ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIелетаран экономика: Украинан схьадаьхначу латтанаш тIехь Кадыровн наха бизнес йарх


Мариуполь гIалин дозана тIехь кадыровхой. Гайтаман сурт
Мариуполь гIалин дозана тIехь кадыровхой. Гайтаман сурт

Хаамийн гIирсашкахь кест-кеста дуьйцу Оьрсийчоьно Украинера схьадаьхначу латтанаш тIехь Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан кланан бизнесах. Бизнес йу цигахь дIасайоккхуш. Кавказ.Реалиин корреспонденто эксперташца цхьаьна листира и гIуллакх.

Донецкера дIалецарш

Нохчийн Iедал сихделира оккупаци йинчу Украинан дакъош тIехь шайн нах дIахIиттон. Масала, Ибрагимов Хьасан, "Ахмат" СОБР-н командир, Нохчийчоьнан куьйгалхочун векал хIоттийра иза Оьрсийчоьно дIалаьцначу Украинан Херсонан а, Запорожьен а мехкашкахь.

ДНР олучу (Донецкан кIоштан оккупаци йинчу дозанах иштта олу Оьрсийчохь) меттигехь кадыровхой дуьххьара гучубевлира 2014-чу шеран стигалкъекъа-баттахь. Украинана дуьхьал бечу тIамехь цхьана а агIор шаьш гайтина доцу, 26 стаг йукъахь волу, цхьа жима дакъа дара и. 2015-чу шеран оханан-баттахь "ДНР-н сепаратистийн куьйгалло" сацамбира царех дIакъаста: берриг а аьлча санна Нохчийчу йухахьажийра.

Украинехь шуьйра тIом болийначул тIаьхьа Киевн санкцийн тептарехь вара Корчагин Валид. Ильичан цIарахчу Металлургин комбинатан керла долахойх велира иза Оьрсийчоьно ханна оккупаци йинчу Мариуполехь – Донецкан кIоштара уггар а йоккхачех индустри йара иза.

Мариуполь кадырохвошна дIайелла дIасайекъа

Корчагин (фамили хийцале – Геремеев) 1998 шарера ву, Нохчийчуьра гIишлошйаран, бахаман-коммуналан министран гIовс волчу Геремеев Вахьитан кIант ву иза, Геремеев Сулейманан вешин кIант, Оьрсийчоьнан парламентан депутатан Делимханов Адаман шичакIант.

2023-чу шеран зазадокху-баттахь комбинатан керла долахо хилира Дадашов Iалаш, шуьйрачу гонашкахь кхин вевзаш воцу, Москвара "Ахмат" латархойн клубан куьйгалхо.

Стохка марсхьокху-баттахь Мариуполь гIала, Кадыровн дешнашца, вежараллин гIала хилира Соьлжа-ГIалин. Мариуполан телехьожийлан директоро Осыченко Николайс дийцира Кавказ.Реалиина, металлургин Ильичан цIарах комбинат – кадыровхоша болх болабайта хьийза кIезиг йолчу заводех йу, хIунда аьлча, гIалина штурм йечу хенахь йерриг а йохийна йацара иза. Цунна чувоьддучохь дIатоьхна баннер йу Кадыровн а, Путинан а, "ДНР-н куьйгалхочун" Пушилин Денисан а портреташца. Цхьана хенахь оцу холдингехь 35 эзар гергга стаг вара болх беш, амма 2022-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскарша завод схьайаьккхинчул тIаьхьа дуьйна, кхин болх бина йац иза.

Осыченкос бахарехь, дуьйцург ду, гIала кадыровхошна "вовшахйаккха" дIайелла хилар. Мариуполь коьрта йу Оьрсийчоьнна: и схьайаьккхичхьана тешаме ГIирмица лаьттахулара коридор йоьллу царна, цо аттачу йоккху Москван логистика.

Кадыровна интересе йу Мариуполь цуьнан географин агIор. Масала, Украинан политикан институтан директорна Бортник Русланна хетарехь, Нохчийчоьнан урхалхочун догдохийла йара Азовн хIордайистера порт шен Iуналле эца. Йоллу гIала цуьнан "куьйгакIел" йалар санна хIума хилара цунах.

Мариуполан бахархойн латтанаш кадыровхошна тIейаздина

Дукхъа хан йоццуш Осыченко Николайс тидам бира, Мариуполера а, иштта Ялтера а, Гурзуфера а латтанийн уггар а "хьена" меттигаш кадыровхоша дIаоьцуш хиларан. Редакцица хиллачу къамелехь цо кхетийра, Азовн хийистехь беха Муриуполера а, регионера а цхьаболу бахархой тIаьххьарчу хенахь шайн цIа кхача йиш йолуш цахиларх, церан бахамаш кадыровхошна тIейазбина хиларна.

Украинхойн хаамийн гIирсаша йазадарехь, кадыровхоша иштта дIайоккхуш йу Запорожьен кIоштара Токмакера бизнес а. РБК-Украина хьасто йаздора, "меттигерчу бахархошкара, царна кхерамаш а туьйсуш, туьканаш а схьайоху" бохуш. (Кавказ.Реалиин редакцин таро йац тIеман хьелашкахь хIара информаци бакъ йуй хьажа).

2022-чу шеран гезгамашин-баттахь хаамбора, Мелитополехь кадыровхоша йуьртбахаман техникан делерийн склад а цхьаьна дIалаьцна бохуш.

Кадыровхой декхаре бу йолуш йолчу бизнес-схемашца дуьххьал нисбала

Хаамаш гучубуьйлура ГIирмица дозанехь йолчу Херсонан кIоштахь Кадыровн наха къоланаш дарх: украинхойн лачкъийна бахам схьабоккху цара бохура дезертирашкара.

Украинхойн стратегин коммуникацийн а, информацин кхерамзаллин а Центран аналитико Дурнев Дмитрийс Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь элира, хьалха дуьйна йолчу бизнес-схемашца дуьххьал дIа хIитта декхаре бу кадыровхой. Цигахь меттигерчу бахархоша, йа сепаратистех болчу эскархоша шершкахь контроль латтош йу оккупаци йинчу территореш тIера бизнесан сферашна тIехь.

"ХIокху ницкъаша а, эскархоша а тамашийна цхьана болх бина меттигашкахь йалта арадоккхуш: масала, Мангушан (Донецкан кIоштара эвла.-КР) фермерийн аьтто бара йуьхьанца кадыровхойх эскархошца хьулбала, оццу Волновахехь а (Донецкан кIоштара гIала) "ДНР-ра" нах бара", - бохура цо.

ГIирмин цӀинцӀолиг Кадыровна

Оккупаци йинчу ГIирмера Оьрсийчоьнехьа долчу Iедало "маьхза" дIайелира Нохчийчоьнна, Алуштана гергарчу Сатера эвлара берийн могушалла тойаран "Крымпотребсоюз" центр. Дуккха а гIишлош, кхаа гектаре гергга латтанан дакъа, могушаллин бахам бара и. Ша центр Iаьржачу хIордан йистехь йу, Алуштана 15 чакхарма генахь.

ГIирмехь хIорданан курорт йан Iалашо хиллера нохчийн бизнесхочун Байсаров Русланан Кадыровн гIоьнца, 12 миллиард мах болу. ХIетте а, и проект кхочушйина аьлла, цо болх болийна аьлла цхьа а хаам хилла бац. Лаьмнашкахь ког-салазаш хохку "Ведучи" курорт йан дагахь йолийна нохчийн проект а йитира совдегаро, чам баьлла. Кадыровн куьйгакIел йоцуш, Кремлан карахь йолчу Оьрсийчоьнан регионашкахь тоннелаш а, тIайш а дан волавелира иза,

Аьтто боцуш дисира Симферополе Соьлжа-ГIалара шен-шен рожехь кеманаш эхийтар а. 2014-чу шарахь хIора кIиранах шишша рейс хуьлуьйтур йу аьлла тIелацар а кхочушдан ницкъ ца кхечира. Нохчийчоьнан а, ГIирмин а зIе таса Iалашо хилла "Вайнахавиа" компани, 2016-чу шарахь болх бечуьра сецира.

Политолого, украинхойн экспертийн "Сова" тобанан куйгалхо, Кубанера схьаваьлла Савва Михаил тешна ву, Украинехь а, Оьрсийчохь а кадыровхойн лелар цхьатерра ду аьлла. Муьлхха а активаш схьайоху цара, оккупаци йинчу мехкашхь йаьхна а ца Iаш.

Кхечу ницкъахошца а, тобанашца а шога къийса а луш, кадыровхоша шайн ка мел йолург оьцу шайн контроле

"Нохчийчохь кхоллайелла цхьа шатайпа тIелетарийн экономика йу: лулахошна, гергарчарна генарчарна тIелетарш деш дохьу ахча. ДIалецначу территореш тIехь и дан атта ду, хIунда аьлча, низаман имитаци а ур-атталла йац цигахь. ТIамехь дакъалацарна лун мах хилла ца Iа и, Кадыровн а, Путинан а йукъаметтигийн унийн цхьаболу биллам бу и. Амма, оцу кепара хьал деборо дохьучу бакъоцахиларо кхолла тарло "Iаьржа гIургIаз" – йоллу раж йохор йолу цIеххьана гIаьттина протест", - аьлла хета Савва Михаилна.

Аналитико Дурнев Дмитрийс Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, "Путинан гIашсалташа" Нохчийчохь а, оккупаци йинчу латтанаш тIехь а цхьана декъана хьал ма-дарра латтош ду шайн карахь, цундела бакъо йу церан шайна йогIург йаккха. Кремлан ницкъаллин гIортор хиларе терра, "тховкIелона" йукъаузу уьш бизнес-конфликтийн агIонаша а.

Масала, Мариупольна тIехь Iуналла дан гIоьртира Оьрсийчоьнан парламентан депутатан Саблин Дмитрийн бIанакъостийн тоба, цуьнан Мариуполь гIалин кхеташонан депутат лаьттинчу Иванов Петран коьртехь меттигера криминалан машанан сателлиташца. Цуьнца къийсам латточу Пушилина а, цуьнан бIанакъосташа а йукъаузура "Ахмат". ХIетахь, Дурневна хетарехь, кадыровхойн кара делира Ильичан комбинатан урхалла дар а, цуьнца йоьзначу, металлалом а, складашкахь хIаллакхилаза йисина хIума а арайоккху бизнес а.

"Урхалла ден доза ца цоьсту Путина, меттигаш йекъаран а, дуьхьал нисдечун а йоллу чолхе система шена тIехь кхозу хьастам бу и. Шайн куьйгакIел эца тарлург шаьш долайоккху кадыровхоша кхечу ницкъахошца а, тобанашца а шога къийса а луш", - тергойира Дурневс.

  • Нохчийчуьра йоллу урхаллин система Кадыров Рамзанан а, цуьнан гонерчу нахана а тIехь сецна йу, оцу йукъанна цхьана а кепара вон хIума ца го цунна, шен доьзалера нах даржашка хIитторехь. Пачхьалкхан даржашкахь ду цуьнан бераш, йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах мел волчу стагах тептар.
  • Хьалхо Кавказ.Реалиис ма-йаздарра, ГеремеевгIеран клан цхьа дакъа ду Оьрсийчоьнан парламентехь Нохчийчоьнан цIарах депутат волчу Делимханов Адаман кланан. Ненехула шичой бу уьш цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG