ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израилера "Бейтар" футболан клуб эцна нохчийн совдегаро


Израил -- Бейтар футболан клуб, Байтал-къуддус, 31Деч2013
Израил -- Бейтар футболан клуб, Байтал-къуддус, 31Деч2013

Оьрсийчура орамаш долчу Израилерчу бизнесхочо Гайдамак Аркадийс дIахьедар дина ша латтош йолу «Бейтар» олу футболан клуб юхкуш ву ша аьлла. Цо дийцарехь карарчу хенахь нохчочо эцна цуьнан 50 процент акциш. Йиснарш оьцур йолуш ю гергарчу хенахь.

Лаккхарчу дивизионехь ловзуш ялахь а хIинццалц хьахош хезна а йоцу Израилера Къудсера «Бейтар» футболан клуб тIаьхьарчу хенахь сих сиха хьехайо Оьрсийчурча зорбанан гIирсаша. Иза ларамаза дац. Цкъа делахь, цуьнан долахо ву Оьрсийчохь бизнес йолу Гайдамак Аркадий.

ШолгIа делахь, цу клубо эцнера уггара тоьллу лоруш волу нохчийн ши футболхо Садаев Заур а, Кадиев Жабраил а. Иза динера Гайдамака жуьгтийн нохчашца йозаелла уьйраш чΙагΙъеш. Амма ши футболхо бусулба вуйла хиинчу Байтал-къуддусерчу футболан фанаташа, Гайдамакан сацамна дуьхьало еш, маситта гулам хΙоттийра.

Нохчийн футболхой тΙеоьцийла дац, уьш юкъа а эбай, ма бехйе «Бейтар», бохуш, болам болийра «Ла Фамилия» шайх олуш долчу фанатийн декъо. Цуьнан декъашхоша маьхьарш деттар «Бейтар» ловзучу стадионехь, шаьш нохчашна реза ца хилар гойтуш. И тайпа хIума цкъа а хилла дацара.

Национализмах, шовинизмах хΙинццалц маьрша яра футбол. Делахь а нохчашна дуьхьал цхьа къеззиг нах бен бац, шаьш уьш дика тIеоьцур бу бохуш дийцира цу деношкахь Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь Израилан парламентехь- Кнессетехь депутат волчу Тивияев Роберта. Роберт Дагестанера дΙабахначу нахах ву.

Цхьаболчу хаамашца, карарчу хенахь Садаев а, Кадиев а цIавирзина, контракт чекх а яьлла. Ткъа хIинца хаамаш баьржина «Бейтар» футболан клуб шайн коьртехь Маджидов Тамир волчу нохчийн бизнесхойн тобано эцна бохуш. Израилерчу Sport5 телеканалан инетрнет сайто дийцарехь, карарчу хенахь Гайдамак Аркадийс йоьхкина 50 процент цу клубан акциш. Йисина акциш юхкур йолуш ю гергарчу масийтта баттахь.

Цхьаболчу хаамашца, Маджидов дагахь ву цу тобанна 5 миллион доллар дохка. Хьалха «Терекан» ши футболхо «Бейтаре» дехьаваьлла аьлла, муьлуш бу ца хуучу наха ягийнера цу клубан офис. Ткъа хIинца нохчаша динна и клуб эцахь иза муха тIеоьцур ду Израилерчу футболан фанаташа аьлла хаьтира оха Маршо Радион Гергара Малхбалерчу корреспонденте Бакир Iабдулхьамиде.

Бакир Iабдулхьамид: «Футболан говзаллин клубаш кхузахь, Юккъерачу Малхбалехь, ахча даккха Европехь санна чIогIа аьттонаш бац. Футболан клуб а эцна, цуьнах пайда оьцуш, реклама а еш, кхечу клубашна юкъабохуьйтуш а, клубана ахча а догIуш, са йоккхур ю бохург иза данне а дац кхузахь, Юккъерчу Малхбалехь. Iаьрбийн мехкашкахь муххале а дац, ткъа Израил а кху юккъехь ю. Европехь санна гIуллакх дац иза».

Политика а, спорт а эйича жамI дика ца хуьлу аьлла билгалдаьккхира Бакир Iабдулхьамида.

Бакир Iабдулхьамид: «Иза цхьа политикан хIума ца хилча ца долу. ТIетовжа цхьа а сайна хаамаш боцун дела, чIогIа ала ца лаьа суна. Амма спорт политикана юкъаизйзош хилча иза къобул деш дац баккъалла а спорт езачу наха. Хьалха ши нохчо цига ловза вахана аьлча дукха цец а девллера тхо, тамашийна а хеттера тхуна иза».

«ChechenSpot» сайто дийцарехь, Гайдамака сацам бира и клуб йохка нохчийн футболахошца хилла истори бахьана долуш. Дуьххьара оцу хьокъехь дийцарш дIахьош хилла «Бейтар» долахочо Израилерчу совдегарца Тавив Элица. Кху беттан 5-чу дийнахь Гайдамака хаам бира и клуб эца лууш стаг ца ваьлла аьлла.

«ChechenSpot» сайто дуьйцу Тамир (Тамерлан) Маджидов Оьрсийчоьнан а, Израилан а махкахо ву бохуш. Шен хенахь гIуллакх дина цо Израилан Армехь. Гайдамака бинчу хаамца, цо цкъачунна юхкуш ю 50 процент акцеш. Spot5 сайтана еллачу интервьюхь нохчийн бизнесхочо аьлла, ша коьруш вац клубан радикалан фанатех аьлла.

Цхьаболчу хаамашцакху шеран юьххьехь «Бейтар» Соьлж-ГIала ловза ялор вовшахтоьхнарг вара Маджидов Тамир.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG