Ичкерин тIемалойн командир Басаев Шемал сийлахьчу цIерех а, пачхьалкхан совгIатех а ваккха алий, шайн республикин президенте дехар де аьлла, шаьш шайн суверенитет дIакхайкхийначу Абхазера шен белхан накъосте Кишмария Анасе Къилбаседа ХIирийчоьнан омбудсмено Цгоев Тамерлана.
Цгоевс дагадаийтина Басаевс а, герзашца леллачу цуьнан тобанхоша а цхьамогӀа терроран тӀелатаршкахь дакъалаьцна хилар, шайна йукъахь 2004-чу шарахь Бесланера школа дIалацар а долуш. Хьаькамо билгалдоккху, "иза (Басаев – Редакцин билгалдаккхар) Абхазин Турпалхо волчуьра дIа ца ваккхар инзаре ца хета йиш йац. Берийн, зударийн, къанойн цӀий Ӏенийна волу стаг сийлахь вар къобал дан йиш йоцуш хӀума ду цивилан юкъараллехь".
Абхазин Пачхьалкхан музейхь экспозицина йукъа Басаевн портрет дахийтарца доьзна ду Цгоевн вистхилар. Цо эргIад бахийтира Iедалхошкахьа болу нах а, медиаш а. Оьрсийчоьнан Сухумера векалтан белхахой бистхиллачул тIаьхьа музейно дIакъевлира гайтам. Делахь а дIахьедира, Басаевн сурт шаьш 2012-чу шарера схьа йолчу экспозицина йукъадахийтина, музейно и дIадоккхур дац кхело богIу сацам ца бахь, йа "Абхазин Турпалхо" волчуьра дIавоккхуш сацам ца бахь аьлла.
Кавказ.Реалии сайто къастийра, Оьрсийчохь "номер 1 йолу террорхо" аьлла дIакхайкхийначу стеган Абхазехь сий хIунда до.
- 1993-чу шеран гурахь дӀадирзира гуьржийн-абхазхойн конфликтан уггаре а цӀий Ӏенош долу дакъа – сепаратистийн аьтто белира Абхазин йерриг аьлча санна территори тӀехь Ӏуналла дан, ткъа цигахь бехачу гуьржийн доьзалш дӀабаха дийзира. Цул цхьа шо хьалха ишттаниг хилира Къилба ХӀирийчохь а. 2008-чу шарахь марсхьокху-баттахь пхеа дийнахь Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а йукъахь тӀом хиллачул тӀаьхьа Оьрсийчоьно къобалдира Абхазин а, Къилба ХӀирийчоьна а йозуш йоцу пачхьалкхаш хилар. Дуьненаюкъаралло уьш Гуьржийчоьнан дакъа лору. Гуьржийн йукъараллехь и ший а шаьш-шайх республика аьлла, кхайкхийна йолу пачхьалкхаш оккупацехь лоруш йу оцу массо а шерашкахь.
- Ичкерин маршо къийсинчу хьалханчех цхьаъ ву Басаев Шемал. Федералан эскаршна дуьхьал бечу хьалхарчу тIамехь (1994-1996 шераш) Ичкерин премьер министр вара иза, шолгIачу тIамехь (жигара мур бара 1990-2000 шерашкахь) - вице-президент вара иза. Оьрсийчоьнан дозанаш тIехь цхьа могIа терроран тохарш дина ву Басаев, шайлахь Буденновскера дарбанан хIусам дIалацар (1995 шо), Дубровкера театран центрна тIелатар (2002), Бесланера школа дIалацар (2004 шо). 2000-чу шерийн йуьххьехь ООН-н консолидацин дуьненайукъарчу террорхойн а, Оьрсийчоьнан къаьмнийн а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а тептаршка йазвира Басаев. 2006-чу шарахь вийра иза ГIалгIайчохь машен а оьккхуьйтуш.
- 1992–1993-чу шерашкахь хиллачу тӀамехь, тайп-тайпанчу зерашца, 16 эзар стаг велира, царех 10 эзар гуьржий бара, 2 эзар сов тӀепаза вайна лоруш ву, 300 эзар гергга стаг ца ваьллачу денна махкахваьлла. ТӀом дӀабаьлла 30 шо даьлча а дукхах болу мухӀажирийн доьзалш бисина шайн хӀусам йоцуш.