ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америко кхин дIа а хIаваэхула гIортор йийр ю Талибанна духьал лаьттачу Афганистанан ницкъашна


Афганистан -- Американ инарла Маккензи Кеннет, Кабул, Товбеца-бутт 25-гIа
Афганистан -- Американ инарла Маккензи Кеннет, Кабул, Товбеца-бутт 25-гIа

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман ницкъаш хIаваэхула гIортор еш бу Талибан тобано дон тIелетарш юхатоха гIертачу афганхойн ницкъашна, дIахьедина кIиранан дийнахь регионерчу Американ буьйранчо инарло Маккензи Кеннета. Цуьнах лаьцна яздо "Амеркан аз" зорбан гIирсо.

ТIаьхьарчу масех кIиранах Талибана жигара даьккхина шайн тIелатар, эвланаш йолу кIошташ а, провинцийн коьрта гIаланаш а дIалуьйцуш, Цхьанатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена дIахьедар динчул тIаьхьа америкахойн эскарш оцу махакара арадахар дIадерзор ду Гезгамашин-бутт тIекхачале аьлла.

"Кху тIаьхьарчу масех дийнахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа жигара даьккхина, афганхойн ницкъашна гIортор еш хIаваэхула тохарш дар, тхо иштта кийча ду оцу гIодаран лаккхара тIегIа тIедогIучу кIиранашкахь а латто, нагахь Талибана тIелетарш саца ца дахь", - дIахьедина инарло Маккензис.

Маккензи куьйгалла деш оцу регионехь болчу Цхьаьнатоьхначу Штатийн ницкъийн, шайна юкъахь Афганистан а йолуш, Американ коьрта буьйранчаллина. Цо жоп ца делира, Марсхьокху-беттан (август) 31-хь тIеман мисси дIаерзийначул тIаьхьа тохарш дийр дуй аш хIаваэхула аьлла, шега деллачу хаттарна.

"Гергарчу деношкахь вуно халачу зерах чекхдала дезар ду Афганистанан Iедалан. Ша дIахо кампани кхиаме ца хилча ца йолуш ю аьлла сурт хIотто гIерташ ю Талибан", - дIахедира цо.

Амма, инарлана хетарехь, Талибана толам баккхар ца хилча ца долу хIума дац, политикан сацам бан хьалха санна торонаш юьсуш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG