Польшехь бехачу нохчийн хьал цу махкахь националистийн хьежамаш алсам мел бовлу а телхаш схьадогIуш ду. Цхьана хенахь юкъаралла а, политикан куьйгалла вуно нохчашца озабезам болуш хиллачу цу махкахь нийса бIостанехьа синхIоттамаш бу Нохчийчуьра бевдда баьхкинчу нахаца боьзна.
Карарчу хенахь Польшехь бехаш 7-8 эзар нохчий бу. Йоллучу пачхьалкхехула яьржина Iохкучу 11 мухIажарийн лагерехь, гергарчу хьесапехь 200 сов нохчийн доьзал а бу, шайх Iедало сацам баре хьоьжуш, бохуш дийцира цу махкарчу нохчийн диаспорин куьйгалхочо Ильясов Шарпуддис.
И терахь цхьатера ца лаьтта, хIунда аьлча Беларусехула Полше сехьабуьйлуш а, сехьа бовла кечбелла а кхин а дуккха а вайнах хиларна. Бакъду, тIаьхьарчу хенахь бовлане а нохчий дозанел сехьа ца бовлуьйтуш чIагIбелла Полшин доза лардаран хьукматан белхахой. Ткъа сехьабовла кадаьллачарна а тховкIело яла сихлуш дац Iедал. Иза стенца доьзна ду дуьйцу Ильясовс.
Ильясов: «ЧIогIа гIийла ду вайн хьал кхузахь. Кехаташ далар а вуно ледар ду. Тирасполехула сехьадовлар а сацийна цара. ХIунда аьлча, вайн нах цIаоьхуш бу боху цара. Шаьш хьийзош ду Iедало олий, кхуза схьа а богIий, юха «стоп» тухий цIа а боьлху боху. Я шаьш кхуза схьадаьхкича цу буьйссанехь таксица Германе дIабоьлху боху. Цигахь цхьа ах шо даьллачул тIаьхьа уьш кхуза схьа юхахьовсабо цигарчу Iедало, тIаккха юха кхузахь «Ва-а, орца дала!» бохуш, адвокаташ лоьхуш лела... ЧIогIа ледар ду-кх вайн хьал кхузахь».
Полшерчу юкъараллехь ксенофоби тIаьхьарчу хенахь алсамяьлла хиларан тоьшалла дара даханчу кIиранахь эзарнаш меттигера бахархой националистийн кхайкхамаш а беш урамашка бовлар. Нохчашна а шайна тIехь хаало и хийрачаьрга а, бусалбачаьрга а юкъараллехь яьржаш йолу гамо, бохуш дийцира Ильясовс.
Ильясов: «Къовлаелла араяьлла зуда гича туйнаш диттина меттигаш а ю, урамехь схьабогIучу вайн кегирхошна шишнаш диттина меттигаш а ю. И цхьа националистийн цабезам бу-кх цара лелош».
Вуно боккха лазам бу Полшехь нохчашна Брестехь беларусхойн-полшхойн доза а хадийна, цу махка сехьабовла гIерташ хан йоккхуш болу махкахой, бохуш дуьйцу нохчийн диаспорин векало. Шайн ка ма доллу царна гIо дан а гIерта шаьш боху цо.
Ильясов: «Оха царна ахча а дахьийтина, берашна а, царна а тIеюху хIуманаш а яхьийтина, кхузара баханчу вайн наха цигахь церан жимма самукъадаккха концерт луш хIума а дина. Далучу агIор тхайгара царна накъосталла дан гIерта тхо. Кху Полшехь бехачу нохчийн шайн а яккхий таронаш ма яций, вукху Европерчу пачхьалкхашкахь санна».
ТIаьхьарчу хенахь социалан машанашкахула кест-кеста аудиокхайкхамаш баьржа Брестехь Полше кхача Iалашонца Iачу нохчийн доьзалшкара, нохчийн а, суьйлийн а къомахчу наха шаьш дехьадохур ду шу а аьлла, Iеха а дина, ахчанаш а, документаш а схьа а даьхна, тешнабехк бина шайна бохуш.
И тайпа нехан вонах сайоккхуш болу нах дуккха бу, бохуш дуьйцу Ильясовс.
Ильясов: «Ас аудиокхайкхамаш а бинера, ма лахьара аш цу нахе ахчанаш, ма тешахьара шу царах бохуш. Цаьрга ахча дIа а лой, юха орца доьхуш хуьлу вайн нах, церан сурташ дIаса а туьйсуш, хIара стаг вевзий шуна, кхо тхан ахча даьхьна бохуш. И бахьана долуш девнаш а хуьлу. Ас юха а дехар до, ма лахьара аш цу нахе ахчанаш! Шайна мила ву ца хуучу стаге ахча муха лур ду?»