Немцойн Мюнхен-гIалин Малхбалерчу йистехь Iоьхкуш ду Вальдфридхоф, нохчийн матте даьккхича, „Хьуьнхара кешнаш“ шайх ала догIу кешнаш. 1907-чу шарахь кхоьллина ду уьш.
Даханчу бIешеран 45-чу шарахь Мюнхен-гIалин дайша бинчу сацамца, Германехь хьалхарчу бусулба кешнийн майда схьайиллира Вальдфридхофехь. Ши эзар ислам-дин лелош волу стаг ву цигахь дIавоьллина ширачу а, керлачу а декъашкахь. Керлачу, 1967-чу шарахь схьайиллинчу кешнийн куьпахь дIавоьллина ву цIеяххана волу волу вайн махкахо Авторханов Iабдурахьман а.
1908-чу шарахь вина ларалуш ву Авторханов официалехь. Делахь а, билгал иза вина шо я де цхьанна а хууш дац. Цо ша шен „Дагалецамашкахь“ ма-язддара, „Далла бен ца хаьа, со маца вина, цхьанхьа эзар исс бIе бархIалгIачуй, итталгIачуй шерашна юккъехь, нохчийн Сибреха дIабохийначул тIаьхьа хIаллакйинчу цхьана юьртахь...“. Яздархочух лаьцна дуьйцучу кеп-кепарчу биографешкахь тайп-тайпана билгалдаьккхина ду иза вина де, гаррехь, хет-хетарехь яздина а ду иза.
Амма вина де ца хаахь а, билгал ду Овтархан Геназан кIант Iабдурахьман кхелхина де маца ду. И де Мюнхенерчу Вальдфридхофан бусулба дакъа дIадолалуш, хьалхарчу могIарехь лаьттачу Iабдурахьманан кошан барза тIерачу чурта тIехь билгалдаьккхина ду. 1997-чу шеран Охан-беттан 24-гIа де, аьлла.
Шен дахаран доккхачу дакъехь Мюнхенехь ваьхна Авторханов Iабдурахьман. Цигахь язбина цо шен уггаре а бевзаш болу а, уггаре мехала а белхаш. Цигахь Маршо Радио кхоллалучу хенахь дуьйна цуьнан балхахь жигара дакъалаьцна Iабдурахьмана. Цигахь Советех бевдда бахначу цIеяхханчу оьрсийн а, кавказхойн а диссиденташца марзонаш а, гергарлонаш а лелийна.
ХIинца а, Германехь масех эзар нохчийн мухIажир вехачу заманчохь а, Мюнхенехь масех вайнехан доьзал бен бац бехаш. Ткъа хIетахь-м, Авторханов Iабдурахьман дийна волчу хенахь, тешна а, цхьана куьйган пIелгашца багарбалла бен ца хилла цуьнан къоман нах Малхбузехь.
Бакъду, Авторханов дийна волуш цунна тIекхача йиш дукха нохчийн ца хиллехь а, тахана, иза Далла дуьхьал дIавахначу хенахь, цуьнан барз цхьалха ца буьту Германехь цхьацца меттигашкахь бехачу вайнаха - уьш кест-кеста богIу гоьваьлла теркахо волчу.
Кест-кеста Авторханов Iабдурахьманан коша тIе вогIучарех цхьаъ ву Мюнхенехь веха Iусам. РогIехь иза сийлахь нохчочун коша тIе хIоттта веъанчохь цхьанакхийтира тхо Iусамца. Иза яздархочун барза тIера совнаха буц а, патар а, нех а дIайоккхуш, гIуллакх деш воллура.
Ткъе итт шо гергга хан ю Iусам ша Германехь веха, царех тIаьххьара пхийтта шо хан Мюнхенехь вехаш яьккхина цо. Дийна волуш Авторханов вовза ирс ше ца хиллехь а, веллачул тIаьхьа цуьнан барза тIе хIотта йиш хилар а доккха хIума хета шена, бохуш дуьйцу цо. Ткъа ша дуьххьара цуьнан каш стенгахь ду а хиина, иза лахарх лаьцна ишта дуьйцу Iусама.
Iусам: „Историн Iилманехула а, киншкаш бахьана долуш а, массарна а вевзаш ма варий Iабдурахьман. Иза Мюнхенехь Iаш хилар бен, кхин билггал цунах лаьцна суна хууш хIума дацара хьалха. Юха со со а кхуза, Мюнхене, сехьаваьллачул тIаьхьа, кхузахь цхьа ши ваша вевзира суна, воккха ши стаг ву и шиъ, туркойн махкара нохчо а волуш. Цушинна дика вевзаш хиллера иза, цара дIавоьллина а ву иза. Оцу нохчаша вийцира суна иза чIогIа. Иштта цара дийцира, иза муьлхачу кешнашкахь ву а. ХIетахь дуьйна, цуьнан каш схьа а лехна, кхуза догIуш ду-кх тхо“.
Юкъа йоккха хан ца юлуьйтуш, Iабдурахьманан борза тIе кхача гIурту ша, бохуш дуьйцу цо, хийрачу махкахь дIавоьллинчу яздархочунна доIа дан а, цуьнан барз муьлхачу хьолехь бу хьажа а. Ша хилла а ца Iа, бохуш дуьйцу Iусама, Авторханов волчу бохучу нахалахь. Ша кхуза моссаза вогIу а цхьацца нах кхузахь хилла хиларан ларш карайо шена, боху цо.
Iусам: „ХIораза кхуза веъча, барза тIехь бес-бесара зезагаш хуьлу Iоьхкуш. Тахана, шуна ма-гарра, цхьа зезаг бен дац, амма дуккхаъ долуш а хуьлу. Цхьаммо лелочух тера ду каш, кест-кеста тIе а вогIуш. Вуно хаза а, цIена а лелош а ду хIара“.
Iусама дийцарехь, хийрачу махкахь, ша винчу Нохчийн Лаха-Неврена ша мел генахь велахь а, амма цхьалха вац Авторханов Iабдурахьман ша вирзинчу Мюнхенан лаьттахь. Германе боьду-богIуш нисбелча, кхуза кхочурш дукха хуьлу, Iусама дийцарехь.
Баварин шахьарахь маситта а бусулбанаш дIабоьхкина кешнаш хиларна, массарна а ца хаьа Авторхановн барз стенгахь бу. Ткъа иза лоьхурш хийла кхочу Iусам волчу.
Iусам: „ЦIера тайп-тайпана нах богIу кхуза, Авторхановн коша тIе кхача лууш. Бакъду, Мюнхенехь дIавоьллина ву алар бен, билггал меттиг хууш ца хуьлу и нах дукхахьолехь. Ткъа цуьнан коша тIекхача лууш баьхкинарш а балош, цхьаьна кхуза схьа а догIий, хаза Iабдурахьманан барз тIе а хIуттий, доIа а дой, тхайга далуш дерг дан гIурту тхо“.
Шен Iожалла маца, муха, стенгахь кхочур ю ца хаьа цхьанненна а. Авторханов Iабдурахьманна а хаа йиш яцара, ша сел генарчу немцойн лаьтта воьрзур вуйла.
Даймахкахь къизачу Советийн Iедалан а, НКВД-н а таIзарш а, набахте а, харцо а бен кхин дика гина вацара яздархо. Цо шен дахаран Iалашо иштта йийцира шен „Дагалецамашкахь“ : „Сайн тIаьхьара садеIар тIекхаьчначу мIаьргонехь а, сайгахь, мацах Римерчу сенатора Катонах терра, ницкъ кхочур бу аьлла тешна ву со, „Чекистийн Карфаген, йохийна, дIаяккха езаш ю“, аьлла, мохь тоха“.
И ша йийцина „Чекистийн Карфаген“ йоьхна аьлла хеттачу муьрехь кхелхина волчу яздархочун ирс хилла аьлла хета, карарчу хенахь Оьрсийчохь иза юхаметтахIоттор цунна кхин ган ца дезна. Иза дийна волчу хенахь маьршачу Нохчийчохь цуьнан цIе тиллинера Соьлжа-гIалин коьртачу урамна, мацах цкъа Ленинан цIе лелийначу. ХIинца иза а дIаяккхина, цуьнан метта, цу махкахь хIора а коьртачу урамна туьллуш ма-хиллара, Кадыров Ахьмадан цIе а туьллуш.
Ткъа шен даймахкахь гIелонаш а, таIзарш а лан дезначу Авторхановн тховкIело а, доллучу дуьненна а иза гIаравоккхуш долу сий а, ткъа уггаре а коьртаниг – шен цIеяххана болу белхаш язбан аьтто а - карийнера Германехь.
Шен дахаран доккхах дакъа, шовзткъе пхийтта шо хан, немцойн махкахь, даймахках хьоьгуш, цига кхача йиш а йоцуш, ваьхначу цунна тахана мелла а синхьаам хир бара, аьлла хета, дийна волуш Нохчийчуьра хьеший дукха ган шен аьтто ца хиллехь а, веллачул тIаьхьа мукъане а уьш ша волчу кест-кеста кхочийла шена хиъча.