Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн Министралло санкцеш яьхна Курчалойлара МВД декъанна а, ГIалгIайчоьнан хиллачу куьйгалхочун дуьхьала а, иштта тептар гIардаьккхина министраллин официалан сайтехь.
Масала, персоналан санкцешна кIел нисбелла Куьрчала кIоштара МВД-н декъан ГИБДД-н куьйгалхо Хутаев Хьусайн, талламхо Саламов Нурид, Устрада-ГIалан прокурор Ахматов Джабраил. Иштта, оцу кехатехь билгалъяьхна ю Цаликов Русланан (Къилбаседа ХIирийчуьра вахархочун) а, Криворучко Алексейн (Ставрополан вахархочун) а цIерш.
Тептарехь язвинарг верриг ву 15 стаг – царлахь бу Белорусин президентан хIусамнана Лукашенко Галина, Москван Басманан кIоштан кхелан суьдхо Мушникова Наталья, юкъаметтиг лелоран федералан тIеман техникехула йолчу сервисан хьалханча Шугаев Дмитрий, "Рособоронэкспортан" куьйгалхо Михеев Александр а.
Документаца а догIуш, царна дуьхьала санкцеш яхар оцу наха адамийн бакъонаш хьешарца доьзна ду.
- Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, кхин а Оьрсийчоьнан 19, Беларусин 12 стагана а, цхьа могIа шина а пачхьалкхашкарчу компанешна а дуьхьал санкцеш яьхна Японино. Мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн Министраллин хаамца, "Украинех хьакхалучу таханалерачу дуьненаюкъарчу хьолаца доьзна ду" иза.
- Castellum проектан хаамашца, шина кIиранчохь Оьрсийчоь дуьненан лидер яьлла, шена дуьхьал яьхна санкцеш бахьана долуш. Церан боллу барам бу 5 532. Царех 2 778 санкци туьйхира тIаьххьарчу деношкахь. Санкцеш дукха тоьхна хиларца шолгIачу меттигехь ю ГIажарийчоь, кхоазза лахара ю цунна дуьхьалъяьхнарш – 3 616.
- Зазадоккху-беттан I5-хь ткъолгIа де-буьйса хуьлу Оьрсийчоь тIамца Украине чугIоьртина. ТIеман тийсадаларш сацанза ду Украинан къилбаседехь, малхбалехь, къилба-малхбалехь а. Оьрсийн тIемалоша гуо бина масех яккхийрачу Украинан гIаланашна, шайлахь Мариуполь, Чернигов а йолуш, амма уьш схьа ца яккхало цаьрга. Американ зорбанаша дипломатин хьостанашна тIе а тевжаш хаамбо, Москван дуьххьара дехар кхачарца тIеман гIо даккха кийча хилар хаийтина Китайс. Оьрсийн официалан хьаькамаш бакъ ца до Пекинера шаьш оцу тайпа гIо дехна хилар. Тийсадаларш, кеманан тохарш а хIинцале а дIахьош ду.