"95-95" формулица Оьрсийчоьнна а, Украинина а юкъахь йийсархой хуьйцучу хенахь, "Ахмат" полкан виъ эскархо цIа верзийна. Курскан кIоштахь Украинан тIеман ницкъаш тIелеттачу хенахь позицеш дIатесна аьлла шена бехкаш дехкинчу йукъанна нохчийн спецназан командиро Алаудинов Аптис, шайн лаамехь карабахначаьрга кхайкхам бира, "хIуъа дай а, шаьш дайъийта" аьлла.
Вуьйцург ву 22 шераш долу Масхабов Акраман а, Амашаев Мохьмад а, 30 шо долу Махмудов Руслан а, 28 шо долу Тааев Сайд-Хьамзат а.
Масхабов Акраман хьалхо Курскан кӀоштахь йийсаре лаьцначу оьрсийн эскархойн тобанца йаьккхинчу видео тӀехь гучувелира бӀаьргаш а дихкина. И видео зорбане йаьккхинера марсхьокху-беттан 11-чу дийнахь, "Ахмат-Чечня" полкан ницкъаша 810-чу къаьстина гӀаролхойн бригадица цхьаьна мостагӀий кхиамца хӀаллакбарх лаьцна Кадыровс дӀахьедарш динчу йукъанна. Масхабов атта вевзийла ду италхойн Stefano Ricci брендан свитерца, цуьнан мах бу 2,3 эзар доллар, тидам бинера "Агенталла" ресурсо. Хуьйцуш гойтучу видео тIехь цо ша «Ахмат-Чечня» полкан эскархо ву олу.
27 шо долу Тааев Сайд-Хьамзат хьалхо гайтинера йийсаре лаьцначул тӀаьхьа хеттарш деш йаьккхинчу видео тӀехь, и хаавеллера "Важные истории" гIирсана. Цу видео тӀехь цо ша ШаIми-Юьртара схьаваьлла ву элира, дӀакхайкхийра ишта ша !"Ахмат" полкера хилар а. Хуьйцучу заманчохь цо билгалдоккху, ша "Ахмат-Чечня" декъехь контрактхо вара аьлла. Хийцина кхин а цхьаъ "ахматхо" - 30 шо долу Эвтарара Махмудов Руслан ву иза, хьалхо Курскана гергахь тӀепаза байинчу нехан волонтерийн тептарш тӀехь гучуваьлла хилла, билгалдоккху зорбанехь. Хуьйцучу хенахь дIайазйинчу видео тIехь цо дӀахьедо, шена "Ахмат-Чечня" полке мобилизаци йина хиларх.
22 шо долу Амашаев Мохьмад Оьрсийчоьнан волонтерийн "Наш выход" проектан тептаршкахь Дагестанера ву аьлла, дIайазвина ву. Оцу йукъанна, хуьйцучу видео тIехь цо дийцира 2022-чу шарахь вовшахтоьхначу "Север-Ахмат" полкехь гIуллакх деш вара ша аьлла. Цуьнан къамелехь кхеташ дац, цига иза муха кхаьчна.
Гезгамашин-баттахь Курскана гергахь йийсаре лаьцначу пхеа кадыровхочуьнца дIайазйина видео гучуйелира интернетехь. ХIетахь "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис дIахьедира, уьш йийсарера схьабаха хьакъ бу аьлла ца хета шена, цо кхайкхамбира Украине "уьш шайна бита" аьлла. Ткъа эскархошка элира "шаьш хIуъа дай а, дайъийта". Оцу йукъанна зазадокху-баттахь Украинан тӀеман йийсархойн хеттарш луьстучу координацин штабан векало Яценко Петра дийцира, Нохчийчуьра эскархоша тайп-тайпанчу тIеман дакъошкара йийсаре лаьцна Украинан эскархой оьцуш бу, цул тӀаьхьа, уггар хьалха шайчаьрца дIасахийцийта аьлла.
- "Ахмат-Чечня" полк республикерчу бахархойх а, йерриг пачхьалкхера "лаамхойх" а дIайузуш йу – Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" доцца Ӏаморашкахула чекбохий, уьш тIамтIе дӀахьажош бу. Алаудинов коьртехь волу "Ахмат" спецназ нохчийн ницкъаллийн структурашкара а, ткъа иштта Оьрсийчоьнан говзанчаш хиллачу тӀеман белхахойх а, ЧВК "Вагнеран" хиллачу йолахойх а вовшахтоьхна йу.
- Украинехь тIом иккхинчул тIаьхьа Кадыровс кест-кеста дIахьедора "шайн даймохк Iалашбан лууш" дуккха а нохчий бу бохуш, амма эххар а лен волавелира иза махкара бахархошна, тIом бан дуьхьал хиларна. Регионан Iедалхоша дера кампани йолийра шайн лаамехь тIамтIе баха ца луучарна дуьхьал: ишта Кадыровс тIедожийра, къоьллехь бохку доьзалш а, балхахь боцу нах а ницкъаллин структурашкахь гIуллакх дан лууш бацахь, Iедало царна луш долчу ахчанах хедабе аьлла.
- 2022-чу шеран зазадокху-баттахь дийца долийра Нохчийчохь нах лечкъош хиларх тIаме хьийсон. Лечкъийначарна хьалха харжам буьллура: контрактана куьйг йаздо, йа Нохчийчуьра "къайлахчу набахтехь" хан йоккху, шайггара дехкинчу бехкашна аьлла.