ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТӀом оьший нохчашна? Украинера эскарш арадахарехьа бу республикера бахархой


Путин Владимир Сольжа -гIалара маьждигехь Кадыров Рамзанца, царна аьтто агIор лаьтташ ву Нохчийн республикан муфтий Межиев Салахь, 2024шо
Путин Владимир Сольжа -гIалара маьждигехь Кадыров Рамзанца, царна аьтто агIор лаьтташ ву Нохчийн республикан муфтий Межиев Салахь, 2024шо

Дукхахболчу нохчийн бахархоша гӀортор йийр йара президенто Путин Владимира Украинера эскарш арадаха сацам барна. И терахь рекорд хилла дӀахӀоьттина Оьрсийчоьнан регионашна йукъахь, гезгмашан-баттахь "Хроники" а, ExtremeScan а проекташа динчу хаттаран-талламца. Кавказ.Реалии сайто таллам бира, хӀун бахьана ду и тайпа жамӀаш хиларан а, царех теша мегар дуй а.

Цу талламца а догӀуш (цуьнан жамӀаш редакцин карахь ду), 49% оьрсийн бахархой бен гӀортор йеш бац "леррина тӀеман операцина", Кремло а, пропагандо а Украинина дуьхьал бечу тӀамех ма-аллара.

Федералан хаттаршкахь нохчашна паргӀато а хета кхечу регионашкарчу бахархошначулла а

Цара къайлаза гӀортор ца йо тӀамна, ткъа 51% респондентийн жоп дала хала дара йа комментари йан реза ца хилира. Цуьнца цхьаьна талламехь гайтина, эскарш арадаха сацам барна гӀортор йеш болу Оьрсийчоьнан бахархой дикка дукха хилар – 49% талламехь дакъалаьцначара гӀортор йийр йара цунна. Цунна дуьхьал берш 33% бен ца хилла, ткъа 2023-гӀа шарахь гезгамашан-баттахь 47% бара тӀемаш дӀабахьарна агӀончаш.

Социологаша иштта таллам бира, тӀамна гӀорторан барам Оьрсийчоьнан иттех регионехь, царна юкъахь Краснодаран мохк а, Дагестан а, Нохчийчоь а.

Цу кепара, хеттаршна жоьпаш делла Нохчийчуьра бахархой уггаре а тӀамна дуьхьал дог-ойла йолуш хилла дӀахӀиттина: царех 39% бен реза ца хилла "СВО-н" (официалан структураша а, хаамийн гӀирсаша а Оьрсийчохь тӀамехь иштта олу). Дозанера а, диверсин тобанаша тӀелатарш деш а йолчу Белгород кӀоштахь и жоп хаьржина 63% наха, кест-кеста дронашца тӀелатарш дечу Краснодаран кӀоштахь – 62%, Москвахь – 53%, Дагестанехь – 51%.

Талламехь дакъалаьцначу нохчийн 15% бахархоша, изза терахь Москвахь а ду – ма-дарра дӀахьедар дира, шаьш Украинина дуьхьал тӀом барна гӀортор йеш дац аьлла. Краснодаран махкахь иштта жоп делла 9%, Дагестанехь – 2%.

Кхин цхьа мехала гайтам: Нохчийчуьра 46% респонденташна хала хилла жоп дала, йа цхьаъ а тайпа жоп дала реза ца хилла. Иза а ду регионашна йукъахь уггар лакхара жамӀ. Дагестанехь цу тайпа кепаш хаьржина 37% респонденташа, Краснодаран махкахь - 28%, Москвахь - 32%, ткъа йерриг а регионашкахь - 39%.

Цуьнца цхьаьна социологийн хеттаршна жоьпаш деллачу нохчийн бахархойх 71% шеко йоццуш гӀортор йийр йара Путина Украинера Оьрсийчоьнан эскарш арадаха сацам барна – иза Оьрсийчохь уггаре а лакхара терахь ду. Краснодаран махкахь иштта жоьпаш делла 39% респонденташа, Дагестанехь – 54%, Петербугехь а, Башкортостанехь а, Москвахь а – хӀораммо а 45%.

Шина тӀеман лар

Нохчийчуьра респондентан харжам йерриг а Оьрсийчуьрчух къаьсташ йу – социологийн хаттаршна жоьпаш алсам лора божарша а, 60 шарел сов хан йолчу наха а. Хетарехь, иза доьзна ду юкъараллин ламастан дӀахӀоттамца а, бахархойн лаккхара тӀахъаьлла хиларца а: белхан меттигаш лоьхуш, кегийрхой дӀабоьлху, масала, луларчу Ставрополан махка, бохуш, кхетадо ExtremeScan талламан тоба кхоьллинчу Конева Еленас.

Кхечу кӀошташкахь тӀамна дукха хьолахь дуьхьал берш кегийрхой белахь, кхузахь баккхийчара а изза жоп ло. Цул сов, Нохчийчохь тайп-тайпанчу кепара тIаме хьажорах ларлучу нахалахь къоман кхетам алсам бу. Оьрсийчохь 25% респонденташа йемал бо уьш (ткъа Краснодаран махкахь - 31%), Нохчийчохь - 14% бен бац. Цуьнца цхьаьна республикехь 56% респонденташа кхеташ бу эскаре баха ца лууш болу нахах.

ХӀора кхоалгӀачу жоьпехь хьахийра I990—2000-гӀа шерашкахь хилла тӀемаш

"Йукъарчу хьесапехь, нохчийн респонденташ син -паргIата а, сий-ларамца а лелаш бара. Уьш бацара охьийна, йа цабезамца, кхечу оьрсий бехачу регионашка хьаьжча. Къамел а нийсархошца сан дара. Сан ойла йара, Кадыровс кхерамехь латточу махкахь Iаш болу нах кхоьруш хир бу шайн бакъйолу ойла йовзийта. Иштта ца хилла иза. Кхерам бу, амма иза чоьхьарчу нохчийн хьолаца а, Кадыровца а, цуьнан гонца а доьзна ду. Федералан хьолаца доьзна хаттаршна жоп луш паргIат хуьлура нохчий кхечу регионашкарчу бахархойл а", - билгалдоккху къамелхочо.

ExtremeScan тобан куьйгалхочо иштта комментари йира республикехь тӀамах лаьцна хеттаршна жоп дала хала хетачу йа реза боцучу респондентийн дакъа лаккхара хиларх а. Цо дийцарехь, и кепаш хоржучу нахах ах гергга адам баккъалла а тӀелатарна гӀортор йеш дац, амма тайп-тайпанчу бахьанашца шайн позици ца йовзийтар хоржу. И бохург ду, Нохчийчохь тӀеман операцешна дуьхьал болчу нехан баккъалла а терахь кхин а алсам ду бохург.

"Хаттаршна жоп луш, нохчийн респонденташ чӀогӀа синхааме бара. Цара дӀахьедира, шаьш Украинера тӀамана гӀортор ца йеш хилар а, цул совнах, шайна гонаха цхьа а гӀортор йеш вац аьлла. ХӀора кхоалгӀачу жоьпехь 1990-2000-чу шерашкахь хиллачу шина тӀамна тӀетовжар дора, хIинца а баккхичу нахана лазаме тIеман чов йу иза. Цуьнах доьзна ду уьш тӀамна дуьхьал хилар. Цуьнца боьзна бу тӀамна дуьхьал болу синхаамаш", - дуьйцу Коневас.

Регионерчу бахархошна дика хаьа тIамехь долу хьал: 48% респондентийн гергарнаш бу тӀамехь дакъалоцуш, ткъа дуккхахчера масех а стаг ву. Дустарна: Оьрсийчохь йуккъера дакъалоцучеран барам бу- 30%.

Ницкъ бо, ахча доккху, кхерамаш туьйсу

ТӀаьххьара хаамаш чӀогӀа гайтаме бу. Нохчийн юкъараллехь доьзалх лаьцна шуьйра кхетам бу, йуккъерчу Оьрсийчоьнал а (масала, маьхчой уллера гергара лоруш бу), хетарехь республикан бахархойн доккхачу дакъахь хьакхабелла тIом тIаьххьарлерчу кхаа шарахь.

Украинина тӀелатар дина хьалхарчу беттанашкахь дуьйна, дозанал арахьа бехачу нохчийн жигархоша а, бакъонашларъйархоша а, цӀахь болчу хьостанашна тӀе а тевжаш, хаам бора, тӀеман министраллан а, Россин къоман гвардин а эскарах дӀакхета бохуш махкахошна ницкъ беш хиларх лаьцна: уьш хьийза бо, кхерамаш туьйсу бехктакхаман гӀуллакхаш долор ду йа церан гергарнаш лечкъор бу бохуш, дуьйцара цара.

ТӀаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалло шен тактика хийцира: республикера бахархой тӀаме хьажорца цхьаьна, жигара болийра кхечу регионашкара "лаамхой" гулбан. Уьш Iамош бу Гудермесехь "Оьрсийчоьнан лерринчу ницкъийн университет" олучу, эскархой кечбечу центрехь. ХӀора кӀиранах тIаме хьовсочу "лаамхойн" тобанашкахь 10% бен кхоччуш нохчий бац, дIахьедора Кадыров Рамзана, махкара божарий юьхьӀаьржа хӀотто гӀерташ.

МогӀарера кадыровхой а бу цу тIамехь нуьцкъалла  дакъалоцуш

Гезгмашин-баттахь хиира, гейш бу аьлла шеконаш йолу нах нуьцкъала тIамтIе дӀахьажош хилар. Иштта контракташ йан декхаре бо наркотикаш лелораш а, тӀеман дакъойн сервисийн белхахой а, къен Iаш болу нах а. Хьалхо, 2022-чу шарахь Кадыровс омра дира, ницкъаллин структурашкахь болх бан реза боцчарна, социалан пособеш дӀадаха аьлла.

Нохчийчоьнан бахархойн 39% Украинера тӀеман гӀортор йеш бу бохург, совдаьккхина хила тарло, боху Европера Ичкерин Цхьаьнакхеттачу Ницкъийн боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата. Цо бахарехь, дукхахберш кхоьру, шейна хетарг дIала, шайн а доьзална а зен дан мегаш хиларна: гергарнаш балхара боха тарло, йа нуьцкъах дIавига тарло, йа лаамза тIаме хьажор ву. Ма-дарра аьлча, и тӀом нохчийн йукъараллехь къобал беш бац, чӀагӀдо къамелхочо.

"Иштта дог-ойла йу Кадыровн структурашна йукъахь а. ДагадогӀий шуна, 1995-чу шарахь Соьлжа-ГӀалахь федералан ницкъаш тIемлоша эшийна шо кхачар "Ахмат" полкан эпсаро даздеш хилла гӀуллакх. Иштта а масалш дуккха а ду. Оца наха империн политика тIелаьцна йац. МогIарера кадыровхой а бу тӀамехь бертаза дакъалоцуш – уьш маьрша леларна гаранти йу иза. Церан Путинан Iедале озабезам бац. Царна дика хаьа, Украинина тӀелатар цхьа а башхалла йоцуш дуйла вайн республикехь хиллачу шина тӀамах", - боху Сулеймановс .

Нохчийчуьрчу оппозицин жигархочунна Янгулбаев Абубакарна хетарехь, республикехь Украиница тӀом барна дуьхьал болчарна некъаш карийна, Ӏедална гергахь, дуккха тӀех провокацин а, оппозицин а ца хетачу агIор аргументех пайда а оьцуш, шайна хетарг довзийта.

"Президентана а, Кремльна а дуьхьал ву со бохург – иза пачхьалкхана а, шех Путинан "гӀашло" олучу Кадыров Рамзанна а дуьхьал валар ду. Цундела наха алсам хьахош ду дӀабаханчу тӀемашкахь хиллачу бохамечу зеделлачух. Цхьаммо дийца тарло адамийн мехаллаш а, зен хилла нохчийн халкъ лардан дезаш хилар а. Вукхара динан тешаршна тӀе а тевжаш, тӀамна дуьхьал къийсамаш бо. Ткъа тӀелатар динчул тӀаьхьа хьалхарчу деношкахь Нохчийчоьнан муфтиято цунах "гIазотан тӀом" аьллехь а, кепаш йисина кхузахь", - дерзийра Янгулбаевс шен къамел.

  • Украинехь тӀом болабелча Кадыровс кест-кеста хаам бора, "шайн мохк ларбеш дӀахӀитта" кийча болу нохчий алссам хиларх лаьцна, амма дукха хан йалале республикерчу бахархошна критика йан волавелира, царна тIамехь дакъа лаца ца лаарна. ТаӀзарна санна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал болчу нехан доьзалш тӀаме хьажийра. Гергарнаш нуьцкъаха тIаме хьийсорах шен телеграм-каналехь дийцира Янгулбаев Абубакара.
  • ТӀаме хьажо нохчийн бахархой лечкъорах хиира 2022-чу шеран стигалкъега-баттахь. Лечкъийначу нахана хьалха хӀоттийра харжам: тӀеман министраллица контракт йазъян йеза, йа харц бехкаш а дохуш, билгалйоцчу ханна Нохчийчуьрчу "къайлахчу" набахтешкахь хан йаккха йеза, аьлла.
  • 2022-гӀа шо чекхдолуш Хорватин дозанна блок-постехь сацийра масех бӀе Нохчийчуьра бахархой. Царна йукъахь бара Оьрсийчохь кхайкхийначу мобилизацех бевдда нах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG