ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а Нохчийчу Яхана Австрера Делегаци


Австри -- Австрера полицин белхахой къамелаш деш бу нохчийн мухIажаршца Венехь дуьхьалонан акци дIайолаялале, 23Стигл2007
Австри -- Австрера полицин белхахой къамелаш деш бу нохчийн мухIажаршца Венехь дуьхьалонан акци дIайолаялале, 23Стигл2007

Ши шо хьалха шен цхьана интервьюхь гуьржийн президенто Саакашвили Михаила цхьана хенахь гуьржийн парламентан депутат а хилла, ткъа хIинца Австрехь вехаш волу бизнесхо Пирвели Леван хьокъехь элира: «Гира суна, гуьржийн энергомафин куьйгалхочо Пирвели Левана Венера схьа тхуна хьехарш деш».


«Пирвели бакъволу зуламхо ву, зуламашца бIеннаш миллионаш ахча даьккхина волу. Дийна делкъхена жима стаг а вийна, ведда Вене дIавахана волу иза, хьажахь, хIинца цигара схьа юха а Гуьржийчоьнна коча ван дагахь хилла-кх! Амма иза чекх дер дац!»-бохуш вара Саакашвили.

Ткъа хIинца и девнен бизнесхо Австрин парламентан делегацин декъехь Нохчийчу вахана. Iедалех ведда Австре дIаваханчу гуьржийн бизнесхочуьнан Нохчийчоьнца хIун зIе ю бохург къасто хала ду.

Амма хала дац оццу Австрерчу делагацин кхечу декъашхочуьнан Гуденус Йоханан Нохчийчохь хIу дисина бохург талла. ХIунда аьлча и Гуденус Австрехь дика вевзаш ву шен националистийн хьежамашна герга хиларца. Австрерачу Маршонан Партин куьйгалхойх цхьаъ волу Гуденус Йохан Венин парламентан декъашхо ву.

Иза иштта масех шо хьалха Холокост яцаре ярна кхеле озийна волчу парламентан депутат хиллачу Гуденус Джонан кIант хиларца а вевзаш ву. Да а, кIант а Австрехь бехачу кхечу къаьмнийн векалшца гамо хиларца а, бусулба дин цадезарца а вевзаш ву.

Гуденус Йоханан коьрта политикан Iалашонех цхьаъ ю, масала, Австрера «хийранаш», вуьштта аьлча, кхечу къаьмнех берш арабахар а, цу махкахь «хийранаш» кхин тIе ца эцийтар а ю.

И тидаме эцча, цецволийла дац карарчу хенахь Соьлжа-гIалахь волу Гуденус Йохан цига вахарх. Цул сов, Европарламентан депутат волу Хубнер Йоханнес а, „Курьер“ газетан журналист Скочер Штефан а, лакхахь хьахийна волу гуьржийн къомах волу бизнесхо Пирвели а ву цу делегацина юкъахь.

Официала динчу дIахьедарца, Австрера цу кепара къорза делегаци Нохчийчура хьал довза а, меттигерачу Iедалшца цхьанакхетарш дIадахьа а яхана ю. Уьш меттигерачу парламентан спикерца Абдурахманов Дукхвахица а, республикан куьйгалочуьнца Кадыров Рамазанца а цхьанакхетар болуш бу.

Ткъа цу йоллучу а программина тIехьара гуш ду Австрера делагаци Нохчийчу яхаран цхьа Iалашо бен ца хилар – цу махкахь бехаш болу вайнехан мухIажарш ка ма доллу сиха цIехьа хьажо бахьанаш лахар.

Соьлжа-гIаларчу хьостанаш ма-дийццара, иштта кхин башха лакхарчу тIегIантIера Австрин политикаш цига баханарш бацахь а, церан аьтто бу, шаьш юхабирзича Венийн тайп-тайпанчу институташкахь рапорташ кечдан а, Iедалша сацамаш тIеэцарна тIеIаткъамаш бан а.

Масала, Нохчийчохь хьал дукха чIогIа тоделла хиларна, цигахь цхьанна а стагана кхерам бац, цундела Австрехь бехаш болу эзарнаш Нохчийчура мухIажарш арабаха безаш хилар дийцаре дан.

Хууш ма-хиллара, Австрехь вехаш 26 эзар сов Нохчийчура мухIажар ву. И терахь масех бутт хьалха довзийтира иштта Соьлжа-гIала яхана хиллачу Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу эскперташа. ХIетахьлерачу делегацин а яра лачкъош а йоцуш цхьа Iалашо – Австрера вайнах Нохчийчу юхаберзон хьелаш кхоллар.

ДегIастанарчу хаамшца, меттигерачу Iедалан векалша Австрерачу делегацина лерина экскурсеш дIахьура ю юхаметтахIоттийна йолу Соьлжа-гIала а гойтуш, цигара музейш а, маьждиг а гойтуш. Бакъду, шен исламе гома хьежамаш хиларца вевзаш волчу Гуденусна а, цуьнца болчаьрна а там хир буй-те Соьлжа-гIаларчу маьждигех аьлла, ойла кхоллало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG