ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбехь а, Кавказехь а беттанашкахь лецна буьту Украинан бахархой депортаци йан аьтто ца хиларна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Миграцин низам дохорна, йа таIзарш дина хиларна Украинан бахархошна депортаци йарх дуьхьалйаьхна искаш Краснодаран а, Ставрополан а, Ростовн а кIошташкара кхелаша кхин дIа а луьстуш йу. ТIом бахьана долуш пачхьалкхашна йукъара дозанаш къевлина хиларна, украинхой йеххачу заманчохь латтош бу цхьана ханна нах латтчоу центрашкахь.

Оцу кепара Украинан вахархочунна Василянский Сергейна дуьхьал айдина гIуллакх листира Ставрополь-махкахь. Иза бекхевинера миграцин низам хьашарна, цунна дуьхьал административан протокол хIоттийра "экстремистийн" артиклехула, цо "Слава Украине" аларна. Василянскийс дийхира, шен даймахкахь тIом боьдуш хиларна, ша цига дIа ма хьажавахьара аьлла. Амма кхело депортаци йукъахйаккха бух бац элира, украинхочо мухIажаран статус йоьхуш, йа ханна тховкIело ло аьлла дехар дина ца хиларна.

Краснодар-махкара Новоукраинское олучу юьртара кхечу пачхьалкхашкара бахархой ханна латточу центре а хьажийра Бондаренко Богдан а. 2021-чу шарахь набахтехь йаккха кхо шо хан туьйхира цунна, маьршаваьккхинчул тIаьхьа чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло сацам бира, Бондаренкон Оьрсийчохь Ӏар лаамаза ду аьлла. Оццу хенахь Бондаренко кхаа баттана депортацин центре дӀахьажийра. Бохура, тIеман хенахь иза махкахваккха аьтто ца хилар бахьана долуш, "негативан тӀаьхьалонаш ца хилийтархьама" и дина шаьш.

Украинан йахархочунна Головань Натальина таIзар дира 2023-чу шеран гIадужу-баттахь смартфон лачкъорна белхаш бойтуш. Иза а дIахьажийра ханна нах латточу центре, тIаьхьо Оьрсийчуьра арайаккха.

Кхело хӀинцале а шозза йахйира иза лаьцна латторан хан – йерриг а 9 баттана. Ша Головань Натальяс маьршайаккхар дийхира, хӀунда аьлча, тӀом бахьанехь центрехь мел латтор йолуш йу, билгалдаьккхина дацара, йа гергарчу хенахь и тайпа таро хир йу ала а дац. Цундела цигахь латторо цуьнан маршонан бакъонаш йохош йу. Гулькевичан кӀоштан кхело иза центрехь йитина, мел кӀезга а, лахьан-бутт тӀекхаччалц.

Ставрополан кIоштара ханна нах чохь латточу центрехь ву ишта Житомирера вахархо Севрук Юрий а – цунна депоратци йеш сацам бира, Оьрсийчохь ваха хан лун цуьнан документийн хан чекхйаьлла хиларна. Амма цунна а депортаци йойла дац тIом бахьана долуш.

Пачхьалкхера арабохучийн тептарехь ву ишта Березуцкий Роман а, цунна бехк биллинера легалехь доцуш балха хIоттар. Оьрсийчохь йехаш йу цуьнан йиша а, цунна а гIо деш хиллера цо бераш кхиош, амма хIетте а кхело Березуцкий Ростовн кIоштара Синявское эвлара "Дон" центре хьажийна, аьтто баьлча пачхьалкхера араваккха. Депортаци йаран хенаш Ростов-на-Дону гIалин Советский кхелан сацамехь билгалйаьхна йац.

  • Украинхойн бакъонашларъяран "Центр" организацино аналитикан рапорт кечдина "Путинна Трибунал" аьлла, цу тIехь вовшахтоьхна Орсийчоьнан регионашкахь йийсарехь болу украинхой латточу меттигех лаьцна хаамаш гулбеш. Документана йукъайогӀуш йара ФСИН системин 26 урхалла, шайна юкъахь Ростовн а, Волгоградан а, Ставрополан а мехкашкара йалх а йолуш.
  • ТIебаьхкина нах латточу Краснодар-махкара Гулькевичан кIоштахь велла карийна депортаци йаре хьоьжуш хилла Американ вахархо Митчелл Эрнест. ТIечIагIбазчу хаамашца ша шена тоьхна велла иза.
  • Волгоградан кӀоштарчу тӀамна дуьхьал болчу "Дозор" боламна гучудаьлла, Украинан Херсонан кӀоштарчу психоневрологин пансионатера дIабигина нах шайн кӀоштахь бисина хилар. Ӏедалхоша цу информацина комментари ца йо, ткъа бакъонашларъярхоша дIахьедо уш лечкъийна бигина бохуш. Церан гергарчарна а цхьана хоуьйтуш дац, уьш стенгахь латтош бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG