йаржорна – шен социалан машанарчу агIонехь цо зорбане даьккхинера бардан Муцураевн "Исламан уммат" илли. Ши эзар сом гIуда хьарчийра цунах.